Нохчийн къоман дозалла

Эльмурзаев Бека – хелхарча, пондарча, иллиалархо, забарча, Нохчийн Республикин халкъан артист. Цуьнан цIе ца евзаш наггахь а стаг хир вацара ХХ-чу бIешеран чаккхенехь. Багара долу дош, деш долу гIуллакх цкъа а галаморзахдолуш вацара Бека. ЦIархазмана цхьа а хIума деш а вацара. ДIа мел боккху ког ша схьаваьллачу нохчийн къоман сий айдеш бара цуьнан. ДIа мел олу дош ша нохчи хиларх дозалла деш дара. ВорхIе дех дисина къоман оьзда гIиллакхаш, хIайкал санна, лардора Бекас. Кхечара а уьш иштта лардойла лууш а, тIекхуьучу къоначу чкъурана уьш марздалийта, цIийх долийта лууш, нохчийн къоман ламастийн сийлалла кхайкхош, схьавогIуш вара. Цундела, Iаламат боккха ларам бара махкахойн цуьнга. Бека ша а вара адам дукхадезаш а, гIо-накъосталла оьшучунна орцах кхача кийча а.

IЕДАЛАН КЪИЗАЛЛО ХЬАЬШНА БЕРАЛЛА

Нохчийчоьнан уггаре а хазачу маьIIехь Нажи-Юьртан кIоштарчу Гендарганахь 1936-чу шеран хIутосург (май) беттан 28-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла вара Эльмурзаев Бека. Сталин Иосифан паччахьалла чIагIдеш, каде хьийзачу НКВД-с къизалла латтайора адамашкахь. Нохчийчохь дIалахьош бара Iеламнах а, йоза-дешар девза нах а. Иштта хIаллакбеш бара халкъалахь дош лелаш болу къонахий а. ХIуьттаренна-гамонна меттанаш деттачеран эладитанашна тIетийжаш миска адам хIаллакдеш дара Советийн Iедал ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь. Нохчийн цхьа а кхерч бацара бохам керта кхачаза.

Бекин да Эльмурзаев ХуртIин садууш долчух Бека кхетта валале, немцойн фашисташа ямартлонца тIом дIаболийра. Нажи-Юьртан кIоштара дукха нах гIевттира мостагIчунна дуьхьал. Иттех стаг Гендарганара а вара царна юкъахь.

Цул ирча денош шайна гур дац моьттуш бара нохчий. Амма кхин а буьрса еара вайнахана 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-гIа Iуьйре. Сталинан лаамца махках бехира берриге а нохчий а, гIалгIай а. Ирс дайначу берех цхьаъ вара Бека. ВорхI шо кхаьчна бер дара иза НКВД-н салташа цхьа тIам лаьцна шалонна тIекхуссучу хенахь. Халкъийн мостагI лерина, шийлачу новкъа ваьккхира иза Дела воцчу Iедало. Iедалан векалшна чIогIа лиънера нохчийн къоман оьмарехь мел хилларг хьаьшна дIадаккха, хиндолчунна тIе сиз хьакха.

Амма Делан къинхетам боккха бу! Харцоно хьаьшна, мацалло гIелдина, шелоно хабийна инзаре халачу бохамашна юьхьадуьхьал ша цхьаъ дисинчу нохчийн халкъо дог ца диллира Делан диканах. Кхерамаш туьйсуш, мохь-цIогIа Iедалан векалша деттарх, Юккъерчу Азе дIахьовсийначу нохчашна хаьара рицкъа Делехь дуйла!

Веза-Воккхачу Делан комаьршачу къинхетамах дог дилла ца лаьара цхьанна а. Ткъех дийнахь некъ бича, ГIиргIизойн махка кхечира Нажи-Юьртан кIоштара бахархой. Сулюкта гIалахь дIатарбелира ЭльмурзаевгIар а. Некъан халонаша, мацалло йожийра Бекин нана. Дан амал доцуш гуонаха хьийзира Бека Iожаллин лазаро лаьцначу цунна.

Набарна ца тевжаш, нанна уллехь буьйсанаш йохура кIанта. Амма цунна мел чIогIа лаарх дарба ца хилира нанна. Хала лайра Бекас ненах валар. Хетарехь, иза йицйина зама цунна цкъа а еана яцара. Даима а кIентан ойланех хьерчара ненан васт. Мухха делахь а, и ойланаш кхуллу-кх Бекас, тIаьхьуо, шен нанна даьккхинчу иллига ладоьгIча. ХIора могIанехь хаало къастаран къаьхьа гIайгIа, ненан ховхачу безамах хьоьгуш кхиъначу кIентан дегалазам.

Вахана кхечи со суо винчу сайн юьрта,
Сан нанас хаза хьоьстуш кхиинчу метте.
Бераллехь мерза мур баьхьначу ирзе,
Сайн нана кху ирзехь гаре сатесна…

Ненан дикалла,цуьнан хаза гIиллакхаш,
Ас цуьнца яьккхина и мерза зама.
Кху ирзехь дитташ тIехь олхазарш дека…
Ткъа сан дог хьо гаре сатуьйсуш кхехка…

Хьалххе ненах ваьлла, хийрачу махкахь мел Iийшина къаьхьачу баланийн беза мохь дерриге а шен дахарехула иллиалархочо чекхбоккхуш, хетало цуьнан мукъаме ладоьгIча. Бекин дукхах долу иллеш санна, ладогIархойн синкIоргене кхочуш, дог-ойла Iовжош ду артистан ненах долу илли. Цуьнан нийсархошна карлайоккху сийначу Сибрехахь лайна халонаш а, инзаре халачу хьелашкахь хеназа дех-ненах къастар а.

Делахь а, халонаша, иэшамаша къар ца вина илланча. Цхьадолчу декъана аьтто хилла ала мегар дара ЭльмурзаевгIар гIалахь дIатарбаларна. Юьхьанца массарна санна, хала хиллехь а, берашна деша, школе даха бегIийла дара гIалахь. Оцу бегIийлех пайдаэца хьекъал кхечира ХуртIин. Цо школе дахийтира шен бераш. Хьалхарчу классе деша вахара Бека а. Сулюктахь бехаш тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш бара. Царах дукхахберш нохчий санна, бертаза схьакхалхийна немцой, корейцаш, ГIирмера гIезалой, иштта дуккха кхиберш а бара. Цаьрца гергарло тесира Бекас, делахь а, нохчийн чIогIа озабезам бара вовшашка, церан тоба барт болуш яра, цундела хIорш массарна ницкъ болуш хетара, мелла а царах оза а лора.

ДУЬХХЬАРЛЕРА ГIУЛЧАШ

Оьрсийн а, немцойн а кхечу къаьмнийн векалш суьйренца клубехь гуллора. Цигахь цхьацца тобанаш яра кхоллараллин уьйр-марзо йолуш, хелхарш, вокалан баххаш Iамош, спортаца гергарло долуш. Цига ваха сакIамделира хелхарх а, хазачу мукъамех а самукъадолучу Бекин а. Дуьнен чохь яккха йисинчу массо а ханна, Бекин иэсехь дисина исбаьхьа суьрташ дара уьш.

Цкъа мацах церан юьрта, Гендаргана артисташ баьхкинера концерт йохьуш. Бекина гинера цара пондар локхуш а, юьртахой хелхабовлуш а. Амма Димин Iумара пондар локхуш дерриге а дицделлера кIантана, ткъа Дакашев Вахин хелхар бус-буса гIенах гуш дикка хан текхира цо. Артистийн похIмано йийсаре лаьцнера кIант. Бекина чIогIа лаьара Дакашев Вахина санна хелхавала Iама. Амма махках дахаро цкъачунна дIататтийтинера Iалашо. ХIинца Сулюктарчу клубехь хелхаран мукъамаш хаза боьлча, кIентан иэсехь карладаьллера мацах виначу юьртахь гина исбаьхьа сурт. Бекина марзделира хIора суьйранна клубе вахар.

Цо леррина тергалбора шайн шайн къоман хелхарш деш болу кегийрхой. Эххар а, шен накъосташка элира цо: «Вай кхин оьшуш-м дац кхарал а, вай а дIагайта деза вешан къоман хелхар! ТIаккха шаьш деш дерг хелхар доцийла хуур ду царна».

Иза 1952-чу шеран юьххьехь дара. Нохчий а, нохчийн хелхарш а оцу муьрехь кхин генадаьккхина хьехадойла яцара. Цундела цо «Кавказан хелхарш» цIетиллар сацийра ша вовшахтухуш йолчу тобанна. Оьшург – накъостий тIеберзор дара. Уьш а дукха хан ялале, Бекин шовкъечу къамелаша тIеберзийра. Иштта, ГIиргIизойн махкахь дуьххьара хелхаран тоба вовшахтуьйхира пхийтта шаре ваьллачу кIанта. Даймахках а, цуьнан башхачу Iаламах а хьоьгуш хене буьйлучу Сулюктарчу вайнехан, чIогIа самукъадаьллера Кавказан кадечу хелхарийн зевне мукъамаш хезча.

Бекас вовшахтоьхна ансамбль ерриге а гIалахь, уллерчу кIошташкахь дукха хан ялале йовза юьйлира. Массарна а хазахетара церан хелхарш. Денна алсамбуьйлуш хьовсархой а бара. Юьхьанца хелхарчийн тобанна юкъабахка луурш кIезиг хиллехь а, тIаьхьуо, уьш алсамбевлира. Бакъду, тобанна юкъабахка луурш, дукха хьолахь, кIентий бара, мехкарий мелла а ийзалора клубе бахка, сцени тIе бовла. Цундела кхечу къомах болу мехкарий юкъаозо дийзира тобанна.

Кхиамех баккхийбеш, къоман хелхаршна «чубоьллачу» хенахь, кхин цхьа хаза кхаъ кхечира – Сталин Иосиф кхелхинера. Берия Лаврентий чувоьллинера. Iедал цул тIаьхьа мелла а малделира, нохчашна тIехь латтош хилла таIзар а дайделира.

КХИАМАН ЗОВКХЕНЕ НЕКЪ

Сталин Иосифан къизалла емалъярца шен паччахьалла дIадолийначу Хрущев Никитина дагадеара Москва, алссам хьеший а кхайкхина, Советийн Iедалан кхиамаш дIагайта. Оцу мехалчу Iалашонна массарна бегIийла хийтира кегийрхойн а, студентийн а дуьненаюкъара VI-гIа фестиваль Москвахь дIаяхьар.

1955-чу шарахь дIадолийра фестивалана кечамаш бар. Цкъа а хийрачу адамашна неIарш йоьллуш йоцу Кремль кечйира хьеший тIелаца. Дуккха гIишлош йира Москвахь. СССР-хь дехачу дерриге а къаьмнийн кегийрхойн векалш декхарийлахь бара фестивалехь дакъалаца.

ГIиргIизойн махкара йоьдучу делегацина юкъахь яра Эльмурзаев Бекас куьйгалла ден «Кавказан хелхарш» тоба. Цо фестивале дахьа кечдеш дара вайнехан ши хелхар. Къона артисташ дика кхетара, шаьш дIагойтушъерг къоман юьхь хиларх.

1957-чу шеран мангалан (июль) беттан 28-чу дийнахь, Iуьйранна итт сахьт долуш Москварчу Ленинан цIарах йолчу стадионехь (хIинца «Лужники» олу цунах) дIадолийра дуьненаюкъарчу фестивало шен болар. И стадион леррина оцу Iалашонна йина яра.

131 пачхьалкхера 34 000 хьаша вара цигахь дакъалоцуш. Бекас куьйгалла дечу тобано нохчийн шовкъе хелхар дIагайтира стадионе гулделлачу халкъана. Шина кIирнах лаьттира фестиваль. Оцу шина кIиранах хIора дийнахь Москван тайп-тайпанчу сценашна тIехь лучу концерташкахь дакъалоцуш яра «Кавказан хелхарш» тоба. Массанхьа а дика тIеоьцура вайн махкахой. Церан хелхарша йийсаре лаьцнера фестивалан хьеший. Дуккха а кегийрхой бевзира цигахь вайн махкахошна. Дуккха а гергарлонаш тесира цара. ГIелбалар, кIадбалар дага ца доуьйтуш, цхьа де санна, чехка чекхъиккхира фестивалан ши кIира.

1957-чу шеран хьаьттан (август) беттан 11-чу дийнахь чекхъелира иза. Трошин Владимира, Пьеха Эдитас хьалхара олуш, фестивалан берриге а хьешаша цхьаьна «Подмосковные вечера» йиш локхуш, дIайирзира иза. Йиш аййечу тобанца бара фестивалан лауреаташ хилла, «Кавказан хелхарш» тобанан артисташ.

Фестивалан лауреаташ хиларан дипломаш дохьуш, ГIиргIизойн махка юхабирзира вайн артисташ а.

ДАЙ БАЬХНАЧУ ЛАЬТТА ТIЕХЬ

Фестивалехь дакъалацар а, Эльмурзаев Бекас куьйгалла деш хилла тоба фестивалан лауреат хилар а лар йоцуш ца дайра.

1957-чу шарахь дай баьхначу лаьтта тIе цIабирзира ЭльмурзаевгIар. 21 шо кхаьчна вара Бека. Иза-м цу хенахь шоферан болх беш вара. Верасийн а мелла сапаргIат даьллера клубашкахь буьйсанаш ца йойъуш, Бека къонахчуьнгахь товш болчу балхана тIевирзина.

Амма дукха хан ялале, Нажи-Юьртан кIоштан комсомолан комитетехь хиира, Эльмурзаев Бека Дуьненаюкъарчу фестивалан лауреат хилар. Нажи-Юьртан комсомолан комитето чIогIа дехарш дира цуьнга кIоштара культурин болх тIелацахьара бохуш.

Колхозехь болх бар а, лаьмнийн некъашца машен лелор а дезаделлачу жимачу стагана ца лиира шоферан болх дIатаса. ТIаккха КПСС-н райкоме дIакхайкхира иза. Компартис тIедиллинарг, ца дича ца долуш зама яра иза.

Иштта, 1958-чу шарахь Нажи-Юьртан кIоштан Культурин цIийнан директор хилира Бекех. Вовшахтохараллин деза дукъ дужу цуьнан белшаш тIе. Эльмурзаев Бека дика лараво шена тIедехкинчу декхаршца. Шо шаре далале, ерриге а Къилбаседа Кавказехь юьйцуш яра Нажи-Юьртара халкъан кхоллараллин коллектив. Хелхар дар, илли алар кхечу кIошташкарчу кегийрхойчул дика нислора нажиюьртахойн. Цхьана а кепара шеко йоцуш, Бекин хьуьнарца бохуш кхиамаш бара уьш. Дуьххьара цо вовшахтоьхначу тобанна юкъахь бара похIме кегийрхой: Насаев Асламбек, Бушуев Iабдул-Хьаьжа, Дарцаев Сайд-Селахь, Дамаев Чапа, Дагуев Абуха, Булгучев Умматгири, иштта дуккха кхиберш а.

Бакъду, оцу хенахь нохчийн мехкарий атта сцени тIе бовла лууш бацара. Цундела Нажи-Юьртан кIоштийн школашкахь а, дарбанан кхерчашкахь белхаш беш болу кхечу къаьмнех мехкарий юкъаозийра Бекас. Царах яра Кучина Вера, Мусаева Людмила, Османова Ольга, иштта дIа кхиберш. Оцу тобанна, тIахьуо, юкъаеанчарах яра Пашаева Зараъ а, Межидова Хеда а.

Оцу похIмечу адамаша гIо-накъосталла деш, «Ламанан аз» ансамбль вовшаштуху Эльмурзаев Бекас. Ансамбль гIарайолу вайн республикехь а, цул тIаьхьа ерриге а Россехь а, цо жигара дакъалоцу Нохч-ГIалгIайн Республикин, Кавказан, ерригроссин хьажаршкахь, конкурсашкахь, фестивалашкахь. Даима а ансамбло толам боккхуш дIадоьрзура кхоллараллехь хьуьнарш къовсар. Керлачу иллешна дешнаш яздар а, царна мукъам баккхар а шена тIелоцура Бекас.

Тахана а вайна юкъахь дехаш ду цо даьхна иллеш. Къоначу иллиалархоша кест-кеста шайн репертуаре схьаоьцу говзанчас 50 шо хьалха даьхна иллеш. Советийн Союзан дукха а гIаланашкахь, кIошташкахь хилла нажиюьртахой концерташца. Пачхьалкхан дозанал дехьа бовлар а нисделла. Массанхьа а боккхачу кхиамца чекхйовлура концерташ. Хьовсархоша дог резадой тIелоцура
ламанхой.

1963-чу шарахь Москварчу ВДНХ-хь дIаяьхьначу халкъийн кхоллараллин Ерригсоюзан фестивалехь дакъалоцуш яра «Ламанан аз» ансамбль. Даима а санна, боккхачу кхиамца чекхъелира вайн махкахойн программа, цуьнан лаккхара мах хадош, мехала совгIаташ дира артисташна.

Хьовсаршкахь, конкурсашкахь, фестивалашкахь толамаш баха нажиюьртахой Iемина бара. Цунах уьш дукха цец а ца бовлура. Толам баккхар шайн декхар хетара Бекин накъосташна. Фестивалан коьрта программа чекхъяьлча, «Ламанан аз» ансамбль Москварчу Лихачевн цIарах йолчу автозаводе хьошалгIа кхайкхинера.

Цигахь цара йоккха концерт елира нохчийн хелхарш гойтуш, халкъан иллеш олуш. ТIаьххьара цара дIааьлларг вайна массарна дукхадезаш долу, Муталибов Зайндин дешнаш тIехь даьккхина «Дин беллачу кIентан илли» дара.

Зала чохь мел верг тапъаьлла дIатийнера нохчийн халкъан илли вайн артисташа дIаолуш. Уьш илли аьлла бевлча, дехха тIараш диттира. ТIаккха заводан куьйгалхо сцени тIе хьалаваьлла, нажиюьртахошна баркалла элира.

«Дешнех ца кхетахь а, иллин мукъамаша а самукъадаьккхи тхан, – элира хьаькама. – Тхо ирсе ду тахана шу а, шун халкъан башха кхолларалла йовзарна. Дуьйла тхо долчу кест-кеста. Ткъа хIинца тхоьгара хIара совгIат дIаэца, тхуна вас ца еш».

Сцени тIехь къамел деш волчу хьаькама ансамблан хIора артистана конверт дIаелира, 200 сом хIора чохь а долуш. Цу хенахь дукха ахча дара иза. Къемата ахча ца деллехь а, мерзачу къамелаца, дог цIенна шаьш тIеэцаро самукъадаьккхинера кегийрхойн. Кхолларалло адамийн дегнийн неIарш йостуш хиларна тоьшалла дара иза. «Ламанан аз» ансамбль дIакхаьчначохь, даима а хуьлура иштта марзо, доттагIаллин уьйраш чIагIъяр.

Нохчийн Республикин халкъан артистан Эльмурзаев Бекин синкомаьршалла, догцIеналла яра цунна даима а гIортор хилла лаьтташъерг. Къоман культура кхиаре, цо зазахецаре сатесна къахьоьгуш стаг вара иза. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 70-чу шерашкахь къона иллиалархой кхион пхьалгIа ларалуш яра «Ламанан аз» ансамбль. Халкъана, махкана цо кхиийна похIме артисташ Усманов Iимран, Абдукаримов Илес, Ахматханов Ваха, Эльдерханов Ахьмад, Идрисов Ризван, Дадашева Тамара, Озиева Маьлх-Аьзни, Межидова Кхокха, Абдурашитова Кузани, иштта дIа кхиберш.

Нохчийн къоман музыкальни культура серлаяьккхина сийлахь цIерш ю уьш. Церан кхиаран юьххьехь лаьттинарг Эльмурзаев Бека ву. Кегийрхой Iамош дIайоьду хан дукха ца хетара цунна. Музыкин баххаш довзийтарал сов, кегийрхошца хаддаза кхетош-кхиоран болх дIахьош а вара иллиалархо. Бекина Iаламат чIогIа лаьара муьлхха нохчи дешна хила, кIорггера хаарш долуш хила.

«Дешаран серлоно кхачор ду вай кхиамийн зовкхе!», – олура цо.

Халкъана, махкана дукхавеза артист даима а кхоллараллин лехамашкахь вара. Ткъех сов ду Бекас ша дешнаш яздина, мукъам баьккхина илли. Дукхахдолчаьрца забаран зIаьнарш лепа, цундела ладогIархошна дукхадеза уьш. Вайн махкахошна къаьсттина дукхадезачарах дара «Тумиша» цIе йолу илли. Шатайпа, башха аз дара Бекин. Иза мелла а гIоргIа а йишхаьлла а хеталора. Цуьнан дукхах долу иллеш моноспектакле доьрзура.

Иллиалархо хилла Iаш вацара Бека, цуьнгахь драмин актеран похIма дара, ладогIархойн ойла йийсаре лаца ницкъ кхочуш. Цундела дисина цо даьхна иллеш вайн иэсехь. Вай дийцинарг тIечIагIдеш ду цо даьккхина «Зама» илли.

Дукха хан ю Бекас иза даьккхина. 2017-чу шеран кхолламан (январь) беттан 26-чу дийнахь нохчийн къоман иллиалархо дIаваларан хьокъехь болу шийла кхаъ махкахула баьржаш, стелахаьштиг санна, синкхетам багош кхин цкъа карладевлира «Зама» иллин дешнаш…

Баккъал а сиха йоьду зама, дегаIийжамечу къестарша вай синош делхош. Дика дIалелаш вара Бека. Делахь а, кхин оьмар ца хилла-кх цуьнан. Чаккхене йирзина хилла-кх цуьнан зама, хьаналчу къинхьегаман беркате зама. Нохчийн халкъан яхь йолу кIант вара иза. Цуьнан дуьхьа ша ца кхоош ваьцна вара. 80 шо дара цуьнан. Царах 60 шо халкъан культура кхиорна дIаделлера. Йоккха а, беркате а ю цо музыкин культурехь йитина лар.

ГАЗИЕВА Аза

№61, шинара, хьаьттан (август) беттан 8-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: