Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Усмаев ВахIита Нажи-Юьртан кIошт социально-экономикин кхиоран гIуллакхашкахула йолчу ведомствошна юкъарчу тобанан кхеташо дIаяьхьира Соьлжа-ГIалахь.
В.Усмаевс билгалдаьккхира лаьмнийн кIоштан Iаламан тIаьхьалонийн яккхий таронаш хилар. Царех пайдаэцархьама, кIошт кхиорхьама дан тарлуш долу дерриге а гIуллакхаш дар тIедиллина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
«Предпринимательство, юьртан бахам, промышленность, туризм, цу юкъахь дарбанан-могашаллатояран а, кхио яккхий таронаш ю Нажи-Юьртан кIоштахь. Бакъду, къаьсттина тидам тIебахийта дезаш ду социальни дакъош, коьртачу декъана дешар а, могашаллаIалашъяр а, кхиоран гIуллакхаш», – элира В.Усмаевс.
Цо иштта билгалдаьккхира кIошт кхиоран декхарш кхочушдархьама бюджетера доцу ахчанаш – инвестицеш, кредиташ – юкъаозо дезаш хилар. Цу тайппана, йолуш йолу таронаш талла а теллина, Нажи-Юьртан кIошт кхиорехь шайн-шайна бегIийла хир ду аьлла хетарг къаста а дина, иза республикин Куьйгалхочуьнга дIакховдо (цо магадо, ца магадо хьовсархьама) деза лакхахь билгалъяьккхинчу ведомствошна юкъарчу тобанан декъашхоша.
Оцу тобанна юкъахь бу республикин цхьамоггIа министерствийн, ведомствийн векалш. Цара, лаьмнийн кIоштан экономика а, социальни дакъа а кхиорехь шайна хетарг довзийтира кхеташонехь. В.Усмаевс хIора а гIуллакхна дина билгалдахарш тидаме а эцна, кIошт кхиорехь дан дезарш къастар ду рогIера кхеташо тIекхачале.
А.ХАТУЕВА
№62, пIераска, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2017 шо