Адамаша Iер-дахарехь пайдоьцучу хIуманех уггаре шира ткъех хIума

(чаккхе)

Сурт хIотто хала-м ду цу белхан, амма тахана адамаша пайдаоьцучу хIуманех цхьаерш, Iилманчаша дийцарехь-чIагIдарехь, бIеннаш, хьовха эзарнаш шераш хьалха а хилла ю. Лахахь оха шун тидаме ехкинарш таханлерчу дийне евллачарех уггаре а шира ткъех хIума бен яц. Кхеташ ду цу хIуманех, цхьаерш билгалйинчу хенал  дуккха а хьалха юкъаевлла хила мегаш хилар.

Уггаре а  шира карта (хан – 2800 шо)

№12

Месопотамехь карийна  долу  Iилманчаша  вайн шаIарал хьалхарчу 8 – 7-чуй бIешерел хьалхарчу замане  юьгучу кхийра экъи тIехь  диллина  карта ду дуьнен чохь уггаре а  шира  лоруш дерг. Тидам тIебоьхург ду  цу  тIехь  диллинчу  Вавилонан  карти тIехь баккъал а хилла йолчу  географин объекташца  цхьаьна, цкъа а исторехь хилла йоцу объекташ а хилар.

 

 

Уггаре а шира  глобус (хан – 510 шо)

№13

Евзаш йолчарех дуьххьарлера глобус  хила ма-еззара горга хилийтархьама  иза страусан шина хIоьан шуьйрачу эханех вовшахтесна. Цул тIаьхьа гравёро горгала тIе  даьккхина  иштта шайх Шира а, Керла а  олучу дуьненан (Старый и Новый  свет) карта. Iилманчашна хетарехь, и глобус  Италин Флоренцехь йина  ю, гоьваьллачу  Леонардо да Винчин пхьалгIахь йина  хила тарлуш а ю. Сов тIех шатайпа  йолу  шира и глобус тахана  а йовр яра  аьлла ца  хета мел башхачу а вайзаманан глобусашлахь а.

Типографин кепара зорбатоьхначарех уггаре хьалхара книга (хан – 637 шо)

№14

Таханлерчу дийне  яьлла типографехь зорбатоьхна уггаре а шира  книга дуьнена яьлла Кореехь 1377-чу шарахь, дуккха а заманахь дуьххьарлера зорбатоьхна  издани ларалуш хилла  йолу Гутенберган инжил арадалале 78 шо  хьалха арахецна ду  «Чикчи» цIе  йолу и буддийски  документ. Книгех уггаре шира ю аьлла билгалъяьллачу кху книго чулоцу Буддин хьехамех (учение ) мелла а кIорга  кхета таро луш  болу  гоьбевллачу буддийски монахийн хьехамашкара хаьржина  меттигаш а, церан шайн дахар довзуьйту йозанаш а. Тахана и книга Парижан Къоман библиотекехь Iалашъеш ю.

 

Уггаре а хьалха дIаяздина рецепт (хан – 5000 шо)

№15

Къилба Междуречьехь (Южное Междуречье) баьхначу  ширачу шумераша  шайна тIаьхьа  дитина  кху  дийне  даьлла  уггаре а  шира  дIаяздина  долу  рецепт. Йий (пиво) даккхаран рецепт тIехь долу  и экъа, Iилманчаша чIагIдарехь, вайн шаIарал хьалхарчу  3000-чу шарера ю. Цу тIехь  долчу рецептан лехамаш  нийсса  кхочушбича алссам градусаш шеца  йолу йийн малар даккхало,  шена  чохь  баьпкан цуьргаш  а лелаш.

 

 

 

Уггаре а шира  музыкин  гIирс (хан – 42000 шо)

№16

Iилманчийн тоьшаллица, Германин  къилба-малхбузехь цхьана  хьеха  чохь  карийначу даьIахкан  шедаган лаххара а 42000 шо  хан ю.

Музыкин дуьххьарлера гIирсаш мамонтийн кIомсареххий, олхазарийн тIехкеххий  еш хилла боху цара  цу  заманашкахьлерачу адамаша. Iилманчех цхьаболчарна  хетарехь хомо сапиенсаша неандерталхошна тIехь толам баккха таро елларг билгал музыка ю.

ХIорш ю цхьацца хьостанаш  чохь  уггаре а шира  ю аьлла  билгалйинчу   хIуманех дукхахъерш. Ткъа  бонусна – тIаьххьара а:

 

Уггаре а шира  минерал (хан – Iилманчаша  чIагIдарехь – 4,4  миллиард шо)

№17

Автстралехь 2001-чу шарахь карийна ю хIара дуьнен чохь  уггаре а шира  минерал лерина  йолу  цирконий  минералан  цуьрг. Цуьнан Iилманчаша  хадийна  хан – 4,4 миллиард шо ду! Тахана  и ган таро  ю США-н Мэдисон гIалин университетан геологин  музейхь.

Зорбане   кечйинарг – А.МУХЬАММАД

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: