ХIокху шарахь Нохчийчуьра 2 600 стаг ХьаьжцIа гIур ву

Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин Хьаьждарехула йолчу комитетан Председатела Джовотханов Адама хаам бира, 2017-чу шарахь Нохчийчуьрчу 2 600 вахархочо Сийлахьчу Макка зерат дийр ду, аьлла.

«СаIудийн Аравин Iедало 2 600 стагана лерина квота елла вайна. Вайн махкахой хьаьждан бахийтархьама бан безаш мел болу кечамбаран белхаш бина бевлла», – элира цо.

Цо дийцарехь, Нохчийн Республикера зератхой эцна хьалхара кема дуьххьалдIа йолчу рейсаца Соьлжа-ГIалин аэропортера кху беттан 18-чу дийнахь новкъадер ду.

«ТIаьххьара тоба СаIудийн Араве яха хIоккху беттан 24-чу дийнахь новкъаер ю. ТIаьхьарчу шерашкахь санна, Герггарчу Малхбалехь гIоьртина хьал хиларна, кху шарахь а кеманашца бен гIур бац вайн махкахой ХьаьжцIа»,– элира А.Джовотхановс.

Билгалдаккха деза, хьаьждечеран аьттонна, хIора а тобанца цхьацца Iеламстаг а, лор а вахийта сацам бина Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхалло.

А.СУЛИМАНОВА

№62, пIераска, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: