Аьхкенан лагершкахь 20 эзар сов беро садоIур ду

Берийн могашалла тояран кампанин гурашкахь Нохчийн Республикин къинхьегаман, белхан меттигаш нисъяран, социальни кхиоран министерствос Нохчийн Республикин а, ГIебартой-Балкхаройн Республикин а, Краснодаран крайн а садаIаран а, могашаллатояран а учрежденешка дахийтина 7 400 бер, царах 5 000 бер дахаран халачу хьелашкахь дерш а долуш.

2017-чу шарахь садаIа а, могашалла тоян а дахийта леринарг 20 эзар бер ду. Царах 15 эзар бер я да-нана доцуш, я цу шиннах цхьаъ доцуш а, хала бохкучу доьзалшкара а ду. Цунах лаьцна хаам бира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службо.

Шелан кIоштахь берийн ши лагерь схьаеллар бахьанехь, берийн таро ю, регионера ара а ца довлуш, садаIа. ХIокху деношкахь 500 берах лаьтта хьалхара смена тIеэцна «Ламанан хьоста» лагеро. Сиржа-Эвлана уллерчу лаьмнийн исбаьхьчу меттехь ю и лагерь, дукха хан йоцуш схьайиллина ю иза.

«Ламанан хьостана» юкъайогIу вижаран-гIаттаран ялх кхузаманан корпус, кхача буу гIишло, берийн ловзаран майданаш, теннисан корт, футболан майда, арахь йолу тренажеран зал, амфитеатр, волейболан а, баскетболан а майданаш, дуьхьалонашца йолу муьшан парк, божаберашна а, зудаберашна а ша-ша къаьстина йина бассейнаш, скалодром, спортзалаш.

Билгалдаккха деза тIом хилале хьалха Нохчийн Республикехь берийн 13 лагерь болх беш хилла хилар.

I.МУРТАЗОВ

№62, пIераска, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: