Хьаьттан (август) беттан 8-чу дийнахь республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Гуьмсан кIоштарчу Ойсхарахь хилира. Цигахь иза хьаьжира гIишлошъяран белхаш бечу майданашка. Ткъа уьш оцу юьртахь дуккха а ю.
Хууш ма-хиллара, карара шо «Ойсхаран шо» ду аьлла, дIакхайкхийна ду. Цуьнан гурашкахь цигахь еш ю керла больница а, пхи эзар стагана лерина доккха маьждиг а. Цул сов, культурин цIа а, теннисан, волейболан, баскетболан, футболан майданаш а, бассейн а, тренировкаш яран зал а юкъайогIуш йолу спорткомплекс а.
Республикин гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствос 120 доьзална лерина дукхапетарийн диъ цIа а ду деш.
Автомобилийн некъийн министерствон белхалой юьртахь силаман некъаш дахкарехь а, цхьадолу некъаш шордарехь а къахьоьгуш бу. Билгалдаккха догIу оцу министерствон белхалоша цхьана баттахь Ойсхарахь 40 километр силаман некъ биллина хилар.
Цул тIаьхьа Кадыров Рамзан а, Ойсхара тояран штабан хьаькам, республикин Счетни палатин председатель Тумхаджиев Iийса а хилира керлачу «Ойсхара – Курчалойн-Эвла – Мескар-Эвла» некъа техь.
3 километр беха болу и некъ 4 аса а йолуш, шина а агIор гIашлошна а, вилспетахошна а лерина экъанийн бух болу тача долуш а хир бу. Иштта, догIа деача, оцу некъа тIехь хи ца гулдалийтаран Iалашонца 4,4 километр йохаллехь некъан цхьана агIонца бетонан апарш хIиттийна.
Оцу некъаца цхьаьна тодеш ду Р-127 (хIинццалц М-29) цIе йолчу федеральни автотрассин Нойбоьрина юххехь долу дакъа (3,3 километр). Цигара белхаш дIабирзинчул тIаьхьа 4 аса йолуш хир ду и дакъа а.
Тодеш долчу некъашка хьаьжна ваьллачул тIаьхьа Кадыров Рамзана дакъалецира Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Шелан кIоштехула йолчу урхаллин полицин меттигерчу декъан керла гIишло схьаелларехь.
Оцу гIишло чохь Мескар-Эвлахь а, Гермачигахь а, БелгIатой-Эвлахь а бакъонаш ларъеш болу белхахой хир бу.
ГIишло ши гIат долуш а, шена чохь белхан чоьнаш а, казарма а, спортзал а, ламазан чоьнаш а йолуш ю.
Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира оцу тайпа гIишлош карарчу хенахь Чуьйри-Эвлахь а, Эвтарахь а еш хилар.
Иштта, республикин Куьйгалхо хилира лекхачу гIишлойн «Шали-Сити» комплекс а, 20 эзар стагана лерина маьждиг а даран майданашкахь.
Цуьнца цхьаьна вара республикин Куйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Усмаев ВахIит а, Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам а, республикин Счетни палатин председатель Тумхаджиев Iийса а, Шелан кIоштан администрацин куьйгалхо Ибрагимов Турпал-Iела а.
Кадыров Рамзанна гIишлошъяран майданийн хьаькамаша дийцира белхаш чаккхене берза герга хиларх лаьцна. Цара билгалдаккхарехь, карарчу хенахь маьждигана тхов туьллуш а, лекхачу гIишлойн арахьара пенаш кечдеш а къахьоьгуш бу белхалой.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо баркалла элира белхалошна, арахь мел йовхо латтарх а, шайх тешийна болх кхачам боллуш а, ца сацош а барна.
Дагадоуьйту лекхачу гIишлойн «Шали-Сити» комплексана юкъа 12 гIат долу шиъ а, 14 гIат долу шиъ а, 16 гIат долу шиъ а цIа догIуш хилар. Царна юккъахь 21 гIат долу гIишло ю. Иза нохчийн бIаьвнан куьцехь еш ю. Цу чохь самукъадаккхаран а, махлелоран а комплекс а, хьешацIа а, офисаш а, ресторанаш а, кафеш а, Шелан кIоштан администраци а хир ю.
И.ИСЛАМОВ
№62, пIераска, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2017 шо