ЧIогIа мохк бегийна Чинерчу Сычуань провинцехь. И бахьанехь 19 стаг кхелхина, 300 гергга стаг лазийна, 20 эзар сов цIа дохийна. Оцу махкахь йолчу Россин посольствера бечу хаамашца кхелхинчарна а, лазийначарна а юкъахь россихой бац. Россин МЧС-о Чинин куьйгалле дIахаийтина мохк бегийча хилла зенаш дIадахарехь гIолаца ша кийча хилар.
***
Мисарарчу Синай ахгIайренехь террористаш полицин белхахошна тIелетира. Оцу тасадаларехь 4 полицейски кхелхина. Террористех хIаллаквинарг билггал маса стаг ву хууш дац. Мехкан бакъонашларъяран органаша а, нуьцкъаллин структураша а дIахьош ду тIелатар дина зуламхой лахар.
***
США тIеман база еш ю Иракъан къилбаседехь. Оцу бакъдолчо гойту Iамарк Иракъера дIаяха а, цунна беш болу тIеман тIеIаткъам лахбан а дагахь цахилар. Оццу хенахь Iамарко дIахьо Шемара тIом марсабаккхарна тIехьовсийна гIуллакхаш а. Иштта, масех де хьалха Шемарчу курдашна 120 машенахь герз даьхьна США-с.
***
Хьаьттан (август) беттан 9-чу дийнахь 70 шо кхаьчна Iамаркан кемано Японерчу Нагасаки гIали тIе атомни бомба кхоьссина. И бахьанехь оцу сохьтехь цигахь 70 эзар стаг кхелхира, цул тIаьхьа – кхин а 150 эзар гергга стаг. И де дагалоцуш тезетан митинг хилира Нагасакехь. Цигахь вовшахкхеттачара дерриге а дуьнене кхайкхам бира зарратан герзаш дIадаха, аьлла.
***
Парижана юххехь бIаьхошна машен тIетоьхна. БIаьхойх 6 стаг лазийна. Царах 2 вуочу хьолехь ву. И зулам динарг схьалоцучу хенахь полицин белхахоша цунна чов йина. Цуьнгахь герз ца хилла. Дийцарехь, иза Алжирера ву. Цкъачунна хууш дац цо машен бIаьхошна тIетохаран бахьана.
***
ОвгIанерчу террористаша йийна шайн махкахь йолчу США-н тIеман кеманийн базехь гIуллакхдеш хилла йолу кхо зуда. Оцу тIеман базина кхул хьалха а тIелатарш динера террористаша. ХIара зулам дарх долу жоьпалла тIе ца эцна я талибаша а, я террористаша а.
***
ХIара шо доладелчахьана Украинин Iедална 1 миллиард доллар делла дуьненаюкъарчу валютийн фондо. Цунна деллар кредит ду. Оцу валютин фондана юха дIадала дезар ду 1,1 миллиард доллар. Цу тайппана, шен декхаран мохь базбеш ду Украинин Iедал. И декхар дIатакха таро йолуш а яц тахана Украина.
***
Россин Президент В.Путин Москвахь цхьаьнакхийтира Санкт-Петербурган губернаторца М.Полтавченкоца. Губернатора Президентана дийцира область кхиорехь хIокху шеран ялх баттахь динчу гIуллакхех, хьалха лаьттачу декхарех лаьцна. В.Путин резахилира мехкан къилбаседера «пачхье» кхиоран боларшна.
***
Герггарчу беттанашкахь 15 процентана лахлур ду стоьмийн-хасстоьмийн мехаш. Цу хьокъехь хаам бина мехкан экономика кхиоран министерствехь. Оцу ведомствон говзанчаша чIагIдарехь хIокху шарахь Россин дукхахйолчу регионашкахь стоьмаш а, хасстоьмаш а хьийкхина кхуьуш бу.
***
Кхана Москвахь дIахьур ю авиашоу. Иза лерина ю тIеман-хIаваан ницкъаш вовшахтоьхна 105 шо кхачарна. Цига баьхкинчу хьовсархойн таро хир ю Россин тIеман кеманашка (ширачу а, керлачу а) хьовса.
№62, пIераска, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2017 шо