«Цхьа зама йогIур ю вай Даймахка юхадоьрзуш…»

Урдунехь (Иорданехь) бехачу нохчех лаьцна дерг хууш дукха хир бу вайн цIахь. Цхьаболчарна тхан дай Урдуне муха кхаьчна хилла суначул дика хууш а хир ду. Делахь а, тIекхуьуш болчу вайн кегийрхошна тхайх лаьцна дерг хаийта Iалашо йолуш Урдунера яздо ас хIара кехат.

1901-чу шарахь дуьххьарлерчу мухIажарийн тоба араелира Нохчийчуьра. Цхьа эзар хиллал болу доьзалш Хонкаран махка кхечира. ЦIера дIабахаран бахьанаш дукха дара, амма коьртаниг – «Россехь зуламе Iедал хIуттур долуш ду, оцу Iедало нахе шайн дин леладойтур дац», – бохуш эладитанаш нахана юкъахь даржор.

Оцу шарахь Хонкара кхаьчначу нохчех 120 доьзална, цигахь Iан а ца лиъна, Шема баха новкъабевлира уьш. 1902-чу шарахь Шема кхечира мухIажарш, цу махкахь кIеззиг бен ца буьсуш, дукхахберш Урдунан махка дIабахара.

1903-чу шеран зазадоккхучу баттахь кхечира уьш таханлерчу дийнахь Урдун олучу махка. Цигарчу Заркъе олучу шахьарахь туп тоьхна, баха хевшира нохчий. Цу хенахь Заркъе шахьар яцара. Цхьа а шеко йоцуш, Заркъех шахьар йинарш вайнах бу. Дахаран ерриге а агIонаш денъеш, юьртан бахам лелош, дукха къахьийгира цигахь вайнаха. Таханлерчу дийнахь Заркъахь цхьаъ ах миллион гергга стаг веха. Царах итт эзар гергга бен бац нохчий.

1905-чу шарахь мухIажарийн кхин цхьа ковр а кхечира Урдунан махка. Уьш Сувеле олучу шахьарахь баха хевшира. Иштта, 1908-гIа шо кхаччалц Урдуне дIаихира нохчий, шишша-кхоккха доьзал боьдуш.

100 сов шо ду нохчий Урдунан махкахь беха. Бусалба динан «тхов-кIело» лоьхуш арабевллачеран дахар хIумма а токхе дацара юьхьанца. ГIаш а, ворданашкахь а новкъабевллачарна юкъахь дукха кхалхарш хилира оцу бехачу новкъахь. ДIакхаьч-кхаьчначохь меттигерчу наха къобал ца беш, тийсадаларшкахь а кхелхира дуккха а нохчий. Шаьш кIезиг хиллехь а къар ца луш, яхь дIа ца луш, доьналлех ца бухуш, баха хевшира уьш.

ТIаьхьуо, Урдунан махкахь Iедал хIоттош доккха дакъалоцуш, гоьбевлла, вайн сий айъина баьхна цигара нохчий.

Урдунерчу нохчаша шайн дай баьхна латта а, ненан мотт а цкъа а бицбина бац я бицбийр бац, мел дукха хан яларх.

Дуьххьара Урдунан махка кхаьчначу нохчийн баккхийчу наха аьлларг, хIинца а дагахь ду тIаьхьенашна: «Цхьа зама йогIур ю вайн Даймохк вай юханехьа хIижрат дечохь болуш».

Таханлера де ду моьтту суна цара дийцинарг, динан маршонна а, машарна а заза даьккхина лаьтта вайн Даймохк. Де-дийне мел долу кхуьуш, хазлуш, синкхетаман бIаьцаш ю хьомечу Даймахкара схьагуш.

Дала Iалашбойла вайн хьоме Даймохк! Сан нах… сан нах… Дала Iалашдойла шу!

БАКИР Iабдул-Хьамийд

Суьрта тIехь: Нохчийчуьра гIаш Урдуне бахана нохчийн къаной

«Даймохк» №36, 2016 шо

№62, пIераска, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: