Бетин Ахьмадах дош

Нохчий Иорданехь бехаш болу 116 шо герга хан ю. Кхузарчу нохчаша лардина дайшкара дуьйна схьа долу вайн гIиллакхаш а, мотт а, къоман хаза ламасташ а, амалш а. Къаьсттина, ненан мотт безар а, шаьш иза ларар а гайтина цара.

Бетин Ахьмад 1959-чу шарахь Иорданехь вина нохчи ву. Ахьмадан деда Бети Къеди-Юьртара ву (иза 1901-чу шарахь Даймахкара дуьххьара Иордане дIакхалхинчарех ву). Ахьмад 1985-чу шарахь Иорданерчу эскаре язвелира, цу хенахь 3 мотт хууш вара иза.

Цкъа цхьана хенахь цо ойла йина хиллера, «суна-м масех мотт ма хаьа, амма нохчийн маттахь суна яздан а, деша а цахаар нийса ма дац!» аьлла. Цу хенахь нохчийн маттахь яздан а, деша а шена Iамо волавелира Ахьмад, тайп-тайпана нохчийн книгаш йоьшуш. Амма уьш йоьшуш ца девза дешнаш нислора цунна, тIаккха мотт бевзачаьрга хаттарш деш, дешнийн маьIнаш лоьхуш къахьоьгура цо. Цундела, цо нийят дилира, ша санна волчунна дешнийн маьIнаш карон атта хилийтархьама а, мотт ларбархьама а нохчийн-Iаьрбийн дошам хIоттон.

1985-чу шарахь дошам хIотторан болх болийра Ахьмада. 1996-чу шарахь дуьххьарлера нохчийн-Iаьрбийн дошам арахийцира. Юха и дошам карлайоккхуш, 2015-чу шарахь нохчийн-оьрсийн-Iаьрбийн (шолгIа) дошам арахийцира, 600 герга агIо а йолуш, 14 000 герга коьрта дош чу а лоцуш.

Иштта, 30 шо герга хан ю Бетин Ахьмада, луш мах а боцуш, ненан мотт кхиорехь сийлахь болх бен. Даймахкана генахь болу II0 шо герга хан елахь а, Иорданерчу нохчаша шайн орамаш ца дицдо. Нохчийн мотт безаран а, иза лараран а, цуьнан сийдаран а, кхидолу а дуккха а хаза масалш го вайна Бетин Ахьмадах яздан доьлча.

Дала ма эшабойла и санна болу нохчийн меттан охIланчаш! Дала и вайн хьомсара мотт а латтабойла!

ШИРДО Мохьмад

№62, пIераска, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: