Урдунерчу нохчийн Iер-дахарх дийцар

(шолгIа дакъа, юьхь – 52-чу номерехь)

…Геннара, лаьхкина берзалой санна, тIекхочуш лаьттара юьртара кIентий, шайца Исраилан ваша Абу (Абуязид) а волуш. Йовсарш-м, чан туьйсуьйтуш, тIепаза байра.

Абу вешица сецира. Вайн кIентий дошлойн лорах бахара…

Абу: Де дика хуьлда хьан, жима къонах!

Исраил: Деэшначунна гIортор хуьлда хьох!

ЧIагIвелла эскархо санна лаьттара Исраил. Хилларг-лелларг дийцира цо. Хи чу Iоьттича санна вашийначу Абун хебаршка ихинчу юьхьа тIехула хьацарш Iийдалора. Меттах ца хьовш лаьттара Исраил. Белш лоцуш ластийра иза Абус.

Абу: Дакъаза ма валарг, ладогIал соьга. Къоланаш даима а деш хиларх тешна вара со. И нах хьалабахар сацийна ахь, и дика ду, хазачу къамело Iехон а, вочу дийцаро кхерон а хан дIаяьлла хьан.

Исраил: Сайн доцу ирс цкъа а ца эшна суна.

Абу: Мелехь хир ду хьуна, дIабаханчеран метта дIахIотта, гIаролехь тхоьца дакъалаца доьгIна хилла-кх хьуна. ХIун дер тIаккха?.. Къар ца луш, маIаш Iотта кечъелла старгIа санна кIелдIахула хьоьжура уьш вайга, шайн волла бахьанехь, шаьш сийдоцуш, боьха хиларна. Меттах ца хьовш лаьттара Исраил. Белш лоцуш юха а ластийра иза Абус.

Абу: Дакъаза ма валарг, вало, юьрта дIагIор вайшиъ, кхин а хьелахь, юьртан кевнаш дIакъовлале кхуьур дац вай.

Юьртехьа дIаволавелира и шиъ. Малх, юьртана цIелла тоьхна, суьйранна дIабуза кечбеллера. Заркъана дехьа а ваьлла, тIулга тIе хиъна садоIуш вара цхьа воккха стаг. Абун воккхачу стагах бIаьрг кхийтира, вист ца хуьлуш тIехвала бегIийла ца хетта, вистхилира иза: «Суьйре дика хуьлда хьан, воккха стаг!»

– Диканца дукха дехийла шу, жима къонахий, ша шех бIобулуш хила веза кху хенналц Заркъен пенашна сехьа лаьттарг, – забар ярца жоп делира воккхачу стага.

Абу: Цхьацца йовсарш кхаш тIе гIиртинера, уьш юхатохале хан елира, цундела хьеделира тхо. Воккха стаг: Суна ма ца вевза, хьенан мила ву шуьшиъ?

Абу: Кху Заркъера ШепаI хьуна вовзахь, цуьнан кIентий ду тхо. Воккха стаг: ШепаIан кIентий ду баккъал? МашаАллахI! Мичахула, стенгахула лела сан доттагI ШепаI?

Абу: КIира хьалха кIа дохка Жолане вахана иза, схьакхачаза ву. Воккха стаг: ДIавала, деха гергарло лаьттина суний, хьан дений юкъахь, суна вевзичхьана а цхьаьна меттехь Iанне а Iийр волуш вацара хьуна и. ЦIе хIун ю хьан?

Абу: Абуязид ю, хIара сан жимах волу ваша Исраил ву.

Воккха стаг хьалагIаьттира. «Исраил ву, хIаа, Исраил ву баккъал а!.. Айса шу хьедарна ца кхерахьара цхьа хIума дуьйцур дара ас… Амма тIаккхахула дийца а мегар ду», – элира цо.

Абу: Башха чIогIа сиха а дац тхан гIуллакх… ТIаккхахула бохуш дIатетта ца оьшу. Дийцахьа, воккха стаг.

– МаьркIажехь дехха къамелаш дан хан яц, делахь а доцца дуьйцур ас, –велакъежира воккха стаг.

Абу: Сиха дац хьуна тхо, паргIат дийца ахь.

Воккха стаг: Дика ду делахь, ладогIал. ХIокху хьан жимахволчу вешина Исраилна а, шун нанна а (Дийдиган Язийра), Дала Шен къинхетам бойла цунах, тIехIоьттина сурт коьртера цкъа а дIадолуш дац суна. И дара хIара Исраил, ши шо кхачаза бер, коган пхьид йойна, шен ненан цIийх вуьзна, ша байлахь висарна цIийзаш, шен еллачу ненан некха тIе веттавалар. И дара хьуна, Сувейлехь, масийтта шо хьалха. Цу дийнахь шайна ца йогIург яккха Сувейле юьртана тIегIоьртинера Iаьрбий, амма вайнах къар ца белира. ТIом дIабоьдура, массара а бохург санна дакъалоцуш. Шайн доьзалш, шайн жа, даьхни лардеш шайн синош а, догIмаш а ца кхоош, дIабаьхьира нохчаша тIом. Божарша, къона а, къена а башхалла йоцуш, шайн тоьпийн дIаьндаргаш цIийзуьйтуш, таррашка а, шаьлтанашка а суьйнаш туьйсуьйтуш, зударша а, зудбераша а оьшург тIекхоьхьуш, хIоъ-молха латтош, тIелеттарш юьртах бевлла къайлабовллалц дIабаьхьира тIом. Иштта, цу дийнахь тIелатаро масех къонах декъалвира. Циггахь Исраилан коган пхьидах чекхъиккхина дIаьндарг, тIе йоза яздеш санна, ненан кийрах кхийтира. ТIекхечира со, го бина боьлхуш зударий болуш, сауьйзуш Iуьллучу Язийрина. Шен цхьа куьг даг тIе лаьцна, шолгIачу куьйгаца Исраил маракъуьйлуш яра иза. ЧIогIа ветталора мисканиг шен ненан некхах.

ТIаьххьара а хьажопIелг а айбина, «ашхIад» а далийна, дIакхелхира пекъар. Бехк ма биллалаш, дагна хилла лазам карлабаккхарна… Хьо хIетахь жима вара, Исраил, хьуна дагадогIур дац, амма хьуна, Абуязид, иза дагадогIуш хиларх тешна ву со.

Абу: ДогIу дера! ХIун дер тIаккха?.. Хьуна ма-гарра, ишттаниг кху дуьненахь вехаш волчунна газа дуьсур дац-кх.

Къамеле ваьллачу воккхачу стага юха а дийца долийра: – Мел еха ойлаярх, ца кхетара со аьлча нийса хир дац, – жима сецна-а, юха а вистхилира – амма, дIо геннара Кавказан лаьмнаш а дитина, бевзарш, безарш а битина, цхьа а гергара стаг юххехь воцуш, кху махка схьакхаччалц иштта беха некъ бар хIумма а атта-м дацара. Юьхьанца реза ма яцара Язийра, шайн мохк а, шайн нах а битина, Шела а йитина, ШепаIца хIара беха а, кхераме а некъ бан. Дан хIума дацара. ШепаIа, Iусмин юьртан маьждигехь мурдаш гулбеллачохь, шайн шайхана дош деллера хIижрат дан. Цу дашо вихкинера иза. Шен дош лардан хIара ша бина некъ юха а уьттаза бийр бара цо. Цу сихачу муьрехь ШепаIана а, и санна болчу нохчийн дуккха а мухIажаршна а ца моьттург-м хилира.

Делахь а, Язийрас ша йогIур яц шега аьлча, ШепаIа шайн кIант а эцна, ша новкъавала сацам бар хаийтира. Дог кIадделла, кIантах ца яла кхин некъ а ца карийна, реза хилира. Шен Iожалла тIехIотта цхьа бахьана хилла хир ду-кх. Юьхьанца дуьйна дерриге а къахьегар дара цуьнан, пекъар, амма Дала сина тIе ца дуьллу цуьнан лан ницкъ кхочург бен.

Шен бIаьргаш тIе шен ши куьг диллина, жимма хан яьккхира воккхачу стага, эххар, хаза тамехь вела а къежаш, ша-ша меттавалийра цо.

ТIаккха шен ши куьг айбина доIа дира цо: «Йа Аллах, Веза Дела, Воккха Дела, тхо гуш ду-кх Хьуна, Йа АллахI, тхо бехке ма делахь, тхо дицделча а, я гIалатдевлча а, тхо кхиош-кхобурш верг Ву-кх Хьо. Ахь тхуна тIе ма йиллахьа хало, Ахь тхол хьалха баханчарна тIе йилларх терра, Йа АллахI, Веза Дела, хьалхадахалахь тхо оцу балех, гечделахь тхуна».

Шен доIа дерзийна, вистхилира воккха стаг: «Дуьйлало, хан яьлла, вайна ламазан хан тиллале, шайн кечамбе».

IУСМАН Басил

№62, пIераска, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: