Дешаран керлачу шарна кечам бо

Дешаран керла шо тIедогIуш хиларца доьзна, хIора а шарахь санна, хIокху шарахь а Соьлжа-ГIалин школашкахь дIахьош бу уьш тояран а, хазъяран а, цIанъяран а белхаш.

ХIинцале а маса школа кечйина яьлла а, маса йисина а, муьлхачу школашкахь уггаре а ледара хьал ду а – и дерриге а хааран лаамца тхо хилира Соьлжа-ГIалин мэрин Дешаран департаментан гIишлошъяран отделан куьйгалхо Тунжиханов Майрбек волчохь.

– Вайна ма-хаъара, дешаран керла шо тIекхачале хIора а шарахь школаш цIанъеш, хазъеш, тоеш белхаш дIахьо. Иштта, хIокху шарахь июнь (асаран) беттан хьалхарчу деношкахь дуьйна дIаболийна школашкахь и тайпа белхаш. Цкъа хьалха, хIора а школехь дан дезарг билгалдоккху оха. Масала, цхьайолчу школашкахь кIеззиг куьг тоьхчахьана, кхин чолхе белхаш бан оьшуш хьал а ца хуьлу, ткъа кхийолчу школашкахь дан дезарг алссам хуьлу. ХIокху шарахь Соьлжа-ГIаларчу 53 школех юкъара яьлларг 2 школа ю. Цигахь дика хьал хилла хилар дара цуьнан бахьана. Ткъа кхечу школашкахь хьаьттан (август) беттан 2-чу денна тIекхочуш жигара къахьоьгуш бу белхалой, дешархой цIеначу а, хазачу а классаш чу бахийтархьама. Ас лакхахь ма-аллара, цхьайолчу школашкахь къаьсттина дукха къахьега дезаш хуьлу. Масала, Соьлжа-ГIалин №7 йолчу школехь цIенкъеш а хуьйцуш, керамикин экъанаш а йохкуш баккхий белхаш бу дIахьош. Иштта, вайн заманахь, хууш ма-хиллара, денна а керланиг ду юкъадалош. Царах ду керла юкъадевлла долу стогарш хIиттор. ХIора а школехь хьалхалера стогарш керлачаьрца хийцина. Соьлжа-ГIаларчу №48 йолчу школина керла гIишло ю еш, дешаран керлачу шарна иза кийча хIирг хиларх тешна ду тхо, – дийцира цо.

Соьлжа-ГIалин №20 йолчу школехь долчу хьоло тхуна гайтира белхалой, шаьш дийриг вуно лерина, тIаьхье дик хир йолчу агIор, беркате куьг тухуш бохкуш хилар. Пенаш кир тоьхна а, цIенкъанашна оьшучохь сира хьаькхна а дара, иштта шаьш даза дисинчунна тIехь белхаш беш бара уьш.

Белхалоша динчух а, цара даза дисинчух а лаьцна иштта элира оцу школин директоран заместитела Ибрагимов Мохьмада: – Школехь белхаш дIаболийначу хенахь дуьйна а белхалой жигара къахьоьгуш бу. ХIинцале а дан кхиънарг дуккха а ду, дан дисинарг башха дукха а дац. ЦIенкъанаш цIена яра делахь а, цхьайолчу меттигашкахь экъанаш йоьхна, лилхина хилла. Церан метта керла экъанаш ехкина а девлла. Иштта, школин актови а, спортан а залаш кечйина. Школи чохь белхаш бина ца Iаш, арахь йолчу газан биргIанашна а сир хьаькхна, арахь йолу спортан майда а цIанйина.

№20 йолчу школехь белхаш чекхбаха царна йисинарг дукха хан яц. Оцу школин а, Соьлжа-ГIалин кхийолчу школийн а белхалойн жигаралла а, уьш жоьпалле хилар а бахьана долуш, дешархойн таро хир ю шайн дуьхьа хазйинчу школашка хазахетарца бахка.

З.ЛОРСАНОВА

М.Юнусовн суьрта тIехь: №20 йолчу школехь

№62, пIераска, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: