Карарчу шеран мангалан (июль) беттан 20-чу дийнахь Йошкар-Олахь хиллачу Къаьмнийн юкъаметтигашкахула йолчу советан кхеташонехь Россин Федерацин Президента Путин Владимира къобал а йина, куьг язйина кхиазхошна юкъахь Россин къаьмнийн культура а, истори а йовзийтаран «Маяки дружбы. Башни Кавказа/Культура Кавказа – 2017» проектана.

Цу декъехь презентаци хилира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствехь.
Цигахь дакъалоцуш вара оцу проектан Нохчийн Республикехула волу векал Бугаев Джамлайл, Нохчийн Республикин альпинизман а, спортан туризман а Федерацин председатель Баканаев Рамзан, Къилбаседа Кавказан Журналистийн аАссоциацин председатель Заурбеков ИбрахIим, историн-архитектурин а, Iаламан музейн-заповедникан а директор Джабраилов Сайд-Эми, республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министверствон юкъараллин цхьаьнакхетараллашца зIенашлатторан отделан хьаькам Бельтиев Ислам.
– ХIара санна йолчу проекташа Россин кхиазхошна юкъахь уьйр тосу. Вовшийн гIиллаккхаш, культура йовзаро юкъаметтигаш аьхна йо. Бусалба а, керста а нехан цхьатерра бакъонаш ю Россехь. Иза иштта хила ца луучара Россехь дехачу къаьмнийн истори, культура ца хууш болу кегийрхой Iехабо, цундела оьшу маьIне проекташ дIаяхьар. Тхан министерствос гIо-накъосталла дийр ду вайн республикехь волонтерийн белхаш дIахьон болчу студенташна, – элира Бельтиев Ислама.
Нохчийн Республикехь оцу проектана юкъаяхана ЧIебарлойн кIоштара «Къоьзан» гIап а, Хой юьртара «Хойн гIаролхой» а олу меттигаш.
Москварчу ВУЗашкарчу 40 студента дакъалоцур ду Къилбаседа Кавказехь дIахьон йолчу оцу проектехь. 8 регионерчу 40 студентех дакхетар бу уьш.
Дагестан – Къилба ХIирийчоь «Ламарой», Нохчийн Республика – Кхарачой-Чергазийчоь «Къонахий», ГIалгIайн Республика – ГIебартойн-Балкхаройчохь «Хьеший», Къилбаседа ХIирийчоь – Адыгейчоь «Аьрзунаш» тобанашка дIасабекъна студенташ, хIора республикера 5 векал а волуш, Москварчу ВУЗашка 10 студент а волуш. 20 стагах лаьтташ хир ю хIора а тоба.
Говзанчаша Iуналла а деш, Къилбаседа Кавказехь йолу культурин шира хIолламаш, бIаьвнаш, иштта дуккха а кхин меттигаш нехех дIацIанъеш, церан истори Iамош, шаьш дакъалоцуш йолчу республикин культура а, гIиллакхаш а Iамор ду цара.
– ХIокху проекто доттагIаллин зIе тосур ю студенташна-волонтерашна юкъахь. Делккъалц гIодаран белхаш бийр бу цара, цул тIаьхьа экскурсеш йийр ю меттигерчу историн-архитектурин комплексан белхахошца, ткъа культурин белхахоша концертни программаш гойтур ю, – бохура Бугаев Джамлайлас.
ХIора а студента шена хетарг а, керла девзинарг а дIаяздийр ду шен тептара тIе. Проект чекхъяьллачул тIаьхьа церан йозанаш вовшах а тоьхна, бинчу белхан мах хадор бу. КхидIа а студенташна юкъахь иштта проекташ дIаяхьар мехала хир ду я дац хуур ду тIаккха.
ВЕГИЕВА Макка
№62, пIераска, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2017 шо