Хиъча дика ду ингалсан мотт

Нохчийн Республикин Къоначу хьехархойн ассоциацис а, ингалсан меттан «Express English School» школо Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон гIоьнца дIахьош ю «I have discovered it thanks to my English» (Ингалсан мотт бахьанехь схьаделаделла суна дерриг) конкурс.

Конкурсан вовшахтохараллин комитетан хаамца, конкурсан толамхочун аьтто хир бу Ингалсан пачхьалкхан тоьллачу школашкахь шайн ингалсан мотт зуьйш шина кIиранах практикехь хила.

Конкурс вовшахтохаран Iалашо ю хьехархочун говзаллин а, ингалсан меттан сий айъар а, хIунда аьлча, ингалсан мотт 2022-чу шарахь дуьйна ЕГЭ-на юкъахь хирг хиларна.

«Сочиненийн теманаш тайп-тайпана ю, адамийн дикалла йийцарна, Россехь хуьлучу хийцамийн биста кхаччалц», – хаам бо министерствос.

Ткъа конкурсан лехамаш иштта бу: Конкурсехь дакъалаца бакъо ю 35 шо кхачаза болчу ингалсан меттан хьехархойн а, кхечу меттанийн факультетийн студентийн а (Нохчийн Республикехь Iаш болчеран). ШолгIа, шайн белхаш (сочиненеш) хьаьттан (август) беттан 15-гIа де кхаччалц хIокху электронни адреса тIе: ampchr@mail.ru дIатаса беза.

Язйинчу материалан барам 550 дашал сов хила ца беза. Ша къаьстинчу кехата тIехь конкурсан дакъалацархочо шех лаьцна хаам бан беза.

Текст ингалсан маттахь хила еза, цул сов инстаграм чохь зорба тоьхна, видеопрезентаци йина хила беза. Хууш ма-хиллара, инстаграмчу хIоттош йолу видеоматериал 1 минотал еха ца хуьлу. Цуьнан хэштегаш иштта ю – #АМПИР, #МОН95, #EES_FS, цул сов, хIора агIонна тIехь билгало @ibaykhanov, @fmpchr95, @expressenglishschool билгалонаш ян а еза.

Конкурсан комиссис болх бийр бу шен коьртехь дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал волуш.

Комиссис билгалвоккхур ву коьрта кхо толамхо.

З.ХИЗИРОВА

№62, пIераска, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: