Тхан рузма

Хьаьттан беттан 11-гIа де, 1949-гIа шо. Казахстанан Чимкентан областан Сас-Тюбе юьртахь вина Исмаилов Абу, Нохчийн Республикин халкъан яздархо. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделенехь.

Къинхьегаман некъ дIаболийра 1967-чу шарахь Хьалха-Мартан кIоштан Мартанчу юьртарчу юккъерчу школехь юьхьанцарчу классийн хьехархо волуш. Цул тIаьхьа болх бира гIишлошъяран декъехь.

1975-чу шарахь дуьйна жигара доккху кхоллараллин хьаьрмахь къахьегар. Книгийн издательствехь корректор, редактор, хаамийн гIирсашкахь, «Орга» журналан поэзин отделан редактор волуш белхаш бина цо.

1964-чу шарахь «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетехь зорбане елира поэтан дуьххьарлера стихотворени. ХIетахь дуьйна цуьнан стихаш, дийцарш, пьесаш зорбане юьйлу муьран зорбанехь, юкъарчу гуларшкахь. «Бирдолаг», «Дош», «Йозанаш» (шина томехь) книгийн автор.

Хьаьттан беттан 13-гIа де, 1936-гIа шо. Шелан кIоштан Жимачу АтагIахь вина Кадиев Мохьмад, Россин Федерацин хьакъволу лор. Дешна Фрунзе гIаларчу (хIинца Бишкек) ГIиргIизойн пачхьалкхан медицинин институтехь. Белхаш бина Курчалой-Эвларчу больницин (1961–1974-гIа шераш), Шелан кIоштан (1974–1977-гIий шераш), Соьлжа-ГIаларчу лоьраллин сихачу гIоьнан больницин (1978–1990-гIа шераш) коьрта лор волуш.

Нохчийчоьнна уггаре хала а, хьовр-зIовре а даьхкинчу 1990–1995-чуй шерашкахь Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министр лаьттина. 1997-чу шарахь дуьйна еххачу хенахь инфекционни цамгарийн Республикин туьшан коьрта лор волуш болх бина.

Республикин могашалла Iалашъяран декъехь бинчу белхан лаккхара мах хадош, Кадиев Мохьмадна совгIаташ дина «РСФСР-н хьакъволу лор», «Нохч-ГIалгIайн АССР-н хьакъволу лор» сийлаллин цIерш яларца, шен заманахь СССР-хь уггаре а деза совгIат лоруш хиллачу Ленинан орденца, «За трудовую доблесть» мидалца, дуккха Сийлаллин грамоташца».

Хьаьттан беттан 15-гIа де, 1930-гIа шо. Веданан кIоштан Дишни-Ведана юьртахь вина Арсанукаев Шайхи, Нохчийн Республикин халкъан поэт. Дешна Семипалатинск гIаларчу финансийн техникумехь, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетехь.

Белхаш бина Веданан кIоштан финотделан заведующи, «Колхозан дахар» газетан редакторан заместитель, Нохч-ГIалгIайн книгийн издательствехь редактор, «Орга» альманахан коьрта редактор, Нохч-ГIалгIайн АССР-н Яздархойн союзан правленин председатель, Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн литературин, фольклоран кафедрин доцент волуш.

«Лаьмнашкахь Iуьйре» цIе йолу стихийн хьалхара гулар араяьлла 1965-чу шарахь. ХIетахь дуьйна цо арахецна стихийн, поэмийн ткъех гергга гулар. «Тимуран тур» стихашкахь повестан, ткъа иштта нохчийн литературехь дуьххьара стихашкахь язйинчу «Кхолламан сизаш» романан автор а ву.

2009-чу шарахь зорбане яьлла поэтан хаьржинчу говзарийн ши том («Сийна гене», «Уьш хийца тарлуш дац»).

Кхоллараллин белхан лаккхара мах хадош, 1980-чу шарахь «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», 1989-чу шарахь «Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан поэт», 2005-чу шарахь «Нохчийн Республикин сийлахь гражданин», 2007-чу шарахь «Нохчийн Республикин халкъан яздархо» сийлаллин цIершца а, 2009-чу шарахь «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца а совгIаташ дина поэтана. Кхалхар хилла 2012-чу шарахь.

№62, пIераска, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: