Дешархойн кхиамаш

Дукха хан йоцуш Къилбаседа ХIирийчуьрчу Буру-ГIалахь дIаяьхьира Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу юкъарадешаран учрежденешна юкъара халкъийн ловзарийн, спортан латарийн VII-гIа фестиваль.

Оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш вара вайн республикера 26 спортсмен. Къийсадаларш деа дийнахь дIадаьхьира. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь финалехь толам баьккхина, Хьалхара меттигаш ехира вайн махкахоша: А.Лорсанукаевс (38 кг.), А.Ибрагимовс (42 кг.), Р.Арсанукаевс (68 кг.), С.Алиевс (42 кг.).

ШолгIачу меттехь бара: У.Эскерханов (35 кг.), А Хазаев (63 кг.).

КхоалгIа меттигаш кхечира Х.Бабуевна (54 кг.), А.Архиевна (38 кг.), А.Абуевна (50 кг.).

Иштта, дика кхиамаш баьхна цIабирзира вайн спортсменаш. Ткъа и дерриге а дозуш ду, уьш Iамийначу церан тренерех. Уьш бу: Х.Герасаев, А.Макаев, Р.Тутаев.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА

№62, пIераска, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: