Нохчийчоьнан команда – хьалхарчу меттехь

Магасехь (ГIалгIайчоь) чекхъяьлла Россин Турпалхочун Осканов Суламбекан сийнна лерина йолу боксехула СКФО-н чемпионат. Къийсадаларшкахь дакъалецира Къилбаседа Кавказан федеральни округан ерриге а регионашкарчу 100 сов спортсмена.

Боккхачу кхиаме кхаьчна оцу турнирехь Нохчийчоьнан боксераш – командашна юкъахь хьалхарчу меттехь ю Нохчийн Республикин команда.

Ерриге а 13 мидал яьккхина цара – 9 дашо, 1 дато, 3 йоьзан. Ша аьлча, шайн-шайн йозаллин категорешкахь дашо мидалш яьхна Абумуслимов Ислама (49 кг.), Абдурашидов Маьхьдис (52 кг.) Айдамиров Абубакара (60 кг.), Абдурашидов Iадлана (64 кг), Мальсагов Шемала (69 кг.), Тапаев Iабдул-Керима (75 кг.), Исмаилов Iелас (81 кг.), Дзангиев ИбрахIима (91 кг.), Гаджиханов Сулимас (91 кг.сов).

Хатаев Шемала шолгIа меттиг яьккхина, ткъа Демильханов Iараба, Шахманов Iийсас, Хамзаев Бислана – кхоалгIа.

Спортсменашца цхьаьна оцу кхиаман дакъа кхочу Нохчийн Республикин боксехула вовшахтоьхначу командин коьртачу тренерна Мусхаджиев Рамзанна, тренерна-консультана Савин Геннадийна.

СКФО-н чемпионатан толамхоша дакъалоцур ду кестта Соьлжа-ГIалахь дIахьур йолчу Россин чемпионатехь.

Хь.АБАЕВ

№62, пIераска, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: