«Берлин-Москва» доттагIаллин автопробеган дакъалацархой – Соьлжа-ГIалахь

Дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIаларчу мэрина хьалхарчу майданахь доттагIаллин автопробег «Берлин – Москва» аьлла йолчу автомобилийн пробеган дакъалацархойн цхьаьнакхетар хилира.

Циггахь «Соьлжа-ГIала – бIаьхаллин сийлаллин гIала» хIолламна хьалха зезагаш а дехкира цара.
Европин а, Россин а дуккха а векалш бара автопробегехь дакъалоцуш.

Соьлжа-ГIалин мэран заместитела Панасенко Игорьс баркалла элира пробеган дакъалацархошна.

– Россин а, Европин а юкъараллин доттагIаллин уьйраш чIагIъярехь доккха маь1на леладо ишттачу цхьаьнакхетарша. Шу иштта хIокху гIуллакхна муьтIахь хилар воккхавево со. Нохчийн халкъо тIеман кIуьрлахь дуккха а баланаш лайна дIаяхначу заманчохь, делахь а турпалаллица чекхбевлла оцу халонех. Цундела вай лара а, сий дан а хьакъ ду нохчийн халкъ, – элира И.Панасенкос.

Цо иштта билгалдаьккхира Европерчу юкъараллина Нохчийчохь долу хьал кхераме хетар нийса цахилар: «ХIокху автопробегаца иза бакъ цахилар царна дIа а хоуьйтур ду аш», – элира цо.

Автопробеган дакъалацорхоша дийцарехь, уьш Нохчийчу бахка кхоьруш бара. ХIунда аьлча, Малхбузе Европехь дукха дуьйцу кхузара хьал кхераме ду бохуш. Ткъа хIокху махка схьакхаьчначул тIаьхьа и бакъ цахиларх а кхетта, цул сов, кхузара культура, гIиллакхаш, дерриге а тамехь хетта царна. Шайн доьзалшца юха а кхуза а бахка лаам болуш хилар хаитира цара.

«Берлин – Москва» автопробег шолгIа дIахьош ю Нохчийчохь. Россиний, Германиний юкъара доттагIаллин зIенаш чIагIъян а, халкъашна юкъахь доттагIалла, машар хилийтар а ю оцу гIуллакхан коьрта Iалашо.

Автопробеган дакъалацархоша Соьлжа-ГIалин коьртачу урамашкахула байракхашца кечйина машенаш хахкарца дерзийра цхьаьнакхетар.

Хь.ДАУДОВА

№62, пIераска, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: