Наркотикаш схьаяьхна
«Мак-2017» цIе йолчу операцин гурашкахь, Невран а, ТIехьа-Мартан а, Соьлжан а кIошташкахь оперативни-профилактикин мероприятеш дIахьочу хенахь полицин белхахошна 4 меттехь тосаделла бакъо йоцуш наркотикаш лелор. Цунах лаьцна хаам бо Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пресс-службано.
Юккъерчу барамехь, полицин белхахоша, 1966-чу, 1970-чу, 1984-чу, 1989-чу шерашкахь бина болчу республикин бахархошкара схьаяьккхина 190 грамм хиллал йолу кIомалан а, марихуанин а шатайпа хьожа йолу ораматех схьаялар долу хIума.
Карарчу хенахь схьаяьккхина йолу хIума Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон экспертийн-криминалистикин туьше таллам байта дIаяхьийтина.
Къола дарна мукIарло дина
Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжа-ГIалехула йолчу урхаллин №3 йолчу полицин декъан белхахоша оперативни-лахаран мероприятеш дIахьочу хенахь сацийна лохуш хилла волу вахархо.
1994-чу шарахь вина волу жима стаг полицин белхахоша сацийна республикин пачхьенан вахархочун долахь йолчу «КАМАЗ» машенан ши аккумулятор лачкъорна шеко йолуш.
Вахархочо ша къола дарна мукIарло дина, цунна тIедиллина полицин декъе тIевар.
I.МУРТАЗОВ
№62, пIераска, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2017 шо