Лулахой болчохь

Маьждигана а, килсана а – совгIаташ

КАВКАЗСКИ поселок. Дукха хан йоццуш ша Кхарачойн-Чергазийн Республике ваханчу хенахь РФ-н Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолу векал Белавенцев Олег оцу поселкерчу маьждигехь а, килсехь а хилира.

Цо тидам тIебахийтира и шиъ юх-юххехь лаьтташ хиларо республикин халкъашна а, динашна а юкъахь машар а, барт а хилар гойтуш хиларна. Россин Президентан векал цхьаьнакхийтира динах тешаш болчаьрца, маьждиган имамана а, килсан мозгIарна а Къуръан а, Инжил а делира.

Поселкан бахархошка дийцира шайна юккъехь кхоллаелла дика юкъаметтигаш тIейогIучу хенахь а ларъяр, шайн Даймохк ларбар. Билгалдоккхур вай КЧР-н Прикубанан кIоштан туш йолчу Кавказски поселкехь бехаш болчу тайп-тайпанчу къаьмнийн векалша бертахь дахаран башха масалш гойтуш хилар. Цунна къеггина тоьшалла ду бахархойн лаамца цхьана урамехь керла маьждиг а, килс а йина хилар, уьш деш бусалба а, керста а динехь болчара цхьаьний бертахь дакъалацар.

Лаьмнийн дежийлашкахь

НАЛЬЧИК. ДIадаханчу шарца дуьстича, ГIебартойн-Балкхаройн Республикехь кху шарахь лаьмнийн дежийлашкахь даьхнилелоран сурсаташ дахар 135 процентана алсамдаьлла. Бежнаш лаьмнашка хьаладигчахьана цигахь яьккхина 2 610 тонна шура а, 770 тонна жижиг а. КБР-н Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службера бечу хаамашца, регионан лаьмнашкахь 140 эзар гектарал сов майданаш дIалоцу дежийлаша.

Карарчу хенахь цигахь 90 эзар коьртал сов бежнаш ду. Республикехь кхиамца гIуллакх деш ю доьзалан даьхнилелоран фермаш. Юьртабахаман коопераци кхиоран гурашкахь меттигерчу Iедало даьхнилелорхошна дуьххьалдIа, хIокху цхьана шарахь, гIо дина 180 миллион соьман барамехь ахча даларца. Цунах дикка дакъа кхаьчна шайн гIуллакх дан буьйлалуш болчу даьхнилелорхошна а.

БегIийлийн туш

МАГАС. ГIалгIайчохь Минскан тракторийн заводан техника, тIаьхьалонан меженаш йохкаран а, технически хьашташ кхочушдаран а туш схьаелла барт хилла кху деношкахь. Хьокъала боллучу бартана буха куьг яздина регионан куьйгалло а, Беларусерчу заводан векала а.

Цуьнца нийса а догIуш, Минскан тракторийн заводан ГIалгIайчохь ерриге а бакъонаш шен карахь йолуш йолчу «МТЗ-Сибирь» юкъаралло республикина латтор ю МТЗ «Беларусь» тракторш а, тIаьхьалонан меженаш а, тIаьхьатосуш болу гIирсаш а.

«ТД НТЗ–Сибирь» юкъараллин генеральни директора Белайц Дмитрийс чIагIдарехь, тайп-тайпанчу модификацийн цхьа бIе сов товарашна лерина складаш, меттигера а, гуонахарчу регионийн а хьашташ кхочушдаран сервисан туш схьаелла билгалдо цигахь.

Технопарко бина пайда

СТАВРОПОЛЬ. 2016–2017-чуй шерашкахь крайн тайп-тайпанчу тIегIанийн бюджеташка 17 миллион соьман барамехь налогийн ахча охьадиллина «Мастер» технопарко. Ткъа тIедогIучу шарахь и терахь 36 миллион соьме дIакхачо билгалдина.

Регионан индустриальни технопаркан куьйгалхочо Стеблов Максима чIагIдарехь, тахана технопаркехь гIуллакх деш ву 39 резидент. ГIалахь бегIийла хьелаш кхолларехула йолчу программин гурашкахь цара кечйо паркашна, скверашна лерина промышленни къуьданаш хинйолчу теплицашна композитни арматура, кхиболу гIирсаш Производствона реконструкци яран боккха болх бу хьалха хиллачу «КАМАЗ» заводан латтанаш тIехь бан безаш. Проектаца билгалдинчу хьалхарчу рогIан декхаршца нийса а догIуш, битаме ялийна 19 эзар квадратан метр производствон майданаш.

Кху шарахь кечйийр ю кхин а 42 эзар квадратан метр (шолгIа рагI). Ткъа кхоалгIачу рогIехь 2019-гIа шо чекхдалале резиденташна 51 эзар квадратан метр шена чулоцуш йолу производствон корпус йина ялийта Iалашо хIоттийна. Оцу балхо таро хуьлуьйтур ю 96 миллион соьме кхаччалц регионан бюджете налогийн ахча охьадилла.

Аренийн сурсатийн шорто

ХIИНЖА-ГIАЛА. Кху шарахь Дагестанехь 15 526 гектара тIехь кхиийна тайп-тайпана хасстоьмаш, стоьмаш. Эрна ца дайна аренашлелорхоша хьегна къа – хIинцале а 553 эзар тонна гергга сурсаташ гулдина регионехь. Оцу кхиамна юкъа уггаре йоккха хазна йиллина Дербентан, Хасавюртан, Магарамкентан, Кизилюртан кIоштийн латталелорхоша.

Регионан юьртан бахаман министерствон хаамашца республикехь гулйина 108 эзар тонна картолаш (4 876 гектар). Цу тIехь хьалхе кхочу Хасу юьртан а, Дербентан картолашлелорхошна а.

Республикехь 9 458 гектар майданаш дIалоцу стоьмийн культураша. Цкъачунна долчу терахьашца цигара 78 эзар тонна гергга тайп-тайпана стоьмаш гулбина. Цунах алссам дакъа кхочу Магарамкентскан, Сулейман Стальскан кIоштийн бошмашлелорхошна.

Хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА

№62, пIераска, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: