Исмаилов Абу

Дала шена йиллинчу хенахь дуьнен чохь веха стаг. Доьзал а кхиабо, ша мел веха цунна напха а лоху. Воккхангахьа лестича, цкъацкъа ойла йо цо: дуьнен чохь ша яьккхинчу хенахь хIун дика дина ас, сайл тIаьхьа хIун дуьту ас, олий.

Оцу декъехь шен халкъана а, доьзална а хьалха юьхьIаьржа хир вац Исмаилов Абу. Iилманан боккха, вайна чIогIа оьшуш болу болх бина цо: арахецна «Дош» цIе йолу нохчийн-оьрсийн дошам. Цул сов, дика кхиамаш бу литературин кхоллараллехь а.

Цуьнан проза а, поэзи а, берашна лерина язйина произведенеш а боккха тидам тIебохуьйтий, йоьшу литература езачара.

«Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк» газетехь Абуца цхьаьна белхаш биначу тхуна а боккха юьхькIам бу яздархочун, поэтан, юкъараллин деятелан нохчийн-оьрсийн дошам кечъярехь а, литературин кхоллараллехь а болу кхиамаш, дахарехь а, юкъараллехь а болу сий-ларам.

Исмаилов Абу вина 1949-чу шеран хьаьттан (август) беттан 11-чу дийнахь Казахстанерчу Чимкентан областан Сас-Тюбе олучу меттехь.

1956-чу шарахь школе деша вахара. Школехь дешарца цхьаьна хIетахь Алма-Ата гIалахь нохчийн маттахь арахоьцуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газет а доьшуш, ненан маттахь деша а, яздан а Iамийра Абус.

1957-чу шарахь меттахIоттийра Нохч-ГIалгIайн Республика. Казахстанера хьалха цIабогIучаьрца Даймахка – Хьалха-Мартан кIоштарчу Мартан-Чу юьрта баьхкина, баха хиира ИсмаиловгIеран доьзал. Юьртарчу ворхIшеран школехь дешар кхидIа а дIахьо цо.

1968–1970-чуй шерашкахь эскарехь гIуллакх дира. Цигара мукъаваьлла, цIавеанчул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь заочни кепара филологин факультетехь деша а доьшуш, тайп-тайпана белхаш бира.

1975-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн книгийн издательстве балха вахара. Цигахь юьхьанца корректоран, ткъа цул тIаьхьа редакторан белхаш бира.

1980-чу шарахь «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газете балха дIаийцира иза. Ала деза Абу редакцин выпускающин даржехь болх беш волчу хенахь газет дика кечдина хуьлуш а, шуьйрачу хаамийн оцу гIирсан куьйгалла Абун балхана реза а хилла хилар. Цхьана ханна газетера дIавахара иза.

Бакъду, 1992-чу шарахь юхавеана, корреспондентан даржехь Iийра. Цо хьанал кхочушдора шена тIедехкина декхарш. Амма хIинца Абун ерриге а ойла литературин кхоллараллина тIейирзина яра.

«Тхешан ненананас Тоитас дуьйцучу туьйранашка а, ширачу дийцаршка а ладоьгIуш, хийла хан йоккхура оха, бераша, – дагалоьцу Абус. – Йоккхачу стага цIена а, хаза а буьйцура ненан мотт. Дукха хуьлура цуьнан берашна дийца хIуманаш: хьехамаш бора, ламаз,«Бисмалла», бусалба динах лаьцна кхидолу хIуманаш Iамадора, гIиллакх-оьздангалла хьоьхура».

Оцу дерригено а дика лар йитира Абун дахарехь а, кхоллараллехь а. Оцу хенахь нохчийн матте даггара безам кхоллабелира кIентан. Школе эха волавелира, байташ язъян волавелира Абу.

Дуьххьара цуьнан стихаш зорба туьйхира 1965-чу шарахь «Ленинан некъ» газетехь а, 1966-чу шарахь – «Орга» журналехь а.

1975-чу шарахь Абус а, литературин кхоллараллехула болчу цуьнан накъосташа а вовшахтуху «Пхьармат» цIе йолу литературин цхьаьнакхетаралла. Оцу муьрехь жигарбоккху цо шен кхоллараллин болх. ХIетахь хиллачу
къоначу поэтийн конкурсехь хьалхара меттиг яьккхира Абус. Оцо дог-ойла гIаттийра къоначу поэтан, тешийра шен кхоллараллин ницкъех.

Цул тIаьхьа «Iуьйренан аьзнаш», «Даймехкан мукъамаш», «БIаьстенан хиш», кхечу а гуларшкахь зорбатоьхна, арайийлина цуьнан произведенеш. Абус яздина дуккха а туьйранаш а ду. Царах дешархоша уггаре а тоьллашха лоруш, къастош ду «Бирдолаг» цIе йолу туьйра. Иза школийн 5-чу классашкахь Iамош ду. Литература езаш болчара иштта резахилла тIеэцна цуьнан «Iумар-Хьаьжа» роман а, «Эдал» поэма а, кхийолу произведенеш а. Абу дуккха а стихийн а, поэмийн а, дийцарийн а, повестийн а, пьесийн а автор ву.

Цуьнан байташна тIехь иллеш а, эшарш а яьхна меттигерчу эстрадийн седарчаша. Уьш кест-кеста хеза телевиденехь а, радиохь а.

Амма Абун кхоллараллехь къаьсттина меттиг дIалоцуш бу цо дуккха а шерашкахь талламаш беш, язбина мехала болх. Иза ю вай лакхахь хьахийна «Дош». Нохчийн маттах ойланаш. Нохчийн-оьрсийн дошам ю. Иза дуьххьара арахийцира 2005-чу шарахь. Оцу балха тIехь нохчийн меттан, дерриге а бохург санна, дешнаш вовшахтоьхна автора. Дошам меттан Iилманчаша а, журналисташа а, яздархоша а, лаккхарчуй, юккъерчуй дешаран заведенийн хьехархоша а, могIарерчу бахархоша а лаккхара мах хадош, тIеэцна а, оьшуш а хилар хьесапе а эцна, 2009-чу шарахь кхитIе а юзуш, шолгIа а зорбатоьхна «Дош».

Карарчу хенахь Абу шен кхоллараллин ницкъаша зазадаккхаре кхаьчна. Кестта араяла декхар долуш, кечйина ю берашна леринчу произведенийн гулар. Цу тIехь Дала аьтту бойла хьан, Абу. Поэт, прозаик, юкъараллин деятель волу А.Исмаилов Россин Яздархойн союзан, Журналистийн союзан декъашхо ву.

Нохчийн юкъараллин дуьхьа Абус бина хьанал болх билгалбоккхуш, дукхазза а Правительствон а, Яздархойн союзан а совгIаташ дина цунна.

Абус а, цуьнан хIусамнанас Маликас а ялх кIант кхиийна. Уьш шайн да-нана санна, оьзда а, ийманехь а кхиъна. Абун вокках волу кIант Илес республикин «Вести республики» газетан коьрта редактор ву. Цхьацца белхашкахь а, доьзалшца а дIанисбелла Абун важа кIентий а.

С.МАГОМАЕВ

№62, пIераска, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: