Мазаева Малика: «Сан лазам юкъараллехь долчу хьолах боьзна бу»

ЗаьIапчу адамийн бералла а, дахар а шатайпа хуьлу. Церан ойланаш а хуьлу гIайгIанца юьйцина. Цундела, церан терго яр а, цаьрца цхьаьна хан яккха хьовсар а вайн хIораннан а декхар ду, хIунда аьлча, шайца цхьа кIезиг яьккхина хан а оцу берашна доккха совгIат хета. Делан къинхетамца, вайн регионехь могашалла ледара йолчу берийн самукъадоккхуш дуккха а организацеш ю. Царах цхьаъ ю республикин «Интерактив» организаци.

Оцу организацин куьйгалхочун Мазаева Маликин къамел хилира «Даймохк» газетан корреспондентаца. «Доза доцу кхолларалла» фестиваль дIаяьхьначул тIаьхьа евзина республикехь Малика куьйгаллехь йолу «Интерактив» организаци. Дуккха а заьIапчу берийн дог эцна Маликас а, цуьнан тобано а.

Цо тхуна дийцира шайн организацин балхах лаьцна, иштта билгалъехира хIокху шарахь кхочушъян лерина коьрта проекташ.

– Малика, хьайн дахаран некъ бовзийта?

– Соьлжан кIоштан Эна-Хишкахь йина а, кхиъна а, дешна а ю со. Школехь а, цул тIаьхьа университетехь а дешар самукъа а долуш чекхдаьлла сан. Иштта, 2009-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетехь «Экономика, бухучет и аудит» говзалла караерзийна. Цул тIаьхьа тайп-тайпанчу меттигашкахь белхаш бина: берийн бешахь, Соьлжан кIоштан дешаран отделехь а, республикин культурин министерствехь а, ткъа хIинца хIара болх беш ю.

ХIоранна а жималла уггаре а сирла дагалецамаш хуьлий дIахIутту. Школехь дешар а, ловзар а, суьйранна луларчу берашца уьдуш лелар а, тайп-тайпанчу ловзарех Iехадалар а. Цаьрга хьоьжу дай-нанойн шайн берех самукъадаьлла, царах даккхийдеш хуьлу.

Бакъду, нахана юкъахь къаьсташ хуьлу заьIапхойн наной. Церан бIаьргашкахь хаало шайн берех доглазар, бала, гIайгIа. Оцу бакъдолчунна со тIаьхьакхиъначул тIаьхьа, сайн дахаран некъ заьIапчу берашна гIодарна, церан самукъадаккхарна (цаьрца цхьаьна церан нанойн а) тIехьажийна ас.

– Малика, шайн балхах лаьцна дийцахьа. Стенна тIера дIадуьйладелла шу?

– Ойла цхьаьнайогIучу накъосташца, 2015-чу шеран чиллин (февраль) баттахь кхоьллина ю «Интерактив» юкъаралла. Оцу хенахь кхочушъеш яра «Ас дахар хоржу», «Со – донор. ЦIена цIий», «Наркотикашна, терроризмана – хIан-хIа» проекташ. Уьш вайн республикин тайп-тайпанчу кIошташкахь кхочушъеш яра.

Тхайн организацин проекташца болх бан дуьйладелира тхо. Хьалхарниг яра «Толаман къам дац» (цунах доккха беркат а даьлла тхуна) проект. Оцу юкъахь дакъалоцуш ГIалгIайчуьра, Дагестанера, Нохчийчуьра заьIап бераш дара. И проект кхочушъяран гурашкахь мероприяти Хьалха-МартантIехь дIаяьхьира. Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIалахь дIадаьхьира 200 заьIапчу берана лерина даздаран гIуллакх. Иштта болх бан йолаелла тхан организаци. Цул тIаьхьа кхочушйина проекташ йийцина ца валлал дукха ю.

– Малика, муьлхачу берашца болх бо аш? ХIун тайпа белхаш дIахьо аш цаьрца?

– Тайп-тайпана цамгарш йолчу берашца болх бо оха. И бер чу-ара даккхалуш хилчахьана. ДЦП, Даунан синдром йолуш, коьртаца цамгар йолуш, иштта кхечаьрца а. Оха уьш кхиош долу массо а тайпа ловзарш дIахьо цаьрца. Кхечу берашна санна ловза а, хелхадийла а, суьрташ дахка а, йиш лакха а Iамадо царна. Сиха Iама а Iема царна, цхьа коьрта бакъо ларйичахьана – шаьш кхоа ца дича. Шаьш кхоа ца дича хIуъа а дало цаьрга.

Коьртачу декъана заьIапчу берашна реабилитаци ярца гIо до оха, цул тIаьхьа церан самукъадаккхарна тIехьажийна гIуллакхаш дIахьо.

Организацис ахчанца-бохчанца гIо а до, берашца, церан дай-наношца психологин тренингаш а дIахьо. ХIунда аьлча, уггаре а хьалха гIо оьшу берийн наношна. Уггаре а дукха хан цаьрца йоккху бераша. Могашчу берана а оьшуш йолу, заьIапчу берана кхин шозза алсам оьшу терго яр. Шен бер цомгаш хилар лан хала ду хIора а нанна, цуьнан коьртехь дукха хуьлу хьере ойланаш. Цундела, дIахьо оха заьIапчу берйин наношца тренингаш.

– Малика, «Доза доцу кхолларалла» проект Ерригроссин тIегIана тIе яьккхина хиларх лаций дийцахьа. Муха нисделла и? Иштта кхиамаш хир бу аьлла хетарий шуна и проект дIайолош?

– Дела реза хуьлда, и хаттар даларна. Тхуна боккха кхиам хета тхайн проектан иштта тидам бар, тхан заьIапчу берашна кхидIа гIо дан таро хилар.

Таханлерчу дийнахь шуьйра яьржина и проект, Къилбаседа Кавказехь, Москвахь, Аштаркханехь, Санкт-Петербургехь, ГIиргIизойчохь, Казахстанехь кхочушъеш ю иза.

Оцу ерриге а меттигашкарчу бераша вовшашца зIенаш тесна, шайн хаарш къуьйсуш, зеделларг довзуьйтуш хуьлу уьш, иштта вовшашца дотагIаллин уьйранаш туьйсу цара. Оцу проектан тIе а тевжина конкурс дIакхайкхина.

Ерригроссин тIегIанехь конкурс дIаяхьаро гойту, организаци вайн регионехь евзина ца Iаш, Россерчу кхечу субъекташкахь а цунна тидам тIебахийтина хилар.

– И проект кхочушъеш шуна гIо деш мила ву?

– Муьлххачу балхахь санна, коьрта ду уллехь тешаме накъостий хилар. Делан къинхетамца, и тайпа накъостий, доттагIий сан а бу. Дукха хьолахь, и уьйраш ойла цхьаьна йогIуш хиларна тасаелла ю, цундела, суна накъосталла дан кийча хуьлу уьш муьлххачу а гIуллакха тIехь.

Проектан гурашкахь болх беш 10п–15 стаг ву. Царна юкъахь бу хьехархой, берийн реабилитолагаш, хореографаш, иштта могашалла Iалашъяран декъехь болу кхин а дуккха а векалш. Республикерчу министрествошца, ведомствошца юххера зIенаш ю тхан.

– Таханлерчу дийнахь хIун тайпа халонаш ю шуна хьалха лаьтташ?

– Уггаре а коьрта проблема ю берашца болх бан меттиг цахилар. Даимна а чудаха меттиг лоьхуш хуьлу тхо. Дан лерина дуккха а гIуллакхаш ду тхан, и проблема дIаяьккхинчул тIаьхьа дIадолор долуш. Могашалла ледара йолчу берийн тайп-тайпана кружокаш ехкина, уьш конкурсашна кеч а беш болх бу дIаболо лерина.

Дала мукъ лахь, герггарчу хенахь и проблема дIайоккхург хиларх тешна ю со.

– «Толаман къам дац» проектах лаьцна мелла а алсам дийцахьа. Хьенан аьтто хир бу цу юкъахь дакъалаца? Къасторан мур маца, муха дIахьур бу?

– Герггарчу хенахь телевизионни ян дагахь ду тхо и проект. ТIаккха йоккха аудитори хир ю цуьнан, дакъалоцуш долу заьIап бераш девзаш а, дезаш а хир ду нахана.

Цу юкъахь дакъалаца таро ю жимма а оцу гIуллакхца шовкъ йолчу заьIапчу берийн. Къасторан мур маца, мичахь, муха дIахьур бу хIинца а къастийна дац. Тхайн и гIуллакх билгалдаьлчхьана регионерчу шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула дIакхайкхор ду оха.

– Кхочушъян езачарна юкъахь уггаре а коьрта Iалашо муьлхарниг лору ахь?

– Таханлерчу дийнахь цхьа а Iалашо кхочушйина яц сан, кхочушъян лериначаьрга хьаьжча. Суна сайн толам хетар бу, дIасабоьлхуш нах заьIапхошка леррина, цеце а ца хьоьжуш, эсала хьажарца уьш тIехбовлуш гахь.

Суна сайн толам хетар бу школашкахь, ВУЗ-ашкахь, белхан меттигашкахь заьIапчу наха доьшуш, болх беш гахь.

Суна сайн толам хетар бу нах, заьIапхошца а, могашчу нахаца санна хуьлуш де дагIахь. Сан толам а, лазам а юкъараллехь долчу хьолах боьзна бу.

– Малика, вайн къамел дерзош, заьIапчу берашца болх бан ойла муха кхоллаелла а, хIун бахьана ду ахь дерриге а дитина хIара некъ харжаран?

– ХIора стеган а шен дахаран некъ хуьлу, иштта шен хьежамаш а, дукхадеза хIуманаш а. 2010-чу шарахь сан да Асламбек чIогIа цомгаш хилира. ХIора нохчийн доьзална санна, тхуна тхайн да а вара массарал везаш а, лоруш а, иза иштта гIаддайна ган ца лаьара. Цунна кхин гIоле хуьлуш яцара, хIора денна гIора эшна вогIура.

43 операци йира цунна, хIетте а меттар гIаттара ца хилира (Бакъдуьнене вирзина иза. Дала гечдойла цунна!). ХIора дийнахь-буса, сахьтехь, минотехь терго оьшура цунна.

Шех къахетийта лууш вацара, ца мегара шех къахеташ дешнаш хезча. Цунна уллехь Iаш Iемина суна собаре хила, заьIапхошна хIун оьшу, хIун лаьа, хIун дика хета хаа.

Хь.БАХТАЕВА

№62, пIераска, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: