Вайн правительствехь 17 сацаман проект тIеэцна

Нохчийн Республикин Правительствон рогIерчу кхеташонехь йийцаре йинчу 18 сацаман проектах 17 тIеэцна.

Кхеташо дIаяьхьира республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара. Проекташ йийцаре ярехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин прокурор Абдул-Кадыров Шарпудди.

Нохчийчохь, болх беш боцчу пенсионерашна компьютер лело Iамор вовшахтохаран къепенна юкъа хийцамаш балийра кхеташонехь. Оцу хийцамашца нийса а догIуш, билгалбаьхначу бахархошна (пенсионерашна) леррина компьютеран курсаш дIаяхьар, республикехь Iаморан гIуллакхаш дIакхехьа юридически бакъо йолчу дешаран организацешкахь бен хуьлийла дац.

«Нохчийн Республикин бахархошна бегIийлачу а, гIеххьачу мехах а йолчу хIусамашца а, хIусамийн-коммунальни хьашташца а кхачояр» пачхьалкхан программехь а бина хийцамаш. Цунна юкъатоьхна иштта дакъош: «Нохчийн Республикехь, мохк кхиоран башхаллаш тидаме а оьцуш, кхузаманан гIалин хьал кхолларехь юкъара некъаш лахар а, коьрта гIуллакхаш кхочушдар а», «Юкъарчу тIедахкаршца нийса а догIуш ярташкара урамаш, юкъараллин меттигаш тояран гIуллакхаш вовшахтохар», кхидерш а.

Коьртачу декъана, кхеташонехь йийцаре йина, къобалйина йолу сацамийн проекташ хьалха тIеэцна нормативни-бакъонийн акташ тIедузарца я царна юкъа хийцамаш балорца а, иштта, долуш долчу законодательствоца нийса а догIуш, латтанаш цхьана категорера вукху категоре дахарца а йоьзна яра.

ТIе мел эцна долу акташ герггарчу хенахь довза таро хир ю Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин официальни сайта тIехь.

А.ХАТУЕВА

№63, шинара, хьаьттан (август) беттан 15-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: