Даздира гIишлошъярхочун де

Нохчийн Республикин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министерствон актови зала чохь дIадаьхьира гIишлошъярхочун денна лерина даздарш.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министр Зайпуллаев Муслим, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместитель Бисултанов Яхья, «Инкомстрой» ЗАО-н генеральни директор Альвиев Мовсади, республикин сийлахь гIишлошъярхой, ведомстван белхахой, кхиберш.

Цхьаьнакхетар дIадолош республикера гIишлошъярхой декъалбеш вистхилира Зайпуллаев Муслим.

– ГIишлошъярхочун говзалла даима а оьшуш ю, оьшуш хир йолуш а ю, наха ларам беш а ю. Массийтта шарахь лаьтташ йолу хаза гIаланаш а йина, архитектурин хIолламаш дIа а хIиттина гIишлошъярхоша. Уггаре а дикачарна, ларамечарна юкъахь ю гIишлошъярхочун говзалла. Нахана оьшуш долу дахаран хьелаш кхуллуш, регион кхиорехь мехалла меттиг дIалоцу гIишлошъярхоша. Тахана вайн регионехь мел яьржина гIишлошъян майданаш республикин бахархошна беркате хир йолуш ю, – элира цо.

Иштта, министра дийцира гIишлошъярхойн болх бахьанехь Нохчийн Республикера гIаланаш хазъяларх, вайн заманан тоьллачу гIаланех таръяларх лаьцна. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместитела Бисултанов Яхьяс билга лдаьккхира вайн гIишлошъярхойн корматалла а, цара даггар къахьегар а бахьанехь республикера гIаланаш, ярташ йоццачу хенахь меттахIиттийна хилар.

Цхьаьнакхетар дерзош Нохчийн Республикин Правительствон Сийлаллин грамоташ, баркаллин кехаташ делира къинхьегамехь билгалбевллачу белхахошна.

ГIишлошъярхочун де хIора а шарахь хьаьттан (август) беттан 2-чу кIирандийнахь даздеш ду. Дуьххьара иза 1956-чу шарахь, хьаьттан (август) 12-чу дийнахь даздина ду. СССР йоьхначул тIаьхьа СНГ цхьаболу махкашкахь хIинца а даздеш ду и де.

М. ЮНУСОВ

№63, шинара, хьаьттан (август) беттан 15-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: