Соьлжа-ГIалахь – шуьйрачу хаамийн гIирсийн ерригроссин форум

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикехь дIаяьхьира шуьйрачу хаамийн гIирсийн ерригроссин форум. Цигахь дакъалаца Соьлжа-ГIала баьхкинера федеральни а, регионийн а телерадиокомпанийн векалш.

Аэропорте хьешашна дуьхьалвахара «Грозный» телерадиокомпанин директор Дудаев Ахьмад а, цуьнан хьалхара заместитель Вахидов Iилман а.

Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанис дIаяьхьначу оцу форумехь дакъалецира тайп-тайпанчу телерадиокомпанийн 100 сов векала

Хьешаша дакъа а лоцуш, форуман гурашкахь «Вай телевидени кхиайо» цIе а йолуш конференци хилира.

Маршаллин дешнашца дакъалацархошка вистхилира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат.

Цо шен къамелехь билгалдаьккхира форум лаккхарчу тIегIанехь дIахьош хилар, мехала форум дIаяхьарна, иза вовшахтоьхначарна баркалла а элира цо.

– Тхо чIогIа ирсе ду вай цхьаьнакхетта. Тхайн зеделларг шуьца декъа тхайн аьтто балар мехала хета тхуна, – элира министра.

Форуман дакъалацархоша кхоллараллин кхиамаш бахар а, доттагIаллин уьйраш тасар а шена лууш хилар а хаийтира Умаров Джамбулата. Журналисташа дийцаре дира Россин чоьхьарчу туризман кхерамазалла а, бегIийла хьелаш а хилийтаран а, спортан объекташна медиа-системашца кхачояран а, регионийн шуьйрачу хаамийн гIирсаш пачхьалкхан дакъош кхиоран гIирс хиларх долу а, дуккха а кхидолу а гIуллакхаш.

Иштта, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун пресс-секретара Каримов Iальвис «Грозный» НПТРК-хь форуман дакъалацархошца «горга стол» дIаяьхьира.

I.Каримовс билгалдаьккхира Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, шен дахарна кхерам боллушехь, республикина хьалхавала реза хилла хилар.

– ТIом эшийна, нохчийн халкъ а, ерриге а Росси а кIелхьараяьккхина стаг санна юкъавахана иза керлачу историна, – элира республикин Куьйгалхочун пресс-секретара.

Нохчийн Республикерчу хиламех лаьцна дийцира регионийн телеканалийн эфирашкахь. Берриге а бохург санна Россерчу федеральни телерадиокомпанийн векалш а, регионийн телерадиокомпанийн куьйгалхой а бара форумехь дакъалоцуш.

Журналистикин декъехь гоьбевллачу говзанчаша лекцеш а йийшира, тренингаш а, семинараш а дIаяьхьира масех дийнахь. Шина а агIонан таро хилира вовшашна балхахь зеделлачух пайдаэца.

Иштта, журналистийн таро яра Нохчийн Республика массо а агIор йовза. Уьш хилира республикин тайп-тайпанчу меттигашкахь а, туристийн объекташкахь а.

Цара бевзаш болчу республикин гIуллакххошца цхьаьнакхетарш дIа а даьхьира, регионан тайп-тайпанчу дакъошкахула долчу зеделлачух пайдаэца а, къоман культура, гIиллакхаш юххера довза а аьтто хилира церан.

I.МУРТАЗОВ

№63, шинара, хьаьттан (август) беттан 15-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: