Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Непалехь чIогIа догIанаш дахкар бахьанехь токхамаш а хилла, хиш а дистина. Iаламан оцу бохамехь 58 стаг кхелхина, бIеннаш цIенош доьхна. 700 турист, хиш дестарца доьзна, дIаса ца вахалуш висина. Бохам хиллачарна гIо деш бу Iедалан векалш а, кIелхьарбахархой а.
***
Мисарерчу Александри шахьарна уллехь ши цIерпошт вовшахкхетта. Цигахь лаххара а 41 стаг кхелхина, 200 гергга стаг лазийна. Талламхоша чIагIдарехь ши цIерпошт вовшахкхетта, диспетчеро, гIалат а ваьлла, симофоран цIе стогар латон безачохь баьццара стогар а латийна.
***
Iамаркан Президента Д.Трампа дIахьедина: «Нагахь санна Пхеньяно кхул тIаьхьа кхерамаш туьйсуш цхьа дош алахь, иза баккъал а чIогIа дохко йоккхур ю», – аьлла. Амма цуьнга ладугIуш а, я цо бохург тергалдеш а дац Къилбаседа Корейн куьйгалла.
***
КНДР-хь тIаьхьарчу кхаа дийнахь шаьш эскарехь гIуллакхдан кийча хилар хаийтина 3,5 миллион стага. Уьш кийча бу США-с тIом болийна хьал хилахь, цунна дуьхьал тIаме дIахIитта а, шайн синош ца кхоош тIемаш бан а. Махкахь дIахьочу пропагандин тIаьхье ю иза.
***
Шемин Iедалан эскарша а, гIаттамхойн тобанаша а, «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашкара схьаяьккхина Хомс провинцера Эс-Сухна гIала. Террористийн уггаре а яккхийчех цхьа чIагIо хилла лаьтташ яра иза. ХIокху деношкахь Iедалан эскарша дIахьош ду Дейр-эз-Зор шахьар террористех дIацIанъяр.
***
Индин къилбаседехь йолчу Геракхпур гIаларчу больницашкахь тIаьхьарчу цхьана кIиран чохь лаххара а 60 бер кхелхина. Мехкан могашалла Iалашъяран министерствехь дийцарехь, дукхах долу бераш кхелхина кислород цатоар бахьанехь. Больницашкара искусственни кислород чекхъяьлла хилла, больницийн иза эца таро ца хилла. Индехь уггаре а къечу гIаланех цхьаъ ю иза.
***
Иракъехь тIеман операци дIаяхьарехь дакъалоцуш хиллачу Iамаркан бIаьхойх 2 кхелхина, 5 чевнаш хилла. Цу хьокъехь хаам бина Пентогонехь. Хаамийн хьостано ца дуьйцу Iамаркахой тIеман муьлхачу операцехь дакъалоцуш хилла.
***
Францерчу Корсикин къилбаседерчу хьаннашкахь цIерш йовлар бахьанехь 700 стаг кхерам боцучу метте ханна дIакхалхийна. ЦIерш дIаяйарна чIогIа новкъарло йо мехаш хиларо а, йовхоно а. Корсикехь цIе тасарна бехке хиларан шеконца цхьа стаг схьалаьцна полицин белхахоша. ДIахьош ду таллам бар.
***
Украинехь П.Порошенко Iедале хIоьттинчул тIаьхьа махках ваьлла 1,6 миллион стаг. Царах дукхах берш Росси а, Европин мехкашка а дIакхелхина. Украинера бахархой кхечу мехкашка дIаэхар хIинца а лахделла дац. Амма цунна саготта дац Украинин Iедал.
***
Россин Президента В.Путина вайн махкара гIишлошъярхой декъалбира шайн корматаллин дезчу денца. Билгалдаьккхира мохк кхиорна, хазбарна, куьце балорна цара шайх къинхьегаман йоккха хазна юкъаюьллуш хилар, шо-шаре даларца уьш корматаллехь кхуьуш хилар.
***
«Мир» рудникехь бохам хилча шахти чохь висина 8 шахтер лахаран белхаш дIахьош ву 80 кIелхьарбахархо. 650 метр кIоргехь дIахьош бу церан лахаран белхаш. Шахтераш дийна хиларе сатуьйсуш бу церан гергарнаш.

№63, шинара, хьаьттан (август) беттан 15-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: