Хьаьттан (август) беттан 17-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь къоначу хьехархойн форум хир ю «Дешаран хьаьрмахь кегийрхойн проблемаш а, таронаш а» аьлла. Цу тайпа форум дуьххьара хир ю вайн республикехь. Иза дIахьур ю Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос вайн республикехь йолчу Къоначу хьехархойн ассоциацица цхьаьна.
Оцу форуме кхойкхур бу лерина «Россин шеран хьехархо» конкурсан тIаьхьарчу шерийн толамхой а, Россин тайп-тайпанчу регионийн дешаран хьаьрмахь къахьоьгуш болу говзанчаш а, эксперташ а. Цара докладаш еш, мастер-классаш гойтур ю вайн республикин хьехархошна.
Докладашкахь а, дискуссешкахь а дийцаре дийр ду къоначу хьехархойн хаарш алсамдахаран а, шайн балхана инновацин керла технологеш юкъаялоран а, юкъарчу дешаран хьехархойн корматаллин стандарташна, регионе хьаьжжина модернизаци яран а гIуллакхаш.
Иштта, тидамаза дуьтуьйтур дац къоначу хьехархошна юкъахь социальни программа кхочушъярехь дан дезарг а.
Форум вовшахтоьхначара дийцарехь, вайн республикерчу къоначу хьехархойн аьтто хир бу белхан керла кепаш йовза, гIарабевллачу хьехархошна зеделлачух пайдаэца.
Форуман беркатех цхьаъ хир ду хьехархошна вовшийн бовзар, вовшашца цара гергарлонаш тасар, шаьш кечдинчу хаттаршна жоьпаш карор.
Дешаран хьаьрмахь баккхий кхиамаш а, пайдехь хийцамаш а бинчу говзанчашкара схьаэца хьакъ дерг кIезиг хир дац форумехь.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№63, шинара, хьаьттан (август) беттан 15-гIа де, 2017 шо