Тхан рузма

Хьаьттан беттан 15-гIа де, 1943-гIа шо. Эвтарахь вина Бахарчиев Хьаьжбекар, Россин Федерацин хьакъволу лор, медицинин Iилманийн кандидат.

Дешна Къилбаседа-ХIирийчуьрчу пачхьалкхан медицинин институтехь а (1960–1966-гIа шераш.) Москварчу И.М.Сеченовн цIарахчу медицинин институтан юкъарчу хирургин кафедрин клиникин ординатурехь а.

1979-чу шарахь кхиамца чIагIйина медицинин Iилманийн кандидатан диссертаци.

Къинхьегаман некъ дIаболийра 1966-чу шарахь Невран кIоштан больницехь хирург волуш. Кестта оцу больницин хирургин отделенин заведующи хIоттаво иза.

1970-чу шарахь Республикин больнице сехьавоккху шен корматаллийца билгалваьлла къона хирург. ХIетахь дуьйна цуьнан дахаран некъ оцу больницица бозабелла хилира.

1980-гIа шо кхаччалц кхузахь хирург волуш болх бо цо, оццу шеран ноябрехь дуьйна 13 шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н могашалла Iалашъяран министерствон коьрта хирург лаьтта.

Нохчийчоьнан могашалла Iалашъярна уггаре а хала беанчу муьрехь (1992 – 2011-гIа шераш) Республиканскин больницин коьрта лор волуш къахьоьгу.

Хьаьттан беттан 18-гIа де, 1918-гIа шо. ТIехьа-МартантIехь вина Дешериев Юнус, дуьненахь а гоьваьлла меттан Iилманча, филологин Iилманийн доктор, профессор.

Москвахь лаккхара дешар а, аспирантура а чекхъяьккхинчул тIаьхьа дуккха а шерашкахь болх бо СССР-н Iилманийн академин меттан Iилманан институтехь Кавказан къаьмнийн меттанийн отделан куьйгалхо волуш а, оцу институтан директоран Iилманехула заместитель волуш а. Нохчашна а, гIалгIашна а юкъахь дуьххьара Iилманийн докторан диссертаци чIагIйина Юнуса.

Iилманан 350 сов белхан автор ву Ю. Дешериев, шайна юкъахь масийтта йоккха монографи а йолуш. Царах коьрта лара догIу:

– Сравнительно-историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских кавказских народов. Грозный, 1963.

– Современный чеченский литературный язык. Грозный, 1960.

– Бацбийский язык. М., 1953.

Iер-дахар Москвахь хиллехь а, иза цкъа а юьстах ца лаьттара республикин юкъараллин дахарна. Нохч-ГIалгIайн автономи меттахIотторна уггаре хьалха орцахвийлинчех цхьаъ а вара иза, иштта жигара дакъалоцура къона Iилманчаш кечбарехь а.

Iилманчин кхалхар хилла 2005-чу шарахь.

Хьаьттан беттан 20-гIа де, 1950-гIа шо. Казахстанехь вина Умарсултанов Ваха, Россин Федерацин хьакъволу художник. Дешна К.А.Савицкийн цIарахчу Пензерчу исбаьхьаллин училищехь. Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIалара №2 йолчу школа-интернатехь суьрташдахкар хьоьхуш болх а бина.

Дакъалаьцна Соьлжа-ГIалахь, Махачкалахь, Нальчикехь, Москвахь, Владикавказехь, дуккха а кхечу шахьаршкахь, ткъа иштта Сирехь, Германехь хиллачу гайтамашкахь.

2002-чу шарахь Россин исбаьхьаллин Академин залашкахь В.Умарсултановс вовшахтуьйхира нохчийн тоьллачу суьрташдахкархойн гайтам. Говзанчаша а, хьовсархоша а лаккхара мах хадийна цуьнан «Таргим», «Малхист», «Калаус», «Лаьмнашкахь бIов», «Вайнехан хелхар», «Лаьмнашкахь», «Фермехь», кхидолчу а суьртийн.

1982-чу шарахь дуьйна СССР-н Суьрташдахкархойн союзан декъашхо ву Ваха. 1991-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин Суьрташдаъкархойн союзан правленин председатель а ву.

2002-чу шарахь, кхоллараллин белхан лаккхара мах хадош, «Россин Федерацин хьакъволу суртдиллархо» сийлаллин цIе елла цунна, ткъа 2010-чу шарахь Россин исбаьхьаллин Академин декъашхо-корреспондент хаьржина.

Хьаьттан беттан 24-гIа де, 1958-гIа шо. Веданан кІоштан Гуьнахь вина Арсалиев Шавади, хьехаран Іилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Іилманийн академин декъашхо-корреспондент.

Дешна Нохч-ГІалгІайн пачхьалкхан университетан филологин факультетехь, цул тІаьхьа Москварчу пачхьалкхан хьехархойн институтан очни аспирантурехь а.

1993-чу шарахь чІагІйина хьехаран Іилманийн кандидатан диссертаци, 1999-чу шарахь хьехаран Іилманийн доктор хуьлу цунах.

Белхаш бина Соьлжерчу юккъерчу школехь (оьрсийн меттан, литературин хьехархо, директоран дешаран декъехула заместитель, директор), Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь (юьхьанцарчу дешаран педагогикин а, психологин а кафедрин ассистент, лакхара хьехархо, профессор), Москварчу пачхьалкхан хьехархойн университетехь (Лаккхарчу школин педагогикин кафедрин профессор). Карарчу хенахь Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн а, юкъарчу а филологин факультетан декан ву.

Іилманан 70 сов белхан автор. Царна юкъахь ю масех монографи а («Национальная культура вайнахов и подготовка учителя начальной школы», «Этнопедагогическое наследие чеченцев», «Этнопедагогика чеченцев»).

Хьехаран Іилма кхиорехь кхиамаш бахарна совгІат дина К.Д.Ушинскийн мидалца а, академикан Г.Н.Волковн цІарахчу дуьненаюкъарчу совгІатан лауреатан цІе яларца а.

№63, шинара, хьаьттан (август) беттан 15-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: