Заки-Эвлахь – синкъераме суьйре

ТIехьа-Мартан кIоштарчу Заки-Эвлан Культурин цIийнехь могашалла ледара йолчу берашна лерина синкъераме суьйре хилира.

Культурин цIийнан белхан шеран планна юкъадогIуш дара Заки-Эвларчу берашна музыкальни, ловзаран суьйре вовшахтохар. Культурин цIийнан белхахоша массара жигара дакъалоцуш кечамаш бинера заьIапчу берийн самукъадаккхархьама.

Суьйре дIахьош яра юьртан библиотекарь Ирисханова Зама, ткъа дерригенна а куьйгалла деш – Культурин цIийнан исбаьхьаллин белхан куьйгалхо Бачаева Нуржан.

Хормейстера Р.Абдурзаковас музыкальни номерш кечйинера «къоначу артисташца». Шайга де аьлларг кхочушдеш, бераша дагахь Iамийнера ингалсан, оьрсийн, нохчийн меттанашкахь эшарш, иштта нохчийн къоман хелхар а карадирзинера царна.

Цул сов, литературин миноташ а йиц ца еллера суьйре вовшахтухучарна. Бераша йийшира шаьш дагахь Iамийна байташ.

Берийн ирсан а, хазахетаран а доза дацара. И гIуллакх вовшахтохаран Iалашо яра заьIапчу берашна юкъараллехь паргIат лела Iамор, царна шаьш цхьалха цахетийтар.

Ларамаза дацара Культурин цIийнан белхахоша шайн проектана цIе «Шатайпа бераш» тиллар а. ЗаьIап бер шена дика дича хууш, са экама долуш хуьлу.

З.ЦЕНТОРОЕВА

№63, шинара, хьаьттан (август) беттан 15-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: