Дашочу куьйгийн гайтам

Хьаьттан (август) беттан 7-чу дийнахь республикин С.Михалковн цIарахчу берийн библиотекехь могашалла ледара йолчу берийн куьйга-белхийн «Чудо ручки – чудо штучки» цIе йолу гайтам хилира.

Библиотекин кхиар шатайпа долчу берийн отделехь дIахIоттийнера гайтам. Библиотекин ешархойн тидаме – заьIапа бераша бина белхаш хIиттийча хиира царна «дуьне» муха го. Тайп-тайпанчу гIирсех пайда оьцуш бина бара хIора болх, кехата тIера диттийн генийн биста кхаччалц йолчу коьчалшца.

– Ламаст хилла дIахIоьттина тхан библиотекин ешархошна юкъахь могашалла ледара йолчу берийн кхоллараллин белхийн гайтамаш вовшахтохар, – дуьйцу кхиар шатайпа долчу берийн отделан заведуюшис
Домбаева Аминас.

Гайтаме хьовса баьхкинчарна цо дийцира, гайтаман хIора экспонатах лаьцна.

Хууш ма-хиллара беро дуьллучу суьрта тIехь, я цо шен куьйга ечу хIуманехь шен сатийсамийн, къайленийн, ойланийн уьйриг схьайосту. Иштта, дуьхьлара кирхьа дIаоьзча санна гучудолу бераша шайн ойланехь кхобуш долу дуьне.

Даггара бина хIора болх а тоьлла бу. Цундела, толамийн меттигаш билгал ца ехира. Дахаре, куьйган говзалле безам хилар, берашна искусство езаш хилар – и бу коьрта толам.

Гайтаман дакъалацархошна: ДжаубатыровагIарна Хадижатна а, Хедина а, Смаинылова Ийманна, Батукаева Софияна, Авхадова Линина хаза кхаъ хилира шайн кхоллараллин белхийн тидам барх а, мах хадорах а.

Бер ирсе дан доккха хIума ца оьшу. Ткъа берийн библиотекин белхахоша шайна дагахьбалам ца буьту цу мелечу гIуллакхашна тIехь.

З.ХИЗИРОВА

№63, шинара, хьаьттан (август) беттан 15-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: