Кху деношкахь Нохчийн Республикин халкъан яздархочун Айдамиров Абузаран цIарах йолчу Нохчийн Республикин къоман библиотекехь дIадаьхьира Айдамирова Машаран «Лаьмнийн хIайкал» роман йийцаре яр. И цхьаьнакхетар дIахьош яра Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Газиева Аза.
Айдамирова Машаран кхолларалла езаш а, иза евзаш а хилар гойтура цуьнан романан мах хадо баьхкинчара. Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара нохчийн мотт безаш, цуьнца гергарло долу интеллигенцин векалш: Россин Федерацин хьакъйолу артист Багалова Зулай, Нохчийн Республикин Iилманийн академин вице-президент, физико-математикин доктор, профессор Дадашев Райком, Нохчийн Республикин хьакъволу артист Азаев Хьамид, Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист, гIараяьлла евзаш йолу нохчийн пачхьалкхан «Вайнах» радион диктор Эльмурзаева Роза, историн Iилманийн кандидат Хизриев Хьаьжи, «Даймохк» газетан культуран отделан редактор Эльдерханова Зайнап, Нохчийн Республикин евзаш йолу хьехархо-методист Вагапова Асет, «Терк аре» цIе йолу Щелковски районан культуран цIийнан вокальни божарийн тобанан декъашхой, ткъа иштта вайн республикин тайп-тайпанчу ярташкара нохчийн меттан хьехархой а, студенташ а.
Цхьаьнакхетар долош Газиева Азас хьалхара дош Нохчийн Республикин Халкъан артисте Азаев Хьамиде делира. Цо шена хазахетта романан кийсак йийшира, иштта иза чIогIа мехала а, лаккхарчу тIегIанехь бина а болх хилар билгал а даьккхира.
Романа тIехь юьйцург ХIII-чу бIешеран зама ю, вайн дайша лайнарг, лелийнарг, церан вовшашца хилла юкъаметтиг, ларам гойтуш. Романан хIора а турпалхо шатайпа ву, ткъа церан васташ Айдамирова Машара къеггина гайта а гайтина шен прозехь.
Баьхкинчу хьешаша хIорамма а элира «Лаьмнийн хIайкал» романах лаьцна шайна хетарг. Цхьаъ санна, массара а билгалдаьккхира роман язйинарг нохчийн меттан говзанча хилар а, иза язъеш Айдамирова Машара ондда къахьегна хилар а. Дийцаре динчунна Россин Федерацин хьакъйолу артисткас Багалова Зулайс тIетуьйхира, шена и роман хазахетарал сов, иза ца ешначуьнга еша олуш а ю ша аьлла. Ша йоккхаейо Айдамирова Машар дахаро шена йовзийтарна, цуьнан кхолларалла йовза шен аьтто хиларна. И тайпа ойла йолуш цхьа Зулай хилла а ца Iара…
Романан автора шен йозанан белхан мах хадо баькинчаьрга баркалла а олуш, «Терк аре» вокальни божарийн тобано илли аларца дерзийра и цхьаьнакхетар.
САГАЕВА Залина
Авторан суьрташ