Иштта цIе йолу проект кхочушъян йолийна Соьлжа-ГIаларчу Хь.Ибрагимовн цIарахчу математикин школин «Кванториум» технопаркехь могашалла ледара йолчу берашна лерина.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель Ахмадов ШахIид а, республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал а, дешар кхиоран керлачу кепийн Фондан генеральни директор Ракова Марина а.
– Шатайпа кхиар долчу берашна реабилитаци ярна а, юкъарчу а, кхитIе долчу а дешарна пачхьалкхо къаьсттина тIе тидам бохуьйтуш бу. Хууш ма-хиллара уггаре а жоьпалле гIуллакх ду иза, хIунда аьлча, могашалла ледара йолу бераш шайн хеннарчу могашчу берашца цхьаьна доьшуш хилийтархьама оьшуш долу хьелаш кхолла деза. Вайн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен тергонехь латтош ду республикин могашалла ледара йолчу берашна реабилитационни туьшаш яр, царна лерина керлачу технологийн гIирсашца кечйина школаш яр, – элира Байханов ИсмаьIала.
Республикин дешаран а, Iилманан а министерство а, берийн технически кхоллараллин республикин туьшо а могашалла ледара йолчу берашца беш болчу белхан лаккхара мах хадийра.
– Оцу проекто могашалла ледара йолчу берийн таро хулуьйтур ю кхечу берийн санна бакъонаш йолуш,
муьлххачу а юкъараллехь, цхьаммо а бакъонаш эша а ца еш, паргIат даха йиш йолуш шаьш дуйла хаийта а, могашалла эшна хиларх, дахарехь шайн некъ каро шайн таронаш юйла хаийта а, – билгалдаьккхира И.Байхановс.
ХIоттийначу планаца нийса а догIуш могашалла ледара йолчу берашца «Кванториум» технопарко болх 2020-чу шарахь бен дIаболо безаш ца хиллехь а, математикин школин хьехархоша республикин дешаран а, Iилманан а министерствон гIоьнца хIокху деношкахь дIаболийна шайн болх.
Могашалла ледара йолчу бераша хьешашна концертни программа гайтарца дерзийра цхьаьнакхетар.
ВЕГИЕВА Макка
№63, шинара, хьаьттан (август) беттан 15-гIа де, 2017 шо