ДоттагIаллин совгIат

Дукха хан йоццуш Ставрополерчу «Зебра» издательствехь араяьлла «Кавказан дозалла» («Гордость Кавказа») стихийн гулар. Цуьнан автор ву Губарев Федор.

Книги юкъаяханчу говзарийн коьрта тема ю Кавказан къаьмнийн доттагIалла, шен къоман дуьхьа шайн дахарш ца кхоош кхелхинчу а, тахана а цуьнан дуьхьа, шаьш-шайн ца кхоош, къахьоьгучу а турпалхойн оьзда амалш, Кавказан исбаьхьа Iалам.

Нохчийчоьнна шатайпана доттагIаллин совгIат лара догIу поэтан керла книга. Нохчийчоьнна а, вайн къоман турпалхошна а лерина дуккха а байташ ю цу тIехь. Масала, «Дозалла де», «КIант», «Ахьмадна», «Аймани», «Рамзанна», «МеттахIоттор», «Турпалхо», «Ваша», «Нохчийчоь», «Соьлжа ГIала», «ГIап», иштта кхин а.

Шен стихашкахь автора дика хIоттийна овкъаршкара гIаьттинчу Нохчийчоьнан таханлерчу дийнан сурт а, оцу хьоле и кхачорехь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин васт а. Хьакъ а долуш, ерриге а Кавказан дозалла лору цо Ахьмад-Хьаьжа.

Нохчийчоьне боккхачу безамца язйина байташ дика тIеоьцур ю поэзиезархоша.

Хь.ХАКИМОВ

№63, шинара, хьаьттан (август) беттан 15-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: