Дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIаларчу Профсоюзийн цIийнехь Ерригроссин халкъан фронтан Нохчийн Республикехь йолчу штабан экологин декъехь болчу говзанчийн кхеташо хилира.
Цигахь дийцира йовхачу хенахь хьаннийн, аренийн леррина дола дан дезаш хиларх лаьцна.
Кхеташо дIахьош вара Нохчийн Республикин Профсоюзийн Федерацин председатель Солтагереев Хьусайн.
«Карара шо экологин ду аьлла дIакхакхийна хиларе терра, дуккха а гIуллакхаш ду вайн тахана дийцаре дан лерина. Уггаре а коьрта ду вайн республикера хIолламаш, молуш долу хиш, хьаннаш ларъяр. «Нехаш дIакхуьссилийн интерактивнан карта» аьлла прокет а ю вай кечйина. Цу тIехь кхидIа а къахьега дезаш ду вай», – бохура Хь.Солтагереевс.
Уггаре а коьрта долу хаттар хьаннашкахь цIерш юьйлуш хиларан хьокъехь дара. И проблема йовзуьйтуш доклад йира Нохчийн Республикин Iаламан тIаьхьалонийн, гуонахара хьал лардаран министерствон хьаннашна доладаран отделан хьаькама Ибаев Османа.
– Вайн регионехь цIерш ца йийлийтархьама дIахьош дуккха а гIуллакхаш ду. Делахь а, дуьне, Iалам дохделча, екъачу бецах, диттийн гIанех, генех дукха сиха цIе лета, иштта сиха яржа а яьржа. Цундела, уггаре а цIе яларна кхераме йолчу Шелковски, Невран, Гуьмсан кIошташкарчу дийнахь а, буьйсанна а тидам латтош диспетчерийн службанаш ю. Оцу меттигашкахь Iачу нахаца а, цига садаIа боьлхучаьрца а кхетош-кхиоран белхаш дIа а хьо. ЦIерш лето мегаш цахилар, латийча ларъян еза бакъенаш а йовзуьйту, – элира цо.
Нохчийчохь 81 меттиг ю цIе яларна кхерам болуш ю аьлла, билгалъяьккхина. Оццул (81) МЧС-н хаш а дехкина вайн регионехь.
Говзанчаша дийцарехь, дIадаханчу шарца дуьстича, хIокху шарахь республикехь долу хьал дуккха а гIолехь ду.
Цул тIаьхьа, Ерригроссин халкъан фронтан Нохчийн Республикехь йолу штабо кхочушъеш йолу «Генеральная уборка» проект йийцаре йира говзанчаша.
Цара дийцарехь, проектан гурашкахь кхочушдина дуккха а гIуллакхаш, кхин оцул кхочушдан лерина а ду.
– Таханлерчу дийнахь «Генеральная уборка» проектаца Нохчийчохь дIахьош мониторинг ю. Нехаш дIакхуьйсилашкахь долу хьал ду тидаме эцна. Вайн мохк цIена латторхьама юьхьарлаьцна некъ бу иза. Дуккха а туристаш богIу Нохчийчу, цара вайн мохк цIена хилар билгалдоккху хIораза а. Иза иштта хилийтархьама дIахьош дуккха а гIуллакхаш ду вайн республикин куьйгалло, – элира регионерчу Iаламан тIаьхьалонийн, гуонахара хьал лардаран тобанан юкъараллин мониторинган координатора Лулуев Iабдулмадида.
Иштта, дийцира республикехь къаьсттина бехйинарш йовхачу хенахь наха садоIу меттигаш хиларх лаьцна.
Билгалдаьккхира къаьсттина тидам оцу меттигашкахь цIано латторна тIебахийтина безаш хилар.
Кхеташо ерзийра хIора а кIоштана хьалха лаьтташ долу декхарш кхин цкъа а билгалдохуш.
Хь.БАХТАЕВА
№63, шинара, хьаьттан (август) беттан 15-гIа де, 2017 шо