Къинхьегамца даьккхина сом «мерза» хуьлу

Терахьийн гIирсийн а, роботийн а мур бу XXI-гIа бIешо. Цуьнца доьзна адамийн куьйгийн къинхьегам оьшуш йолу говзаллаш а, белхаш а лахлуш бу. Делахь а, уггаре а тоьллачу терахьийн гIирсашца а, роботашца а хийцалур волуш вац гIишлошъярхо.

Хууш ма-хиллара, хьаьттан (август) беттан 13-чу дийнахь Россехь билгалдоккху гIишлошъярхочун де. Оцу денна лерина «горга стоьлаш» а, форумаш а, кхитайпа цхьаьнакхетарш а дIахьо гIишлошъяран декъаца йоьзначу учрежденешкахь. Амма гIишлошъярхоша шайн болх бо. Царах цхьаболчарна шайн корматаллин (говзаллин) и де ду я дац а ца хаьа. Ишттачарах ву къона гIишлошъярхо Дукаев ИсмаьIал.

Дуьззина 22 шо дацахь а, гIишлошъяран декъехь и къахьоьгуш волу 4 шо ду. ХIан-хIа, гIишлошъяран говзалла дешаран учрежденешкахь Iамийна кхаьчна вац и оцу декъе.

Нохчийн къоман Iадаташца нийса а догIуш, 15 шарера ваьллачул тIаьхьа, ша юкъараллин вуьззина декъашхо хиларх кхетар бахьана долуш кхаьчна ву.

– Школехь дешарна башха тIера вацара со. Хала а, атта а иза чекх а яьккхина, кхечанхьа деша а ца воьдуш, гIишлошъярехь кега-мерса белхаш леха а, бан а волавелира со. ХIинццалц нанас напха латтош волчу суна хала дара, къа а хьоьгуш, малхе а «воттуьйтуш», сайна сом даккха. И болх ца бан муьлхха а болх бан мегар дара олий а хеталора. Делахь а, оцу ойланаша а, кIадваларо а «са дуъушехь», тIелаьцна болх, Делан къинхетамца, чекхболура. Ткъа и чекхбаьлча, сом хуьлура. Айхьа къа а хьегна, хьанал даьккхина сом. Цхьана баттахь оцу тайпана сом шозза-кхузза карадогIуш нислора. И сом схьаэцар а, нене иза дIакховдор а «дозалла» хуьлура суна. Эххар а, мехала хийтира суна айса лелош дерг а, цунах сайна сом а, нана йоккхаер а хуьлуш хилар. Иштта дIа дисир-кха суна тIехь хIара «дукъ», – дуьйцу цо.

Оцу деа шара чохь цо нехан хIусамашкахь белхаш бина ца Iа. Иза хилла Шелковски кIоштарчу масех юьртахь школашна капитальни ремонт ярехь а, Невран кIоштахь чоьхьарчу гIуллакхийн органашна белхан гIишлошъярехь а, Шуьйтан кIоштахь токхамаша зенаш диначу доьзалшна хIусамаш ярехь а, Соьлжа-ГIалара Узуевн цIарах болу урам тобарехь а дакъалоцуш.

Карарчу хенахь Гуьмсан кIоштарчу Ойсхарахь гIишлошъеш къахьоьгуш ву и.

– Оцу юьртахь еш спорткомплекс, маьждиг, больница, дукхапетарийн масех цIа, тодеш некъаш ду. Цигарчу нахана кхаъ бу иза. Амма со санна болчу гIишлошъярхошна иза кхаъ хилла ца Iаш, напха а ду. Тхуна бан болх а, и барна луш алапа а ду. Цундела самукъа а долуш бо оха цигахь болх, – дуьйцу цо.

Къона гIишлошъярхо реза ву таханлерчу шен хьолана. Амма, гIишлошъярхочун болх адам мел деха лаьттарг хиларан а, кханенан ойла ца еш вац иза.

– Оцу халачу а, жоьпаллин а балхах суна рицкъ дина хилла-кх Дала. Оццу балхо со къахьега а, сайн къахьегаре хьаьжжина сом даккха а Iамийна. Заводера схьаялийна цIена яцахь а, сайна машен эца а, уьйтIахь рагIун бух ботта а, тхайн хIусамна масех чоь тIехIотта а ницкъ кхаьчна сан. ХIара белхаш мел бо, кхидIа а сайга цIахь куьг тохалур дуй хаьа суна. Амма, Дала тIе ма доуьйтийла, хIара болх бан йиш а йоцуш, висахь, кхин белхаш бан говзалла а, корматалла а яц сан. Цундела, цхьанхьа кехеташ чу а делла, цхьа дешар, говзалла караерзо Iалашо а ю сан, – дерзадо кIанта шен къамел.

И.ИСЛАМОВ

№63, шинара, хьаьттан (август) беттан 15-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: