КъинтIераялахьа, Нана

Лаьмнийн терхех хьерчачу некъаца йоьду тхан машен, цхьанаэшшара дайн «гIур» деш. Машенахь берш, шайн-шайн ойланашка а бевлла, гуонахарчу исбаьхьачу Iаламе бIаьрг бетташ богIу. Водительна уллерчу гIантахь хиъна ву цхьа безамехь, гIеххьа яьлла маж йолу, кхузткъа шаре ваьлла хир волу стаг.

Тхо новкъа девлчахьана дуьйна а, суьлхьанаш хьийзош, балдаш меттах хьедеш, Iамал еш вогIучу цуьнан тидам беш Iара со. Кешнашна тIекхочуш «АлхьамдулиллахIи раббил Iаламийна» олий, доIина куьйгаш лоцура цо, доIа дина ваьлча, гIеххьа бахбечу, тамехьчу мукъамца «Фатихьат» олура. Кхин вист ца хуьлура.

Иштта юьрта дIакхечира тхо. Водительна: «Жима стаг, Дела реза хуьлда хьуна. Хьан машен гIоза лелайойла, Дала беркате йойла», – аьлла, воккха стаг охьавоьссина валале цунна тIевеара цуьнан хеннара хир волу тхан лулахо.

– Ассаламу Iалайкум, Бадрудди. Хьо-м схьавеана, кхузахь лаьтташ Iаш ма-хилла. Къахьегийти-кха ас хьоьга.

– ВаIалайкум салам, марша вогIийла, Хьасан! Со схьакхаьчна а яц ши-кхо минот бен кхин хан а…

И шиъ вовшашна мара а кхетта, салам-маршалла хаьттина ваьлча: «Де дика хуьлда хьан, Бадрудди. Шу хIун деш ду? Могаш дуй?» – вистхилира со цуьнга.

– Диканца дукха вехийла, Мохьмад. Могаш-паргIат, дика дIаIаш ду тхо-м. Цхьаьна вара шуьшиъ?

– ХIаъ.

ТIаккха хьешана со вовзуьйтуш: – Хьасан, хIара кIант вайн луларчу Ахьмадниг ву. ДагавогIий хьуна иза?

– Дера вогIу. Кегий долуш дукха цхьана хьирчина ма ду тхо. Бакъахьарниг, диканиг ву. Дала хIокхарна латта войла иза. ХIун деш ву, Ахьмад? Муха ю цуьнан могашалла? – хотту цо.

– АльхьамдулиллахI! Цкъачунна дика ю. Хаза дIалелаш ву иза-м…

– Хьасан, чу а вахана, юучух-молучух а кхетта, гIур ву вайшиъ ахь аьллачу метте.

– ХIан-хIа, кхин дIаса а ца хьийзаш, цкъа хьалха цига кхетийтахьа вайшиъ. ЧIогIа сагатделла-кх сан цига кхача.

– Дика ду хIета, ахь аьлларг дийр ду вайшимма.

– Со волий шуьшинца? – гIиллакхна а доцуш хаьттира ас.

Цуьнга а хьаьжна Бадруддис. Жимхалла дан Мохьмад а вига вайшимма, кхуьнан цIахь кхин сихо йолуш хIума ду моьттуш а вац со. Цаьрца ваха ойла хиллачу ас сихха: «Со-м сиха вац», – элира.

Бадруддин машенахь юьртарчу коьртачу урамехула дIадоьлхура тхо. Юха машен аьрру агIор дIахьаьвзачу некъаца дIайохуьйту Бадруддис. Ас ойла йора: «Ма дика ду со кхара шайца валийна. Суна цхьа пайда боцуш хир дац хIара. ХIокху хьешан кху юьртахь кхин хьаьнца гергарло ду а хуур ду, хьекъале хIума а девзар ду. Делахь а стенга воьдуш ву-те хIара шиъ? ХIун гIуллакх эцна? Хатта а гIиллакхе ца хета. Шаьш арабаьккхинчу некъах лаьцна дош олуш хIара шиъ а вац. Хилларш-лелларш, дIабахана (кхелхина) юьртара баккхийнаш хестош бийцар бен».

Ас иштта ойланаш ешшехь машен юьрта йисте кхочуш лаьттара. Ши-кхо цIа бен ца дисинера юрт чекхъяла а. Машен лагIъеш яцара. ТIаккха гуттар а цецвелира со.

«Кешнашка доьлхуш-м хирг хир ма дац тхо? ХIунда доьлху? Кесталха велла-дIавоьллина стаг ма вац юьртахь», дагадеара суна. Сан шеконаш дIайохуш, машен кешнийн хьаьрма йолчу агIор дIахьовзайо Бадруддис. Кевнна юххе тIейохуьйту.

Хьасан машенара хьалха охьавуссу, цунна тIаьххье со а, Бадрудди а. ДоIина куьйгаш лоцу Хьасана, оха тIаьхьара «амин» олуш, хезаш доIа до цо: «Ассаламу Iалайкум я дара къовмин муъминина. АнасаллахIу вахьшанатакум ва такъабаллахIу хьасанатакум ва гIафараллахIу ли сантикум антум салафуна ва нахьну лахьикъуна бика бифизлиллахIи таIала фидарассалами. АллохIумма солли Iала Мухьаммадин ваIала али Мухьаммадин вассалам. Бихьурмати сирри суратил. Фатихьат», – аьлла.

Кешнийн охIланна доIа динчул тIаьхьа, ас сихха цу шинна ринжа схьадоьллу. Керта девлча: – Мохьмад, хьуьлла чуьра лоха гIанташ дахьа вайна, – куьйга эшарехь кешнийн кертара цIа гойту суна Бадруддис. Цу чуьра ши гIант схьа а эцна, араваьллачу суна цхьаъ воьлхуш санна хетало. Зудчун аз дацара хезнарг, божарийн аз дара. Леррина ладуьйгIира. ХIаъ. Цхьаъ воьлхуш вара. Цу шинна герга кхача воьлча со кхета: Хьасан вара воьлхуш, хIинцца ненах къаьстина бер санна. Коша тIе бертал охьа а воьжна къаьхьа воьлхура иза. Кхул хьалха суна цкъа а ца гинера боьрша стаг оццул чIогIа воьлхуш. Мохь тоьхнна! ХIокху доккхачу дуьненахь ша цхьаъ бен воцуш санна. Ша цхьаъ висича санна.

… – Нана, къинтIера ялахьа суна. Хьо къинтIера ца ялахь ас хIун дийр ду те? Нана, сан дика нана, суна хьалха хаа ма ца хаьара хьоьца мел дика хила веза, хьо муха лело еза, хьо мел еза ю, хьо муха лара еза. Нана, ца хаьар-кха суна . КъинтIера ялахьа. ХIинца хаьа-кх суна. Хаьа сайн доьзал кхиъча… АхI-ахI-ахI, – воьлхура Хьасан, кошан барз мара а къуьйлуш, бIаьргех лешачу хиша юьхь а, латта а дашийна.

– Нана, хьо къинтIера ца ялахь ма декъаза хир ду-кх сан гIуллакх. Ас ечу Iамалх а, ас дечу Iибадатех а дан хIума дац-кха, хила пайда бац-кха, нана… – вист ца хуьлуш дIатийра иза. Ненан аз хазаре сатуьйсуш санна.

ХIинца сан бIаьргех а хи хьаьдира, гIанташ охьадахка синкхетам боцуш, Хьасане хьаьжжинчохь висина волчу. Воьлхура Бадрудди а. Жим-жима воьрзуш, воьлхучуьра юхавирзира Хьасан гIел а велла, «кхача а велла».

Тамашийна тийналла хIоьттира кешнашкахь. Коша тIера хьалаайвина, кIела гIант хIоттош, охьахаийра иза. Кешнашкахь хIоьттина хилла тийналла йохош, меллаша «Ясин» (Къуръана тIера сурат) деша волавелира Хьасан: «Ясин. Вал Къуръанил хьакими. Иннака ламинал мурсалина. Iала сиратIин мустакъийм …». «Ясин» дешна волучу хенахь басехь хьалхачул а хазвелла, товелла, цIен бос лепаш дIахIоьттира Хьасан.

… Кешнийн охIланан а, цуьнан ненан а Iодика а йина, юхадирзича: – Бадрудди, вайн Дела, Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), эвлаяаш реза хуьлда хьуна! Доккха вошалла до ахь суна со хьала мел веа а. Хьуо хьийзорна къинтIера вала. Чохь хIусамнене ХIазане а, кхечаьрга а салам-маршалла луо.

– Делера салам-маршалла хуьлда. ДIа-м вохуьйтур вац. Чай ца молуш-м…

– ХIан-хIа. Ма ала. ОхьагIур ву со. Хьан тароне, эшаре ца хьоьжуш хIора шарахь айса лардечу хIокху дийнахь хьо а хьийзаво ас. Кхул тIаьхьа ас хIара де меллалц лардийр ду-м ца хаьа…

– ДIавалахь, Хьасан, ахь-м хьийза ца дора. Хьо гар, хьоьга вистхилар доккха совгIат хеташ ма ву со а, вайн чохь берш а.

– Хаьа, дера хаьа. Ткъа тахана дIавахийта со.

– Мел баьхча а, цкъа хIан-хIа аьлча, хьо Iийр вац.

– Тахана – вац… ТIаккхахула Дала дайттинарг дер вай… КIант Дела реза хуьлда хьуна, хьайн дега Ахьмаде салам-маршалла луо. ЦIе яьккхича цунна вевзар ву хьуна со, – аьлла, цхьа тамехь велааьшна хилира Хьасан.

ГIала йоьдучу такси тIехь иза дIа а хьажийна, со а, Бадрудди а цIа вахара. Чоьхьа ваьлча, юург кечъеш йолчу нанна ма воьддура маракхийтира со. Сан бIаьргех ша-шах хиш хьаьвдира юха а. Сан чIогIа велха дог дара, нана а хьоьстуш. Айса муха олу а ца хууш: «Нана, къинтIера ялахьа суна!» – элира ас.

– КIант, ахь хIун до? Хьуна хIун хилла? Со санна вайн Дела къинтIера волийла хьуна, – аз дегош, жимма юха а таьIаш сан бIаьргаш чу хьаьжира нана. Уьш-м доьлхуш дара.

БIаьрхиш дIаса а хьаькхна: «Нана, хIумма а ца хилла. ХIумма а, – элира ас. Юха, жимма сайн са юха а тоьхна, дийцира: «Нана, тахана цхьа тамашийна, безамехь воккха стаг гира суна. Цо ала а аьлла, цуьнца цхьаьна вайн кешнашка ваханера со гIалара хьалавоггIушехь. Шен ненан кошан барза тIе охьа а воьжна: «Нана, къинтIера ялахьа суна», – бохуш воьлхуш цо динарг деш стаг ца гинера суна. Ма чIогIа воьлхур-кха иза, юхаверза ца туьгуш. Цунах дели-кх суна хIара… велхар, къахетар.

– ХIа-а. Хьасан хилла хир ву хьуна. Хьасан ярий цуьнан цIе?

– Яра.

– Ша жайнашкахь вийцина Увайсал-Къарний вацахь, иза санна нана реза йина кIант-м вац хьуна, суна а хууш. Шен нана дIайоьллинчу дийнахь хIора шарахь вогIий, шен нанна воьлхий, цуьнга шена къинтIера ялар доьхий дIавоьду иза. Цунна муха ер яцара нана къинтIера, – тIунделира цуьнан бIаьргаш.

– Нана, хIинца суна а хии-кх, и Хьасан бахьанехь, хьоьца со муха хила веза…

Нанас къевллина маравоьллира шен кIант.

С.ДАДАЕВ

№63, шинара, хьаьттан (август) беттан 15-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: