Нийсо йича хуьлу барт

«Воккха стаг беркат ду» олучарах вара Воккха-Дада. Дан а дара иза куьпана, юьртана, кIоштана беркат. Дика-вон Iоттаделча, наха уггаре а хьалха воьхий, вуьгура иза: «Хьо ца веача янне а йиш яц, хьо тхуна чIогIа оьшу», – олий.

ТIаккха иза ваха а воьдура, хамталлаш ца лелош, бехказлонаш ца лоьхуш. Шен Iасанна кIеззиг тIе а тийжаш, новкъа волура Воккха-Дада, некъ беха белахь а, бацахь а. Дикане кхайкхина вигнехь а, вуоне кхайкхина вигнехь а дийца хьекъале, хьикмате хабар хуьлура цуьнан, эшахь синтем беш, ийман чIагIдеш, собаре кхойкхуш, дог ир-кара хIоттош.

Тахана а баьхкинера нах, иза хьашт хилла. ХIокху юьртарчу Iумин кIант Iумар, юьртара туркх, вара хьалхаваьлла веанарг. Цо дийцира шайна Воккха-Дада стенна оьшу.

«Вайн юьртарчу Исрапилан а, Мусан а ши кIант, къаьркъа а мелла, вовшах летта. Исрапилан кIанта Мусачунна йиттина, гIиба валлалц. ХIинца шаьш иза дуьтур дац бохуш, дов хьедеш бу МусагIар. Хьашт доцург хила гIерта. МаслаIатана хьо юкъа ца валахь гIуллакх гена дала тарлуш ду, цунах царна сингаттам баьлла ца Iаш юьртана а сингаттам бала сахьт дац. Цара шайн цIийнан, тайпанан нах девна юккъе озабахь баьлле а бу сингаттам», – далхийра шен дагахь дерг Iумара.

– Кхийти. ГIуллакх хьем бечохь дац. Шу юучух кхетташехь, сайна тIе-кога юьйхина, со араволу шуна, – аьлла, сов цIа чу велира Воккха-Дада.

Оцу сохьта коьрта холхозан куй тиллина, гIовтал тIеюйхина, кога маьхьсеш юьхина аравелира. Араволуш схьаийцира сонехь лаьтташ йолу шен Iаса.

«Ла хьавла вала къуввата илла биллахIил Iалиюл Iазим», – аьлла, хьалхавелира. КетIахь лаьтташ машен яра.

Жимачу стага хIара чухаийта неI схьайиллира. Бисмилла а даьккхина Воккха-Дада машен чу хиира. Масех минот ялале МусагIеран кевна хьалха сацийра иза. Цу чуьра охьавоьссина, церан уьйтIа велира Воккха-Дада.

– Муса, чохь дуй шу? – хаьттира цо, шаьш дуй хаийта.

ХIара вистхуьлу хезча, Мусан кхаа кIантах жимах верг аравелира. Кхарах бIаьрг кхетча, тIевеара: – Марша догIийла, Воккха-Дада. Ма дика ду шу даьхкина, чудуьлол.

– Маршалла хуьлда, маьрша дехийла. КIант, шун да чохь вуй?

– Ву.

– Хьалха валал. И волчу чу дигал тхо.

– ХIан-хIа, дада, хьо хьалха валахь.

– Вер вац. Хьайга аьлларг дел ахь.

Салам а делла Воккха-Дада а, цуьнца цхьаьна болу кегийрхой а чоьхьа бевлира, «Дика мел дерг хIокху хIусаме» а олуш.

Воккхачу стагана баьрче а юьтуш, неIарехьа велира хIусамда. Цо хIоттийна гIиллакх тергалдира воккхачу стага. Цунна иза тайра. Хьеший охьахевшина, паргIатбевллачул тIаьхьа вовшашка хьал-де хаьттира цара а.

Цул тIаьхьа, йоццачу хана хIоьттина тийналла йохош, Воккха-Дадас геннара долийра: Муса, цхьаволу стаг кху дуьненахь къена къанваллалц хан йоккхий дIавоьду, ур-атталла шен юьртахь яккха цIе а, гIуллакх а ца дуьтуш, цхьанна а вевзина а воцуш. Ткъа цхьаверг юьртахь а, махкахь а яккха цIе а юьтуш дIавоьду, ша дуьненахь яьккхинарг дакха хан яцахь а.

Кхелхинчул тIаьхьа а шен нийсархойн, тIаьхьенийн иэсехь баха буьсу иштта къонахий. Муса, хIокху керташкахь баьхна шун дай, хьан да Iийса, цуьнан да Идрис шайх лаьцна ала дика дош долуш, шайна тIедеанарг дерзо-листа хууш, хьекъал, кхетам, собар долуш къонахий бара. Хьо церан кIант ву. Царах тера ца хилча эхь ду хьуна а. И хууш церан цIе ларйина ахь. Хьайна тIе пIелг хьажо хIума ца дитина. Хьо юьртахь вевзаш ву. Дикачу орама тIера волу хьо кхечу кепара хуьлийла а ма дацара…

Ас ца дийцича а, со хIокху керта хIунда веана хаьа хьуна. Хьо хьекъал долуш стаг ма ву. Хьох бIобулуш ца хилча, со хIокху керта вогIур вацара. Хьен-хьенан неIар тIе хIуьттуш вац со а.

… ХIинцца, цхьа ахсахьт хьалха хIокху чуьрчу бераша дийцича бен ца хии суна кху чуьрчу кIентан а, Исрапилан воIан а вовшашца дар-дацар, буй-тIара хиллий. Муса, ишттаниг а хуьлуш хуьлу. Кегийрхойн хьекъалш ма дац. Аьрха бу, челакха бу. Собар дац. Кханенан ойла ца йо. Вайн Iуналла а, терго а, хьехам а оьшу царна.

Дов а долуш хуьлу. ДIаса тохар а нисло. Амма, маггане а мегар дац, шайтIа а толийтина, дов кIаргдалийта, цунах питана далийта. И хиларна кхоьруш, шуьга дехаре веана со, шун амал евзаш. Шу сихдаларна кхоьруш. Аш иблисана луург даккхарна кхоьруш.

Муса, хьуна ас хIун дуьйцу дика хаьа. Амма суна ца хаьа цу шинна юкъахь дов хIун бахьана долуш даьлла, цу шинна юкъадоьжнарг хIун ду. Аш цунах дерг дийцича, хуур-м дара суна. И хаа а лаьа суна, ма-дарра. Хьан пурбанца, кху чуьрчу оцу кIанте ладугIур дара ас. Цунна ма хаьа хилларг-лелларг муха ду. Муьлхарниг ву иза?

– Кху чохь вац иза. Дехьа чохь ву. Хьох бехк лаьцна, чу ца вогIуш Iаш ву иза, – элира Мусас.

– Иза чукхайкха вай, цуьнга ладогIа вай? – хаьттира воккхачу стага.

– Со вистхила мегар дарий? – элира неIарехь лаьттачу кхааннах цхьамма.

– Мегар ду. Вистхилал.

– Со цуьнан воккхах волу ваша ву. Цо соьга а, хIокху шен накъосте а дийцина дерриге а. Тхан ваша, хьо а, Дада а кху чохь волуш, кху чу вогIур вац. Шуна хьалха а хIоьттина дан къамел дац цуьнан я къамел дан юьхь а яц цуьнан. Со а вацара шуна хьалха вистхуьлу. Делахь а, аш бохуш хилча, хилларг цхьамма ца дийцича ца долу-кх.

– Тоьар ду. Схьадийцал, ма-дарра, – тIедожийра Мусас.

– Кхуьнга, Салмане дийцийтахьа, цо атта дуьйцур ду, – шен вешин доттагIчуьнгахьа корта ластийра цо.

– Дийцал тIаккха.

Эхь-бехк хетта цIийвелира иза. Юха, юкъ-кара талкха а эккхаш (баккхийчарах эхь хетарна) дийца волавелира Салман: Шух долу эхь-бехк Дала лардойла. Нийса дерг довзийта, ма-дарра дуьйцур ду ас.

– Цхьаьна сакъоьруш, аьлча а, къаьркъа молуш Iаш хилла хIара шиъ. Дикка кеп хиллачул тIаьхьа дош-дашера даьлла. ТIаккха, хьала а иккхина, вовшах летта. Исрапилан кIанта, охьакхетча а ца вуьтуш, йиттина Мусан кIантана. Йиттина гIиба валлалц. И ду кхарна а, суна а новкъа деанарг. ХIорш цунна и дита ойла йолуш а бац…

– Ас сайн вешина динарг дуьтур дац. И кара ца вогIуш Iаш ву со. Ас сайн декхар цIадерзор ду, – юкъахваьккхира Салман Мусан воккхах волчу кIанта.

– Хьо сих ма ло. Сихалла шайтIанера ю. Вай нийсо лохур ю. ТIаккха бехк хьенан бу а хуур ду. Бекхам бан богIу ца богIу а хуур ду. Вай шарIана тIетевжаш, цо бохург деш хила ма деза… ШарIо бехке деш ду къаьркъа малар. Аш дийцарехь, и ши кIант маларх кхетта хилла. ТIаккха бехк хIокху чуьрчу кIентан а, Исрапилан кIентан а хуьлу. И шиъ мелла ца хиллехь дов дер дацара, и шиъ летар вацара. Бехк къаьркъанан бу, аьлла дита деза хIара гIуллакх кхин кега а ца деш, кхунах питана а ца доккхуш, – бохура Воккха-Дадас.

Исрапилан кIантана бекхам бан сакIамделла Муса а, цуьнан кIентий а хIинца ца кхетара воккхачу стага дуьйцучух. Цара иза къобал ца дора. Воккхачу стагана хаьара уьш шех ца кхетий а, ша бохург цара къобал ца дой а. Цо кхидIа а къамел дора: – Къаьркъа ца меллехь хIумма а хир дацара. Къаьркъа зуламан нана ю баьхна вайн дайша. Иза харц хила йиш яц. ХIокху шина кIанта, къаьркъа а мелла, дижина Iуьллуш долу зулам гIаттийна. Шуна а, ИсрапилгIарна а сингаттам баьккхина. Кхузахь бекхам бан беза бохург догIуш дац. Беш белахь а бекхам къаьркъанна бан беза, шайтIанна бан база.

Шега ладугIуш болчаьрга, ша дийцинчун ойла йойтуш сецира Воккха-Дада. Тийналла хIоьттира чохь. Муса хIинца кхетара цо дуьйцучух. Хиира иза стенна тIеван гIерта. Даго къобал ца дахь а, кхетамо къобалдора и дерриге а.

– Оцу шина кIанте малар дитийта деза. И шиъ куьйге вахийта веза. Ойла цхьаьна йогIуш, вовшех дика кхеташ цахиллехь и шиъ цхьаьна сакъера аравер вацара. Делахь-хIета, и шиъ куьйге а вахийтина, цаьршинга вовшашца доттагIалла леладайта мегар ду. Кхин доккха зен-зулам, бохам, сингаттам ца хуьлуш хIара дIадерзарна тIера, сагIа доккхуш, мовлад дешийта деза. Реза дуй шу? – дерзийра Воккха-Дадас.

Мусанан а, цуьнан берийн а ойла хийцира цуьнан къамело. Иза бакълуьйш вара. Къаьхьа бакъдерг дара иза. Ойла йича, Воккха-Дадас ма-бохху дан а дара иза. ХIинца Мусан бераша Исрапилан кIантана еттарх кхеран толам хила а я сий дожа а меттиг яцара. Хилларг къаьркъа меллачохь хиллера.

Нахана хIорш муьлш бу хаьара. Иштта хаьара кхаьрга, лиъча, декхалур дуй. Хаьара. ТIаккха кхарна гIолехь а, сийлахь а дара маслаIатана араваьллачо бохург дар.

МаслаIатана веанчу Воккха-Дадас, ша дийцинчух, шен къамело бинчу Iаткъамах тоам ца беш, элира: – ХIара гIуллакх кханенга ца тоьттуш, тахханехь дIадерзо деза вай, Муса. Шун дагахь дерг а хаьа. Цунах а кхета. Делахь а, шайтIанан букъ каглун болу хIума дийр ду вай, Дала мукъ лахь. Шу жимма собаре а, кхетаме а хила. ТIаьхье беркате а хин йолу гIуллакх дийр ду вай хIокху Делан сохьтехь.

Iумар, хIинца катоххий ИсрапилгIаьрга а гIой, цуьнан кIант схьавалавел вайна хьалхха. Ас бохура аьлча Исрапила и волу меттиг юьйцур ю, схьа а воуьйтур ву. Цунна хаийта вайн кхузахь хиллачу къамелах а, бартах а дерг, вай дан хьийзош дерг.

Шеца цхьа-ши накъост вуьгуш дIаваханчу Iумара дукха хан ялале керта валийра Исрапилан кIант. Иза арахь сацор хьехнера царна воккхачу стага. ЧIогIа эхь-бехк хетта, цIийвелла, холчу хIоьттина вара иза. ЮьхьIаьржа вара. Къаьркъа мелла ца хиллехь ша цкъа а ден доцург даьллера цуьнгара. Иза шен бехкана къера вара.

Мусагара пурба а даьккхина, кIант чувалавайтира Воккха-Дадас. Иза чоьхьа ваьлла, неIарехь сецира, лаьтта бIаьра хьажийначуьра ши бIаьрг дIа ца боккхуш. Чувалийра Мусан кIант а. Исрапилан кIанте цкъа хьалха шена Муса а, цуьнан кIентий а къинтIера бахийтира.

Юха ши кIант куьйге вахийтира, цхьаболу кегийрхой гIеххьа реза а боцуш. ТIаккха вовшах леттачу шинна эхь хоьтуьйтуш, бехк баьккхира воккхачу стага: … Шаьшшиъ хьенан ву ца хаьара шуьшинна? Шайн дайх эхь ца хета шуна хIинца? Шуьшингахь товш ду тIаккха, и тIинг а мелла, вовшашна коча вахар? Эхь ду шуна иштта ледара хилча.

Эхь! ХIокхул тIаьхьа суна ма хазийталаш шайгара и ледарло яьлла бохуш. Ас могуьйтур дац шуна… ХIинца хIара, Исрапилан кIант, дIавига. Вай лелийнарг Исрапиле дIа а тоха. ЧIогIа сингаттамехь хир ву и пекъар.

Шина кIантана хиира шаьшшинга хIун боху. Цара шайн дагца чIагIо йира шайгара иштта юьхьIаьржо кхин ца ялийта.

Цара шайн дош лар а дира. Исрапилан а, Мусан а доьзалшна юкъахь барт, маслаIат хилира, шина кIантана юкъахь – доттагIалла. Иштта хила а догIура иза. Нийсо йича, барт хуьлу.

С.ХАСАНОВ

№63, шинара, хьаьттан (август) беттан 15-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: