Республикехь 417,7 эзар тонна буьртиган ялта гулдина карарчу шарахь

Нохчийн Республикин юьртан бахаман белхалоша шо шаре даларца алсамдоккху сурсаташ гулдар.

ДIадаханчу шарахьчул 100 эзар тонна алсам ялта гулдина хIокху шарахь. Иштта хаам бо Нохчийн Республикин юьртан бахаман министра Дадаев Мусас.

– Ялта дIадийна хиллачу 152,8 эзар гектара тIера ялташ чудерзийна девлла. ХIокху шарахь ялта дIадеран майда 18 эзар гектарана алсамъяьккхинера. Гектара тIера юккъера хьекъар 27,3 центнер а хуьлуш, чудерзийна 417,7 эзар тонна ялта, – дийцира М.Дадаевс.

ДIадаханчу 2016-чу шарахь гулдина 315 эзар тонна ялта цул хьалхарчу шерашкахь гулдинчул а гIеххьа алсам дара. Хазахета хIокху шарахь и барам кхин а 100 эзар тонна совбаьлла хилар.

М.Дадаевс дийцарехь, 2017-чу шарна йолчу прогнозаца регионехь ялта схьагулдаран юкъара барам 260 эзар тонна бен ца хилла. Республикехь юкъара хьекъар 160,4 процентана кхочушдина.

Карарчу хенахь рапса чуерзош ю регионехь. Иштта, Теркан, ТIехьа-Мартанан, Невран кIошташкахь маьлхахIуш чудерзоран болх дIаболийна.

Хь.АВХАДОВА

№64, пIераска, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: