Вевзаш волу пластикин хирург веана Нохчийчу

ХIокху деношкахь Нохчийчоьнан могашалла Iалашъяран министра Сулейманов Эльхана кхайкхина валийна Соьлжа-ГIалахь ву эвна доцуш (бесшовный) пластикин операцеш еш волу, Россехь гIараваьлла вевзаш волу хирург Хачатрян Вардан.

Карарчу хенахь Соьлжа-ГIаларчу Ш.Эпендиевн цIарахчу республикин клиникин больницехь блефаропластика (лакхара бIаьрганегIарна тIера сов чкъор, оьзигашна бухара къуркъалаш дIаяхаран операцеш) дIахьош ву иза. Цуьнан балхе хьовсуш регионера дуккха а хирургаш бу.

Э.Сулеймановс билгал ма-даккхара, В.Хачатрян вайн регионе кхайкхаран коьрта бахьана цуьнан зеделларг довзийтар ду.

– Хьаьттан (август) беттан 23-гIа де тIекхаччалц Нохчийчохь хир волуш ву хирург. Цо ша юкъаяьккхина эвна доцуш операцеш дIаяхьаран 6 методика ю. Оцу методикашца 3500 сов операци дIа а яьхьна цо. Вардана болх бинчул тIаьхьа дегIа тIера чевнаш йоццачу хенахь дIайоьрзу, моьнаш ца дуьсу, – дийцира могашалла Iалашъяран министра.

В.Хачатряна шен къамелехь билгалдаьккхира республикин больницехь мел оьшуш болу гIирс хилар а, болх бан кхоьллина атта хьелаш хилар а, цигахь болх беш лаккхара говзалла йолу лоьраш хилар а.

– Ишттачу коллективаца болх самукъа а долуш бо. Карарчу хенахь дуккха а ультрапластикин операцеш йина оха. Пациенташ дикачу хьолехь бу, реза бу балхана. Ишттачу больницехь муьлхха а чолхе операцеш дIаяхьалур ю, – элира цо.

Хь.БАХТАЕВА

№64, пIераска, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: