Вовшашна кхерамаш тийсинехь а, тIаьхьарчу деношкахь Iамаркан а, Къилбаседа Корейн а куьйгалхоша тIом хьехор лагIдина. Делахь а, США-н а, Японин а эскарш цхьана хеннахь тIеман Iамораш дIахьош ду. Цигахь дакъалоцуш десантникаш а, бронетехника а ю.
***
ООН-н Генеральни секретара А.Гутерреша къобалдина Къилба Корейн куьйгалло шен лулахочуьнга – Къилбаседа Корейн куьйгалхочуьнга – маслаIат дан некъаш лахар доьхуш кхайкхам бина хилар, ша къамелана кийча хилар хаийтар.
***
Нигери пачхьалкхехь юха а теракт йина. Оцу бохамехь лаххара а 30 стаг кхелхина, ткъех стагана чевнаш хилла. Бакъонаш ларъяран органашна хетарехь, и зулам дарна бехке бу «Боко-Хьарам» боламна юкъара террористаш.
***
Хонкаран лерринчу службийн а, бакъонаш ларъяран органийн а белхахоша хIокху деношкахь схьалаьцна «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашна юкъара 5 террорист. Цара даре дина шаьш Истамбулехь цхьамогIа теракташ ян дагахь хилла хилар.
***
Къилба Чинехь чIогIа догIанаш дахкар бахьана долуш токхамаш а хилла, хиш, деста а дистина, ярташка а хьаьдда. Iаламан оцу бохамехь 5 стаг кхелхина. Бохамах кIелхьаравоккхуш 4 эзар сов стаг кхечу меттигашка ханна дIакхалхийна. Уьш дIатарбина четаршкахь а, юкъараIойлашкахь а, кхечанхьа а.
***
США-рчу Гавайехь тIеман вертолет доьхна, стиглара чудеана. Цу тIехь хилла 5 стаг кхелхина. Уьш берриге а кеманан экипажан декъашхой бу. ДIахьош ду вертолет дохаран бахьана хIун хилла хьожуш талламаш бар.
***
Шемин пачхьенехь Дамаскехь дIахьош ю махлелоран дуьненаюкъара ярмарка. Цигахь дакъалоцуш бу кхечу пачхьалкхашкарчу 43 компанин векалш. Царна юкъахь Россера компанеш а ю. Мах бина ца Iаш, цигахь дIахьур ду компанеша вовшашца барташ бар а, зIенаш тасар а.
***
Германин канцлера А.Меркела дIахьедина дизелан мотораш йолу машенаш арахецарна а, царах пайдаэцарна а ша дуьхьал хилар. Цу тайппана дIахьедар цо дина киралелочу машенна тIе кхин машен а кхеташ некъан-транспортан бохам хиллачул а, цигахь 5 стаг кхелхинчул а тIаьхьа.
***
Таджикистанан Iедало дихкина школашкахь доьшуш долчу божаберашна маж лелор а, зудаберашна хиджаб лелор а. Дуьненахь а бусалба динна маршо яьллачу хенахь ойла Iесаллехьа лестина Таджикистанан куьйгаллин. Оцу бехкамна резабац дукхахболу таджикаш.
***
Донецкан бакъонаш ларъяран органийн белхахоша масех де хьалха схьалаьцна Украинерчу диверсантийн тоба. Цара дийцарехь, уьш Донецке хьовсийна лелхийтарш дан а, питанаш тийса а, эладита даржо а, аьтто баьл-баьллачохь маьршачу нахана дуьхьал зуламаш дан а.
***
Россин Призидент В.Путин стомара Калининградехь хилира. Цо цигахь кхеташо дIаяьхьира Къилбаседа Малхбузен федеральни округехь транспортан система кхиоран гIуллакхашкахула. Президентан цхьаьнакхетар хилира губернаторан декхарш ханна кхочушдеш волчу А.Алихановца.
***
«Мегафоно» иск йина Россин оборонин министерстве шена тIехь долу 4,3 миллион сом декхар схьадалар доьхуш. Оцу механа ду цо кхочушдина долу ведомствон хьашташ.
№64, пIераска, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2017 шо