Хьаьттан (август) беттан 15-чу дийнахь дуьйна Нохчийн Республикехь дIакхайкхийна асаран бецашца къийсам латторан бутт.
Нохчийн Республикин Правительствехь хиллачу кхеташонехь оцу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара. Кхеташонехь дакъалецира министерствийн а, кIоштийн администрацийн а куьйгалхоша.
А.Эдельгериевс кхеташонан дакъалацархошна йовзийтира «Нохчийн Республикехь амброзица а, асаран кхечу бецашца а къийсам латторан хьокъехь» Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Распоряжени.
Оцу Распоряженица нийса а догIуш, хьаьттан беттан 15-чу дийнахь дуьйна республикехь дIакхайкхийна асаран бецашца къийсам латторан бутт. Къаьсттина шена тIе тидам бохуьйтуш ду амбрози олу асар. Хууш ду, и асар бахьанехь аллергин цамгарш гучуюьйлуш хилар.
«Шуна тIе дуьллуш ду ярташкахь а, нехан доларчу керташкахь а, некъийн йистошкахь а, ведомствийн латтанаш тIехь а асаран бецашца къийсам латторан болх вовшахтохар. Къаьсттина а оцу декъехь болх бар тIедужу Нохчийн Республикин юьртан бахаман министерствона, хIунда аьлча дуьйш-дерзош доцчу латтанаш тIехь амбрози чIогIа яьржина хиларна», – элира А.Эдельгериевс. Цо хаийтира оцу белхан жамIаш хIора кIирнах дийриг хилар.
Кхеташонехь иштта хьаьвсира кIоштийн куьйгалхошна а, кхечу дакъалацархошна а къасто лиъначу гIуллакхашка. Ша аьлча, Грозненски кIоштан куьйгалхочо Хасиев Бекхана хаийтира кIоштан цхьамогIа ярташкахь хица кхачояр кхачаме цахиларх бахархойн аьрзнаш хиларх дерг. Цуьнан коьрта бахьана электроэнерги тоаме цахилар ду.
«Ток тоьаш цахиларна хи тоттучу насосийн мотораш сих-сиха юху, юха уьш тоян хан а, харжаш а оьшу, ткъа лазаме дерг – бахархой еххачу ханна хи доцуш буьсу», – билгалдаьккхира Б.Хасиевс.
А.Эдельгериевс хаийтира кхеташонан дакъалацархоша айъина гIуллакхаш дерриге а тидаме оьцург хилар. Ткъа сеташкахь ток тоьаш цахиларх дерг аьлча, Правительствон Председатела билгалдаьккхира Къилбаседа Кавказан МРСК-с Нохчийчуьра токан линеш кхиорна кхитIе харжаш ян лерина хилар.
Хь.ХАКИМОВ
№64, пIераска, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2017 шо