Лаьмнийн кIошташ кхиорна – леррина тидам

Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара Нохчийчоьнан лаьмнийн кIошташ – Веданан, Шуьйтан, Нажи-Юьртан, Итон-Кхаьллан, Шаройн – социально-экономикин декъехь кхиоран программа кхочушъяран гIуллакхашна лерина кхеташо дIаяьхьира Соьлжа-ГIалахь.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Усмаев ВахIита, республикин Правительствон Председателан заместительша Байтазиев Муслима, Хакимов Хьасана, министерствийн а, ведомствийн а, лаьмнийн кIоштийн а куьйгалхоша, кхиболчу официальни наха.

Премьер-министра билгалдаьккхира лаьмнийн кIошташкахь туризм, промышленность, юьртан бахам, жима а, юккъера а бизнес кхио яккхий таронаш хилар.

Цо дийцарехь, республикин кIошташкахь дахаран хьелаш лакхадахархьама муниципальни Iедалша а, хьакъ йоллучу ведомствоша а комплексни гIуллакхашдар оьшу.

«Вайн лаьмнийн кIошташ Iаламан тIаьхьалонашца а, исбаьхьчу Iаламца а, климатан башхачу хьелашца а гIараевлла ю. Ткъа меттигера бахархой къинхьегамна тIера хиларца а, гIуллакхан жигараллица а къаьсташ бу. Агропромышленни комплекс кхиорна а, заводийн, фабрикийн гIишлошъярна а, бизнес лело догдаийтарна а шортта таронаш ю вайн. Дикка ойла а йина, дагалаьцна керла дIадолораш а, хьакъ мел йолчу министерствошкара, ведомствошкара, меттигерчу шаьш-шайна урхалладаран органашкара гIо-накъосталла а оьшу вайна. Тахана юьхьарлаьцна некъ кхочушбарехь ницкъ ма-ббу къахьега декхарийлахь ю билгалъяьхна учрежденеш. Иза, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана вайна хьалха хIиттийначу, коьртачу Iалашонех цхьаъ ю», – элира А.Эдельгериевс.

Цо билгалдаьккхира лаьмнийн кIошташ кхиоран коьртачу билламех цхьаъ инвестицийн таронаш кхочушъяр (царах пайдаэцар) хилар. Лаьмнийн кIоштийн экономика кхиорна хьелаш юкъаозорехь меттигерчу куьйгалхойн йоккха жоьпалла хиларна тIе а тидам бахийтира Премьер-министра.

«Россин а, кхечу мехкийн а компанеш вайн республикица чIогIа бала болуш а, вайца цхьаьна жигара къахьоьгуш а ю. Вайн накъосташка вай кховдошъерш баккъал а пайде а, уггаре кIезиг кхерам болу а проекташ хила еза. Иштта, инвесторшна бюрократин дуьхьалонех чекхбовла ницкъ ма-ббу аьтто бан а беза вай. Оцу гIуллакхехь къаьсттина жоьпалла ду кIоштийн куьйгалхошна тIехь», – дерзийра А.Эдельгериевс.

А.СУЛИМАНОВА

№64, пIераска, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: