Лулахой болчохь

ТIаргIа къажбаран фабрикица – уьйраш

ЧЕРКЕССК. ГIирма Республикера тIаргIа боккхуш берш доккха хьашт хиларца хьуьйсу Кхарачойн-Чергазийчохь йолчу тIаргIанах гIуллакх даран а, иза къажбаран а фабрикин коллективаца герггара уьйраш тасаран гIуллакхе. Цунах лаьцна дийцира предприятин директора Халкечев Марата.

Регионан промышленностехь «Квест А» юкъаралла уггаре а яккхийчарах цхьаъ ю. Фабрика йилларан инвестицийн проект кхочушъярехь Къилбаседа Кавказан федеральни округехь доккха гIолацар карийра. Россехь дуьххьара Кхарачойн-Чергазийчохь цхьана майданахь вовшахтуьйхира тIаргIанах гIуллакх дар, цунах тIергIан аса яр (топса), ткъа лентех – къоьжа бар (100 процент тIаргIа). Шарахь къоьжан барам 2,5 эзар тонне дIакхочу.

Фабрикин продукци Россин дукхах йолчу регионашкахь йоьхкина ца Iаш, дозанал арахьа дIа а йохьуьйту. Къаьсттина мехала ду цунах шех дIаболу мах лахара хилар. Хонкарара а, Германера а вай долчу кхочуш болчу къожал лахара яц цуьнан дикалла.

МеттахIитто йолийна чухчареш

БУРУ-ГIАЛА. Къилбаседа ХIирийчоьнан пачхьенехь меттахIитто йолийна тахана гIуллакх ца деш лаьтташ йолу чухчареш. Мэрехь бечу хаамца, герггарчу хенахь царах шиъ болх бан йолаялийта билгалдина.

Цигахь иштта тидам тIебахийтира хIордан гIашсалтийн урамехь йолчу чухчарешна оьшуш болу гIирсаш эцна хиларна. Говзанчаша дIадолийна уьш дIахIиттор. А.Кесаевн урамехь йолчу чухчари тIехь а и тайпа белхаш дIаболор бу герггарчу деношкахь.

Кхин цхьаъ ду. ХIара хан тIекхаччалц билггал да воцуш хилла гIалин чухчареш гIала хазъеш-тояран урхаллин а, Буру-ГIалахь йолчу садаIаран а, культурин а «Радуга» туьшан а балансе дIаяла сацам хилла шахьаран куьйгаллин. Цо таро хуьлуьйтур ю хин объекташ Iалашъяран гIуллакх тодан.

Адыгейхь – кинологин туш

МАЙКОП. Пачхьалкхан экспертизо чIагIйина кхузахь Къилберчу таможнин урхаллин кинологин керла туш йиллар. Карарчу хенахь гIуллакх деш йолчунна уллохь 7,5 гектар латта а къастийна оцу гIуллакхна.

Проектаца билгалдина юкъараIойла, дешаран корпус, спортан зал, жIаьлеш Iаморан майда, царна бегIийла вольераш, гIоьналлин а, бахамаллин а гIишлош яр. Аьлча а, дерриге а хьелаш кхуллур ду кинологаш Iаморна, зеделларг долчу говзанчийн корматалла лакхаяккхарна. Туш гIуллакх дан йолалур ю 2019-чу шарахь.

Хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА

№64, пIераска, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: