Дозанал арахьа Iан дIавоьдучунна хаа деза…

ТIаьхьарчу хенахь Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолчу отделени а, цуьнан меттигерчу органашка а кхочу Россин дозанал арахьа гуттаренна а баха дIабоьлхучу (дIабаханчу) нахана пенсеш, пособеш, кхийолу социальни гIоленаш яран къепе, некъаш довзийтахьара бохуш бахархоша яздина дехарш.

ТIехулара бIаьрг тоьхча-м иза атта гIуллакх ду аьлла хета а тарло. Амма Россин Федерацин дозанал арахьа гуттаренна а баха дIабоьлхучу (дIабаханчу) нахана пенсеш, пособеш даларан, кхийолу социальни гIоленаш яран бакъонийн механизм, ма-дарра аьлча, шен билггала башхаллаш йолуш ю.

Юьххьехь тидам тIебахийта беза гIуллакхдеш долчу Федеральни Законо билгалйинчу оцу къепенехь дикка хийцамаш бина хиларна, хьалхалерачуьнга хьаьжча иза дикка хийцина хиларна.

Иштта, «Страхови пенсийн хьокъехь» долчу 2013-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 28-чу дийнахьлерчу №400 йолчу (2016-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 19-чу дийнахь бинчу хийцамийн, тIетохарийн редакцехь) Федеральни законан 5-чу коьртерчу 27-чу статьяхь билгалъяьккхина ю оцу тайпанчу пенсионерашна страхови пенси хIотторан а, страхови пенси дIакхачоран а, дIадаларан а, страхови пенсешна билггалчу барамашкахь тIелуш долу ахчанаш дIадаларан а къепе.

Цу тайппана, вай дуьйцуш долчу законан статьяца пенсионерашна, гуттаренна а баха Россин дозанал арахьа дIабоьлхуш болчарна, леррина хIоттийна бакъо ю. Цуьнца нийса а догIуш, царна тIехь ду шаьш дIадоьлхуш хиларан хьокъехь Россин Пенсионни фондан меттигерчу органе шаьш дIадахале лаххара а цхьа бутт хьалха хаам бар. Цу тайпа хаам бо хьокъала доллу заявлени яздарца. И заявлени йозанан кепехь а, электронни документан кепехь а хила тарло. Иза чудаларан а, хIотторан а къепе чIагIйина «Пачхьалкхан а (я), муниципальни а хьашташ кхочушдарна оьшу электронни кепара документаш, заявлени а, кхидолу документаш чудаларан а, кечдаран а къепенан хьокъехь болчу Россин правительствон 2011-чу шеран мангалан (июль) беттан 7-чу дийнахьлерчу №553 йолчу сацамца.

Оцу нормативно-бакъонийн актаца билгалдо пачхьалкхан а (я), муниципальни а хьашташ кхочушдарна оьшу заявленеш а, кхидолу документаш а, электронни документийн кепехь чулуш долу, кхочушдаран Iедалан векалйинчу федеральни органаша кхечу заявленешна а, кхечу документашна а бечу лехамашца нийса а догIуш дIахьош хилар. Царна куьйгаш яздо «Электронни куьйгаш яздаран хьокъехь» долчу федеральни законан а, «Пачхьалкхан а, муниципальни а хьашташ кхочушдар вовшахтохаран хьокъехь» долчу федеральни законан 21.1 а, 21.2 а статьян лехамашца нийса а догIуш, заявленеш а, кхидолу документаш а дIало пачхьалкхан а (я), муниципальни а хьашташ кхочушдеш йолчу органашка а, организацешка а электронни носителех (я), хаамийн-телекоммуникацин юкъахь пайдаоьцучу сетех, цу юкъахь интернет сетах пайдаоьцуш я, органе я организаци вахча, цуьнан законехь волчу векалехула.

Иштта, пачхьалкхан а, муниципальни а хьашташ кхочушдаран дуккха а агIонийн туьшийн а, пачхьалкхийн а, муниципальни а хьашташ кхочушдаран (электронни носителех пайда а ца оьцуш), цхьааллин порталан а, заявленеш а, кхидолу документаш а электронни кепехь дIадала таро луш болчу кхечу некъан а гIоьнца.

Цул сов, вай юьйцуш йолчу статьяхь билгалдеш дац гуттаренна а ваха кхечу пачхьалкхе дIавоьдуш волчу пенсионеран лаамца цунна хIоттийна долу пенси ялх баттана хьалххе дIадалар а, Россин Коьртачу банко хIоттийначу курсаца кхечу пачхьалкхан валюте а дерзийна пенси дозанал арахьа дIадахьийтар, хьалха иза, 2015-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-ра де тIекхаччалц, деш хиллехь а.

Вай юьйцуш йолчу нормица нийса а догIуш, гуттаренна а ваха кхечу пачхьалкхе дIаваханчу гражданинна цунна хIоттийна страхови пенси Россин махкахь а, къоман валютехь а, аьлча а, соьмашкахь а бен дIа ца ло доверенностаца я кредитни организацехь йолчу цуьнан счета тIе а доккхуш, цо шега иза дIакхачорна хаьржинчу кепе хьаьжжина.

Даима а дозанал арахьа Iаш болчарна страхови пенси дIадаларна хIара документаш оьшу. Цу юкъахь:

1) Россин Федерацера гуттаренна а ваха гражданин (цхьана пачхьалкхера кхечу пачхьалкхе вахар) дIавахаран дийнан а, Россин Федерацин дозанал арахьа гуттаренна а ваха дIаваханчу меттиган а хьокъехь справка. Иза ло дипломатически векалалло а, Россин Федерацин консульски учрежденис а.

Напха латтош верг дIаваьллачу 18 шераш кхачазчу берашна, вежаршна, йижарийн берийн берашна а, билгалйинчу къепехь къинхегамна хьуьнаре боцуш леринчу гражданашна хIиттийна пенсеш схьаэцархьама церан бакъонца болчу верасаша билгалйина справка йоккху пенсеш хIиттийна болчарна а, церан бакъонца болчу векалшна а. Нагахь санна пенси дIадалар балхахь хиларца доьзна хилахь, ша аьлча, напха латтош верг дIаваларца, берашка, вежаршка, йижаршка я напха латтош хилларг валарна 14 шераш кхачазчу берийн берашка хьажарна, Россин законодательствос билгалдинчу кхечу хьелашкахь, иштта справка яла еза Россин дозанал арахьа балхахь хиларан я цахиларан хьокъехь.

Цу тайпа справка Россин Федерацин дипломатически векалалло, консульски учрежденис, кхечу пачхьалкхан охIла йолчу органо (даржехь волчу стага) елла хила езаш ю.

2) Гуттаренна а ваха Россин Федерацин дозанал дехьа ваьлларг дийна хилар чIагIдеш долу документ. Цу тайппана документ оьшу хIора баттахь пенси даларна. Иштта документ ло дозанал арахьарчу пачхьалкхан охIла йолчу органо (даржехь волчу стага), иза Россин Пенсионни Фонде шарахь цкъа дIаяла езаш ю.

Нагахь санна, дозанал арахьа йолчу пачхьалкхан охIла йолчу органо документ кхечу мехкан маттахь деллехь, Россехь иза хила ма-дезза кечдан деза – чIагIдан деза апостилаш хIиттош, нагахь санна и документ деллачу пачхьалкхаца Россин Федерацин правовой гIодаран хьокъехь бина барт бацахь, дIахьур ду, нотарально чIагI а деш, оьрсийн матте и документ даккхар. Иштта, США-хь делла дерриге а документаш апостилца чIагIдан дезаш ду.

Гражданин дийна хилар хаийта аьтто бу иза ша Россин Федерацин дипломатически векалалле я консульски учреждени я Россин махкахь йолчу Россин Федерацин Пенсионни фонде веана. Нагахь цо и дахь, акт хIоттор ду гражданин ша (цуьнан бакъонца волу векал) хьокъала боллучу муьрехь шена пенси далийтаран Iалашонца веана хиларан хьокъехь.

Берашна, вежаршна, йижаршна, напха латтош верг кхалхарца доьзна 18 шераш кхачазчу берийн берашна, къинхьегамна хьуьнаре цахилар билгалйинчу къепехь чIагIдинчу гражданашна хIиттийна пенсеш дIаоьцуш болчу церан бакъонца болчу векалша гражданин дийна хиларан хьокъехь а, пенси хIоттийнарш дийна хиларан хьокъехь а тоьшаллаш деш документаш охьадахка деза.

Цу тайпа документ ца делча а, ткъа иштта дозанал арахьарчу гуттаренна а ваха дIакхалхаран хьокъехь заявлени ца делча а пенси далар сацадо вай дуьйцуш долчу законан 24-чу статьяца нийса а догIуш. Цул тIаьхьа гражданин дийна хилар чIагIдеш долу а, оьшуш долу кхин а документаш чуделча, дIадоладо юха а страхови пенсеш законаца билгалйинчу къепехь а, хенахь а Россин Пенсионни фондан меттигерчу органашка деллачу заявленина тIе а тийжаш дIадалар.

I.ХАСАНОВ,

Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикин Отделенин юридически отделан хьаькаман заместитель

№64, пIераска, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: