Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин конференц-залехь регионехь экологин декъехь йолу проблемаш билгал а еш, уьш дIаяхаран некъаш дийцаре а деш, кхеташо хилира.
Цигахь дийцира экологин а, граждански юкъараллин институтан а уггаре лазамечу проблемех лаьцна.
Кхеташонехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Алиев Тимура, Нохчийчоьнан юьртан бахаман министерствон, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а,
юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан, экологин а, технологически а, атомни а терго яран Федеральни службин Нохчийн Республикерчу урхаллин, Аргунски пачхьалкхан историко-архитектурни
музей-заповедникан а векалша, кхечара.
Къамел долош вистхилира Нохчийчоьнан Юкъараллин палатин председателан заместитель, экологин а, гуонахара хьал лардаран комиссин председатель Каримов Iалу.
Цо билгалдехира 2017-чу шарахь экологин декъехь уггаре а хьалха дан деза гIуллакхаш.
Нохчийн Республикин Iаламан тIаьхьалонийн, гуонахара хьал лардаран министерствон хьун кхиоран а, цунах пайдаэцаран а отделан куьйгалхочо Тушаев Лоьмас шен докладехь довзийтира регионерчу хьаннашкахь долу хьал. Нохчийчохь тIеман кампанеш йолчу хенахь хьаннаш йохийна хилар, уьш таханлерчу дийнахь а тоеш схьадогIуш хиларх лаьцна дийцира цо.
– Вай таханлерчу дийнахь гуонахара Iалам лардеш ца хилахь, хьал тиша хир ду. Вайн мохк цIена бу, цуьнан цIеналла ларъяр вайна тIехь ду. ХIора стаг шен сица хила веза цIена, тIаккха гуонахара хьал а цIена латтор ду, – элира Л.Тушаевс.
Росспотребнадзоран куьйгалхочун заместитела Зайтаева Хедас шен докладехь дийцира регионехь делла дIаьхний дIадохкарна билгалйинчу меттигашкахь ларъян езачу бакъенех лаьцна.
– ДIадаханчу 2016-чу шарахь ерриге а Къилбаседа Кавказехь даьхнийн цамгар яьржира, и бахьана долуш дуккха а даьхний делира. Оцу хенахь даьхний дIадухку меттигаш дIаюьзнера, нахана цунах хьовзам ца хилийта и даьхний даго йина леррина меттигаш яра тхан. Карарчу шарахь хьал дуккха а гIолехь ду, Делан къинхетамца, – дийцира цо.
Наха садоIучу меттигашкахь нехаш яржорах, и проблема ерриге а регионехь герггарчу хенахь дIаяккха езаш хиларх лаьцна дуккха а дийцира гулбеллачара. Барт хилира и гIуллакх тайп-тайпанчу организацешца цхьаьна дIадахьа. ХIора ведомствон векална шаьш кхочушдан дезарг довзийтира кхеташо ерзош.
Хь.ДАУДОВА
№64, пIераска, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2017 шо