ХIора шеран хьаьттан (август) беттан 22-чу дийнахь вайн махкахь билгалдоккху Россин Федерацин пачхьалкхан байракхан де. 1994-чу шеран 20-чу августехь Россин Федерацин Президентан Указаца чIагIдина ду иза.
1991-чу шеран хьаьттан беттан 22-чу дийнахь Москвахь КIайчу цIенна тIехула дуьххьара леррина хьалаайъира кхаа басахь йолу Россин керла байракх. Марс а, жIов а тIехь долчу ЦIечу байракхан меттиг дIалецира цо.
Оцу дийнахь РСФСР-н Лакхарчу Советан сихонца вовшахтоьхначу кхеташонехь сацам хилира «таханлерчу дийнахь дуьйна кIайн, сийна, цIен – кхо бос болу кIади Россин къоман байракх лара», аьлла.
Дуьххьара кIайн-сийна-цIен беснаш долу байракх айъира Романов Михаилан кIанта Алексейс паччахьалла дечу хенахь, оьрсийн тIеман дуьххьарлерчу «Аьрзу» хIордкемана тIехь.
И хIордкема 1668-чу шарахь Голландерчу инженера Бутлер Давида дина дара. Амма «Аьрзус» керлачу байракхца кIезиг некъ бира хIордашкахула. Волга хи чухула Аштаркхане кхаччалц охьадахханчохь, Разин Степанан накъосташа дагийра иза.
Кхо бос болчу байракхан бакъволу да лору Петр Хьалхарниг. 1705-чу шеран кхолламан (январь) беттан 31-чу дийнахь байракхан хьокъехь Указ арахийцира цо.
Оцу Указаца нийса а догIуш, кIайн-сийна-цIен байракх хIора а хIордкемана тIехь хьалаайъина хила езаш яра. Паччахьа ша диллира хинйолчу байракхан кеп гойтуш долу сурт а, беснаш муьлхачу рогIехь хир ду билгал а даьккхира.
Бакъду, цо беснаш къасторан бахьана, кхин ца девзаш, иштта къайле хилла дисира. Хетарехь, «Аьрзу» хIордкема динчу голландхочо дийцина хила там бара оьрсийн паччахье шайн махкахь оцу кхаа басахь йолу байракх ойъу бохуш. Иштта дуьйцу, кIайчу басо – дикалла, сийначу басо – тешам, цIечу басо – майралла гойту, бохуш.
Бакъду, 1896-чу шарахь бен леррина (официально) тIеэцна яц байракх. Цу хьокъехь сацам бира юстицин министерствос, Николай ШолгIачун паччахьалла чIагIдечу хенахь.
Цул тIаьхьа, 1918-чу шарахь большевикаша, Свердлов Яков куьйгаллехь а волуш, и байракх дIаяьккхина, революцин билгало йолу ЦIен байракх билгалъяьккхира.
1991-чу шеран хьаьттан беттан 22-чу дийнахь Россин Парламентареша юха а чIагIйира кIайн-сийна-цIен –
кхо бос болу байракх. Иштта некъ бина вайн мехкан коьртачу кхаа билгалонех цхьаъ йолчу Россин пачхьалкхан байракхо.
Таханлерчу дийнахь Россин хIора а регионехь дIахьо пачхьалкхан байракхан денна лерина даздарш. Царах хьалхарчарна юкъахь ю Нохчийн Республика а. Тайп-тайпанчу цхьаьнакхетаршца, гуламашца, боламашца билгалдоккху вай долчохь мехкан коьртачу цхьана билгалонан де. Бераш а юьстаха ца дуьсу оцу денна – школашкахь а, берийн бошмашкахь а пачхьалкхан байракхан сийлалла, мехалла юьйцуш, цхьаьнакхетарш вовшахтуху.
А.ВАХАЕВА
№64, пIераска, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2017 шо