ПохIме яздархой дукха бу нохчийн кегийрхошлахь

355402

Кху деношкахь билгалбевлла Къилбаседа Кавказан къоначу яздархойн 7-чу Кхеташонехь дакъалоцур болу кегийрхой. Билгалъяьккхина Кхеташо хIора шарахь вовшахтуху Социально-экономически а, интеллектуальни а программийн фондо. ДIадаханчу шарахь Нохчийчохь хилира иза, ткъа кху шарахь ГIалгIайчохь дIахьур ю.(ХIора шарахь тайп-тайпанчу регионашкахь хуьлу иза).

2014-чу шеран март баттахь дуьйна дIакхайкхийнера Кхеташоне материалаш дIаэцар. Шайн говзарш яийтинарг верриге а 70 дакъалацархо ву. Царех 26 яздархо конкурсах чекхваьлла. Материалашна юкъахь поэзин, прозин, публицистикин, критикин жанрашкахь ерш а, иштта  октябрь баттахь Соьлжа-ГIалахь хинйолчу М.Лермонтовн цIарахчу литературин фестивалехь дакъалацарна леринарш а ю. Кхеташоне дуьххьара материалаш яийтинарг 44 стаг ву.

«Къона яздархой» программин вовшахтохархоша  «Арион», «Вопросы литературы», «Дружба народов», «Знамя», «Звезда», «Костер», «Москва», «Наш современник», «Новый мир», «Октябрь», «Современная драматургия» журналийн а, «Кольцо А», «Континент», «Пролог» интернет-изданийн а коьртачу редакторшца цхьаьна къастийначу къоначу яздархошна юкъахь бу Къилбаседа Кавказан бархI регионера векалш. Оцу 26 стагах  пхиъ дакъалацархо Нохчийчуьра ву.

Кху шарахь Къилбаседа Кавказан къоначу яздархойн 7-чу Кхеташонехь Нохчийчоьнан векалалла дийр ду (кхул хьалха а цигахь дакъалаьцначу) кхузаманан литературехь шайн шатайпа лар йитинчу Умарова Асета, Халимова Фаизас а, шайн похIмица дегайовхо кхуллучу Хадысова Марьяма, Шамаев Увайса, Межидова Фаризас а. Цара массара а лаккхара баллаш яьхна конкурсехь. Билгалъяьккхина Кхеташо дIахьур ю 19-23-чуй сентябрехь ГIалгIайчохь. Цигахь къоначу яздархойн произведенеш йийцаре а йохур ю, литературехь зеделларг долучу говзанчаша цаьрца мастер-классаш а, кхоллараллин суьйренаш а, ешаран сахьташ а вовшах а тухур ду. Оцу Кхеташонехь билгалбевлларш тIаьхьуо Москвахь дIахьонйолчу Россин къоначу яздархойн Кхеташоне дакъалаца  хьовсор бу.

А.ВАХАЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: