Къоман баьччин кхо хаттар

Нохчийн халкъан оьмарехь дуккха а хилла къонахий. ТIаьхьарчу бIешарахь нохчийн халкъо шен цIе йоккхуш хиллачу къонахех цхьаъ ву Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.

Нохчийн халкъана уггаре а кхераме киртиг тIехIоьттича, халкъ оцу кхерамах кIелхьарадаккхархьама шен са дIаделира цо. Са дIаделла а ца Iийра. Дийнна халкъан хьежамаш, ойланаш, харц-кхетамаш хийцира Ахьмад-Хьаьжас. Шен цхьана къамелехь цо элира: «БIеннаш шерашкахь маршонан, паргIатонан дуьхьа тIемаш барх дозалла деш Iийна вай. Вайн наноша вайна аганан иллеш баьхна цIеяхханчу турпалхочун Шайх Мансуран, майрачу Биболатан, кхеравалар девзаш воцчу Зандакъарчу Iаьлбаг-Хьаьжин, оьздачу, доьналлечу Зайтин Шахмирзин, Адин Сурхон хьокъехь…

Вайна Харачойн Зелимхин, Дедин ИсмаьIалан, Бенойн БойсагIаран, гIарабевллачу кхечу нохчийн цIерш тохкура, хIунда аьлча, цкъа а йовр йоцу лар йитина цара халкъан иэсехь.

Вайн мехкан ерриге а истори цкъа а совцуш ца хиллачу гIаттамийн, тIелатарийн, тасадаларийн, цIийIеноран истори ю-кх. Вайн дайн бIаьхаллин хьуьнарш бIаьхаллин Iилманан, исбаьхьаллин говзарийн, фольклоран хазна хуьлий дIахIуьттуш дара. Иза баккъал а иштта хилла ду. Цунах вай дозалла а дина. Вайн дайн, дедайн бIаьхаллин сийлалла ю иза. Цу тIехь дуккха а тIаьхьенаш кхиийна вай. Царах цхьаъ со а ву.

Лекхахинволчун лаамца нохчийн халкъана хьалхавала дезна сан, цуьнан дахарехь уггаре а чолхечу муьрехь, нохчийн къам дуьсур ду я хIаллакьхир ду боху гIуллакх къасточу киртигехь. Цундела суна вайн бакъо ю аьлла хетта шуьга хаттар дан.

Хьалхара хаттар:

Хаддаза и берриге а тIемаш, гIаттамаш бича вайна, нохчашна хIун кхаьчна оццул бакхий баланаш, Iазапаш, халонаш лайна долчу, таханлера де тIекхаччалц ловш а долчу?

ШолгIа хаттар:

Муьлхарниг ву вайх вайн къоман турпалхойн кешнаш мичахь ду хаьа суна аьлла, дозалла дан йиш йолуш, цара динчу сийлахь-дезачу гIуллакхашна баркалла олуш, цкъа мукъане а уьш дагалаца церан кешнашка ваханарг?

КхоалгIа хаттар:

Вайн дайша бIешерашкахь сатийсинчу маршоне а, дозуш цахиларе а кхача Лекхахинволчо а, историс а, эххар а башха аьтто бича, вай хIун дира АллахIа бинчу къинхетамах а, нохчийн халкъан тоьллачу кIентийн а, йоIарийн а майраллех, доьналлех, хьуьнарех?

Суна хаьа, цхьанна а луур дац оцу хаттаршна жоьпаш дала. ХIунда аьлча, оцу хаттаршна жоьпаш дала ваьллачун бакъдерг дийца дезар ду. Къаьхьа бакъдерг. Бакъдергидуьйцуш хилча вай ала деза тахана вай хьоьгуш болу бала вайн тхьамданийн, баьччанийн, вайна хьалхабевлла хиллачеран хьекъале ца хиллачу политикин, царна шайна тIехь хиллачу жоьпаллин мах хууш цахиларан тIаьхье ю.

Уьш даима а ницкъана тIетийжина. Уьш шайн халкъана ирс цIийх юьзначу шаьлтанан буьххьехь дан гIиртина. Юкъараллехь деза лоруш хилла герз, ницкъ, майралла. Уггаре а сий-ларам болуш хилла халкъалахь бIаьхой а, хIайт-аьлла дошлой а. Ишттачу цIарца дахана вай истори юккъе а…

Вешан милитаристски политикица, кхечу халкъашца цхьаьна нийса гIулч йоккхуш дIадаха ца лууш дуьхьал довларца, вай Дала хаьржина ду бохучу харц ойланца вайн халкъ баса йисте кхачийна. Бала-гIайгIа дукха лайначу, чевнаш йиначу, деринчу, хьешначу нохчийн лаьтта тIехь тахана а адамийн цIий ду Iенаш. Вайн ярташ а, гIаланаш а саьлнашкахь Iохку.

Байъинарш а, чевнаш йинарш а эзарнаш бу. Адамийн яххьаш тIера белар дIадаьлла, церан бIаьргашкахь меллаша бовш бу сатийсаман суй, кханенах тешаран суй. Вайна тIехIоьттинарг къоман бохам бац. Вайн къомана тIехIоьттинарг къемат ду. ХIетте а, вайна тIе а даккхий зераш дахкийтинчу АллахIа вайна кхин а цхьа таро елла вайн къам лардан, вайн республика керлачу баккхийчу бохамех ларъян…

Нохчийн кхоллам церан шайн карахь бу. Вай дIакъаста деза хазачу дешнашна, кхайкхамашна тIехьа а лечкъаш, вайн лаьтта тIехь зулам даржош болчарах. Церан, оцу зуламхойн, бандитийн карах кхелхаш бу яртийн дай, маьждигийн имамаш, бакъонаш ларъяран органийн белхахой, Iедалан гIуллакххой…

Иттаннаш бераш байлахь дуьсуш ду, кIентий боцуш буьсуш бу наной, хIусамдай боцуш буьсуш бу хIусамнаной. Оцу тайпана зуламаш дарх истори юханехьа ерзалур яц. Шаьш-шайн лоьлхуьйтучеран могIарш берашца а, зударшца а тIе-м дера дузалур ду. Амма цо зулам даржор доцург, цхьа а дика хIума дийр дац, дикане а кхачор дац.

Цу тайппана зуламаш, бохамаш бохьучеран даррехь я къайлах гIолацар, Нохчийчохь кхидIа а ницкъ баран, халкъ кхерамехь латторан гIолацар ду, хьал карзахдаккхаран гIолацар ду.

Нохчийн халкъана барт оьшу. Синтем оьшу. ЦхьаьнагIуллакхаш дар а оьшу. Республикин политикин дахарехь, юкъраллин дахарехь синтем хилийтарехьа, хьал лартIе далорехьа цхьаьна гIуллакхаш дар, ницкъаш цхьаьнатохар оьшу. Калашниковн автоматан а, Макаровн тапчанан а метта вай караэца беза журналистийн къолам а, тIулгботтархочун гIирс а, пхьеран жIов а, ахархочун нох а…

Боккхачу ножан гIаш дерачу мохо санна, дуьне мел ду кхолламан мехаша дIасакхийсина вай. Нохчийчоь а йитина дIабахана болчаьрга, кху сохьтехь уьш миччахь белахь а, ас кхайкхам бо: цIа дуьйла. Нохчийчоьнна оьшу шун къинхьегамах доьлла куьйгаш, шун ира хьекъаал, шун болатан лаам, собар.

КхоалгIачу эзар шаре гIулч яьккхинчу вайна тIехь ду дIаяханчу хенахь дийлийтинчу гIалатех дIакъастар. Кхин мехаллаш ю вайн хила езаш ерш. Кхин Iалашонаш ю вай вайна хьалхахIитто езаш ерш. Республика меттахIоттор дIадоладала деза вайх хIора а хийцаваларна, вайн дог-ойла хийцаяларна, хьежамаш хийцабаларна тIера…». (А.-Хь.Кадыров. «Выбор пути, агIонаш 166 – 168).

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин оцу кхайкхамехь вайна къеггина го иза халкъ машаран новкъа даккха, Нохчийчуьра тIом гуттаренна а дIабаккха гIодаюкъ йихкина араваьлла хилар а, ша юьхьарлаьцначу некъа тIера иза дIахьовзо, дIаваккха хIокху дуьненахь ницкъ цахилар а. АллахI воцучух цхьаннах озалуш хилла воцу иза халкъ цхьаьнатоха, шен Даймахка цIадерзо лууш вара.

Цундела бира цо дуьне ма-дду дIасабаханчу нохчашка кхайкхам а. Нохчийчохь бен уьш нохчий хилла буьсур боцийла хаьара цунна, шайн ненан мотт а хууш, дайн Iадаташ а, халкъан оьзда гIиллакхаш а лардеш. Эзарнаш, эзарнаш нохчаша къобалдира Ахьмад-Хьаьжас бохург. Уьш кхийтира «тIамо воI веш цахиларх, воI вуьйш хиларх».

И кица шен хенахь кест-кеста далош Iедал дара А-Хь.Кадыровн. Юха тIетухура: «Дика ду. Кхин 5–10 шарахь тIом бийр бу вай, цхьа а маьIна доцу. Кхин а дуккха а адамаш лийр ду вайн. Стенна оьшу иза? Хьанна оьшу иза?.. Делла дIадовла хIунда гIерта вай, кхидолу халкъаш даха гIертачу хенахь?». Мел бакъ лийна иза!

Кадыров Ахьмад-Хьаьжина нохчийн халкъ кхуьийла, дебийла, зовкхе, ирсе, маьрша дехийла лаьара. ТIом бан Iемина ца Iаш, майра хилла ца Iаш, вай хьекъале, хьикмате, говза хила лаьара. Вай доьшийла, Iилманаш карадерзадойла лаьара. Вай бусалба хуьлийла лаьара. Цуьнан дуьхьа шен са дIаделира цо. И дицдан бакъо яц вайн. Цкъа а. Цунах вай кхетар ду лакхахь цо хIоттийна кхо хаттар дагахь латтадахь.

Д.ХАСАНОВ 

№64, пIераска, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: