«Хьехархо, уггаре а хьалха, ша Iамош долчу берийн доттагI хила веза»

Бераш, иштта аьлла хеташ ю Аюбова Малика, экаме а, шатайпа ойла яр долуш а, шайн дуьненахь дехаш а хуьлу. Церан ойланаш а, церан хаттарш а хуьлу шайх терра – берийн. Цаьрца болх бийриг а дог-кIеда, церан маттах кхеташ хила веза аьлла хета.

Ша Iамош долчу берашца иштта ю-кх Ленински кIоштан Берийн кхоллараллин цIийнехь берашна прикладни искусство Iамош йолу Аюбова Малика.

Цуьнца къамеле ваьлча а хетало, дахаран хало а, цуьнан чам а хааза долчу, хIинц-хIинца даха Iемаш долчу бере ладугIуш санна.

Оццул цIеначу ойланца, бераш даггара дезарца, цаьрца йоккхуш йолчу хенах марзо оьцуш схьайогIуш ю Малика. Шуьйтара ю иза. 15 шо кхаччалц Калугин областерчу Медынцево юьртахь Iаш бара церан доьзал. Цигахь яхара иза хьалхарчу классе деша а. Кхечу къоман берашна школехь хIара хийра ца хетара. Дика доьшура Маликас. Дика дешарал сов, школехь дIахьош хиллачу кхоллараллин цхьаьнакхетаршкахь а, конкурсашкахь а жигара дакъалоцура цо.

Нохчийчоь шен дай баьхна латта дуйла хууш хиллачу Маликас дукха жима йолуш дуьйна сатуьйсура Даймахке. Цуьнан 15 шо дара, церан доьзал Нохчийчу цIабоьрзучу хенахь. Грозненски кIоштарчу Долинскехь баха хиира МаликагIеран доьзал. Циггахь чекхъяьккхира цо школа а. Куьйгаца болх бар хазахеташ хилла йолу Малика школехь дешна яьллачул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу №22 йолчу училище бедарштегаран говзалла караерзо яхара.

2009-чу шарахь иза Соьлжа-ГIалин кIоштан Культурин цIийне хормейстеран балха кхайкхира. Цига балха яханчул тIаьхьа, Соьлжа-ГIаларчу культурин а, искусствон а колледже халкъан исбаьхьаллин кхоллараллин факультетан заочни отделене деша яхара. Иза а кхиамца чекхъяьккхира цо. Ша Iамийначунна тIехь саца дагахь яцара Малика.

Иза Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан музыкин отделене деша яхара. Берашна йиш лакха а, хелха бовла а Iамо лууш йолчу цунна оьшуш дешар дара иза. Цунах дика кхеташ йолчу Маликас дуккха а хIума Iамийра шена университетехь. Ленински кIоштан Берийн кхоллараллин цIийне вокалан хьехархочун балха яхара. Берийн кхоллараллин цIа а, цигара коллектив а, цигахь Iемаш долу бераш а хьалхарчу дийнахь дуьйна цуьнан даго тIеийцира, цара а, шайн гергара стаг санна, тIелецира Малика.

Дукха хан ца ийшира Маликина берашца гергарло таса. Йоццачу хенахь дIаийра цунах бераш. Вайна ма-хаъара, берашна вокалан говзалла Iамо атта дац. Малике хаьттича, берашна керланиг Iаморехь уггаре а коьртаниг, цкъа хьалха оцу берийн доттагI хила везар ду.

Иштта, вокалан кружокехь бераш Iамош цхьана шарахь гергга болх бира цо. Цул тIаьхьа прикладни искусствон кружокан куьйгалхо хIоттийра Малика. Тайп-тайпана хIуманаш ян Iамадо цо берашна. Цуьнца самукъа а долу берийн. Ша Iамош долчу берашца кIоштийн а, гIалин а, республикин а конкурсашкахь дакъалоцу цо. Цигахь хIоразза а совгIатан меттиг ца йоккхуш а ца юьсу цуьнан кружокера берийн тоба.

Маликин амалехь уггаре а диканиг, иза оцу берийн хенара церан накъост а, доттагI а хуьлий, шен болх самукъа а долуш цо бар ду. И бахьана хир ду-кх цунна ша хаьржина некъ даггара безаран…

З.ЛОРСАНОВА

№64, пIераска, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: