Хууш ма-хиллара, дукха хан йоццуш республикин Берийн библиотекехь Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна леринчу берийн суьртийн конкурсан жамIаш даран цхьаьнакхетар хиллера.

Оцу конкурсехь уггаре а тоьлла хиллачу суьртийн «Соьлжа-ГIалин селхане, тахане, кхане» гайтам схьабиллира цигахь хIокху деношкахь. Ешархоша дакъалаьцна а ца Iаш, церан наной а баьхкинера цига.
Библиотекин куьйгалло хаийтира Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна леринчу гайтамца Нохчийн Республикин ерриге а кIоштийн берийн библиотекашка шаьш кхача лерина хилар. Оцу гайтаман мехаллех дешнаш а олуш, йистхилира библиотекин директор Сайдумова Зулай.
– Вайна ма-хаъара, Соьлжа-ГIалин 200 шо кхача йисинарг башха дукха хан а яц. Берийн бIаьргашкахула церан суьрташка хьаьжча хаало, суртдилларе марзо хилла а ца Iаш, шаьш дехачу, шайна хьоме йолчу Соьлжа-ГIалин патриоташ а уьш хилар. Вайн гIалин историн агIонаш тIехь тIеман хиламаш а бу. Вайн бахархоша Iаьвшина а ца Iаш, Соьлжа-ГIалано цаьрца цхьаьна бийкъира и бала. Кхузахь вовшахтухуш болчу гайтамашка хьаьжча, вайн гIалина лерина гайтам уггаре а мехалчух цхьаъ хета суна. Билгалбаьккхинчу гайтамца вайн республикин кIошташка а даха дагахь ду тхо. Соьлжа-ГIалина лерина дехкина долу суьрташ вайн кIошташкарчу хIора а берийн библиотекехь ешархошна гича дика хир ду, – бохура цо.
Цул тIаьхьа, библиотекин белхахочо Кагерманова Ларисас доцца дийцира Соьлжа-ГIалин исторех лаьцна. Ешархоша лерина ладуьйгIира цуьнга. Ткъа цхьана ешархочо Амаева Хедас Соьлжа-ГIалина лерина йолу байт йийшира цигахь.
Берийн белхаш боцург а, гайтаме дехкина дара хьалхалерчу Соьлжа-ГIалин суьрташ. Библиотекин директоран заместитела Хожаева Дешис дийцарехь, кегийчу ешархошна таханлера Соьлжа-ГIала евзина а ца Iаш, царна вайн гIалин селхане муха хилла а хаийтаран Iалашонца вовшахтоьхна дара и суьрташ.
Герггарчу хенахь буьйлалур бу библиотекин белхахой оцу гайтамца кIошташкахула дIасабахьа.
З.КУНТАЕВА
№64, пIераска, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2017 шо