Ерригроссин «Шеран доьзал» конкурсан жамIаш дина

Ерригроссин «Шеран доьзал» конкурсан вовшахтохараллин комитето хаам бо 2017-чу шеран конкурсан жамIаш дина хиларан хьокъехь. Россин Федерацехь доьзалан политикин пачхьалкхан Концепци кхочушъяран гурашкахь конкурс 2015-чу шарахь дуьйна дIахьош ю. Бинчу бартаца нийса а догIуш, 2025-гIа шо кхаччалц хIора шарахь дIахьур ю иза.

Конкурс вовшахтоьхна Россин къинхьегаман министерствос а, дахаран халачу хьелашкахь долчу берийн гIолацаран Фондо а. Россин Федерацин ерриге а субъекташа дакъалецира конкурсехь.

Оцу субъектийн куьйгалхойн я церан хьалхарчу заместителийн тергонца дIаяьхьира иза. Конкурс дIаяхьарехь хIора регионна доьзал кхолларехь, юкъараллехь доьзалан сий-пусар даран ламасташ довзийтарехь зеделлачух пайдаийцира.

Россин Федерацин 85 субъектара 322 заявка кхаьчнера конкурсан вовшахтохараллин комитете, царах 37 субъектерчу векалша конкурсан 5 номинацехь дакъалецира, 18 регионерчу доьзалша – 4 номинацехь, 14 регионерчу доьзалша – 14 номенацехь, 6 регионерчу доьзалша – 2 номенацехь, 10 регионерчу доьзалша – 1 номинацехь.

«Дукха бераш долу доьзал» номинаце заявкаш чуелларг 75 доьзал бара, «Къона доьзал» номинацехула конкурсехь дакъалоцуш 60 доьзал бара, ткъа «Юьртара доьзал» номинацехула – 59 доьзал, «Россин дашо доьзал» номинацехула – 57 доьзал. «Доьзал – ламасташ лардархо» номинацехь – 71 доьзало дакъалецира.

Ерригроссин «Шеран доьзал» конкурсехь дакъалецира Нохчийн Республикерчу доьзало а. ЭльдаровгIеран Мусан а, Тамусин а доьзало толаман меттиг яьккхира. ЭльдаровгIара толаман меттиг яьккхина «Доьзал – ламасташ лардархо» номинацехь.

Толаман меттигаш яьхна доьзалш Москва кхайкхина кху шеран гурахь дIахьон долчу Ерригроссин «Шеран доьзал» конкурсан даздаршка. Кегийрхой кхетош-кхиоран Iалашонца вовшахтухучу балха тIехь цхьаьнакхетаршка, конкурсашка, фестивалашка и санна болу доьзалш кхойкхуш, церан дахаран масалех пайдаэцийтар тIедиллина хIора регионан куьйгаллина.

Цул сов, «Россин 2017-чу шеран доьзал» Сийлаллин книга арахоьцур ю. Цу тIехь хир ю толаман меттигаш яьхначу доьзалех лаьцна дуьйцуш йолу материалаш.

Оха, редакцин белхахоша, газетан рогIерчу цхьана номерехь довзуьйтур ду ЭльдаровгIеран доьзалх лаьцна тхайна хиънарг.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№64, пIераска, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: